Skip to content
Opens in a new window

[1] ТӀаккха берриг а исраилхой, гул а белла, Дауд волчу Хьеврон-гӀала баьхкира. Цара элира Дауде: «Тхо хьан дегӀ а, цӀий а ду.

[2] ДӀаяханчу хенахь, Шаул паччахь волуш дуьйна а, тӀамехь исраилхой кӀелхьарбохура ахьа. Хьан Везачу Дала элира хьоьга: „Дауд, хьо хир ву Сан Исраилан халкъан Ӏу. Хьо хир ву Сан Исраилан халкъан баьчча“».

[3] ТӀаккха Исраил-махкара берриг а къаной Дауд волчу Хьевроне баьхкира. Ткъа Дауда Хьевронехь къаношца барт бира Везачу Элана хьалха. Къаноша Дауд Исраил-мехкан паччахь хилар дӀакхайкхийра, Шамъал-пайхамарехула Дала ма-аллара.

[4] Шеца берриг исраилхой а буьгуш, Дауд Ярушалайме вахара. Оцу заманахь Ярушалаймах Явсай-гӀала олура. Ткъа цигахь Ӏаш болчу нахах явсайхой олура.

[5] ТӀаккха явсайхоша Дауде элира: «Тхан гӀали чу вогӀур вац хьо». Амма Дауда дӀалецира церан Цийон-гӀалин гӀап. Оцу меттигах цул тӀаьхьа Даудан гӀала элира.

[6] Дауда аьллера: «Уггар хьалха тӀе а летта, явсайхой хӀаллакбиннарг тӀемалойн баьчча а, коьрта хьаькам а хир ву». ТӀаккха Царуятан кӀант Йоаб массарал а хьалха явсайхошна тӀелетира. Иштта цунах хилира берриг а тӀемалойн коьрта хьаькам.

[7] Дауд цу чӀагӀйинчу гӀали чохь ваха охьахиира, цундела цу гӀаланах «Даудан гӀала» элира.

[8] Цу гӀалина гонах гобаьккхина гӀишлош дӀахӀиттийра Дауда. Уьш дӀахӀиттийнера Милло олучу гу тӀера дуьйна, гӀалина гонах долчу пенашна тӀе кхаччалц. Ткъа гӀалара важа йолу гӀишлош Йоаба тӀейинера.

[9] Даудан ницкъ кхин а хьалаболуш лаьттара, массо а ницкъийн Веза Эла цуьнца хиларна.

[10] Иштта Даудан тӀемалошна юкъахь а бара къаьсттина майра нах. Ерриг а Даудан пачхьалкхехь болчу исраилхошца, дика накъосталла а деш, Везачу Эло ма-аллара, цуьнан Исраил-махка тӀехь долу паччахьалла чӀагӀдеш бара уьш.

[11] ТӀамехь тӀемалошна юкъахь шайн майраллица къаьстинчеран цӀераш иштта яра: Ткъе иттанна юкъара коьртаниг вара Хьахманин кӀант ЯшбаӀам. ЯшбаӀама цхьана тӀеман къовсамехь кхо бӀе стаг вийнера шен гоьмукъца.

[12] Цул тӀаьхьа вара ахьохьахо волчу Додин кӀант ЭлиӀазар, иза майрачу кхаанна юкъахь а майраниг вара.

[13] ЭлиӀазар вара цкъа Даудаца пӀелаштамхой тӀом бан тӀегулбеллачу Пасдамим олучу меттигехь. Цу арахь бийна мукх бара. Цигара исраилхой, пӀелаштамхойх кхера а белла, дӀабевддера.

[14] ЭлиӀазара, шен тӀемалошца дӀа а хӀоьттина, и аре ларъеш, тӀом бира. Цара толам баьккхира пӀелаштамхошна тӀехь. Везачу Эло иштта доккха-деза кӀелхьардовлар делира исраилхошна.

[15] Оцу ткъе итт баьччанна юкъара кхин кхо турпалхо, Дауд волчу тарх тӀе а ваьлла, Ӏадулам олучу хьехана чу велира. Ткъа пӀелаштамхой репахойн тогӀи олучу меттигехь бара.

[16] Цу хенахь Дауд шен чӀагӀонан меттигехь вара, ткъа пӀелаштамхошна ха деш болу тӀемалой Байтлахам-гӀалахь бара.

[17] Дауд чӀогӀа хьогах вара. ТӀаккха цо элира: «Байтлахам-гӀалин кевнера гӀу чуьра хи цхьаммо малор делахьара суна!»

[18] ТӀаккха майра кхо тӀемало, пӀелаштамхойн меттаматтехула чекх а ваьлла, Байтлахаман цу кевнехь йолчу гӀу чуьра хи а эцна, иза Даудана а дахьаш, схьавеара. Амма Даудана и хи мала ца лиира. Цо и хи, сагӀина санна, Везачу Элана хьалха лаьтта охьадоьттира.

[19] ТӀаккха Дауд-паччахьо элира: «Веза Эла, иза дарх ларвелахь со! Шайн синош ца кхоийначу кху къонахийн цӀий мер дара ткъа аса?» ХӀунда аьлча, шайн дахарна кхерам боллушехь, деанера цара и хи. Цундела ца лиира Дауд-паччахьна и хи мала. Иштта хӀума динера оцу майрачу кхаа тӀемалочо.

[20] Йоабан ваша Абушай вара оцу кхаа тӀемалочунна юкъахь коьртаниг. Абушайс шен гоьмукъца кхо бӀе мостагӀа вийнера. Оцу кхаа турпалхочунна юкъахь иза лараме верг вара.

[21] Оцу кхаанна юкъахь гӀараваьлла вара Абушай. Иза церан баьчча а хилира, амма вукху уггар майрачу кхаа тӀемалочуьнга ца кхочура Абушай.

[22] ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу шен майраллица а, ша дечу гӀуллакхашца а чӀогӀа гӀараваьлла стаг вара. Иза ша Къабциал-юьртара вара. Оцу БенъяхӀус Муаби-махкара гӀараваьлла волу ши баьчча вийнера. Цкъа, ло диллинчу хенахь, цо, саьнгар чу а ваьлла, цу чохь лом дийнера.

[23] Пхи дол хиллал лекха а волуш, онда дегӀ а долуш волу мисархо а вийра БенъяхӀус кхин а. КӀади деш йолчу чорхан гӀуркх санна, чӀогӀа беза а, беха а болуш гоьмукъ бара оцу мисархочун карахь. Ткъа БенъяхӀус, карахь гӀаж а йолуш, мисархочунна тӀе а вахана, катоьхна цуьнгара и гоьмукъ схьа а баьккхина, оцу мисархочун шен гоьмукъца вийра иза.

[24] Иштта гӀуллакхаш динера ЯхӀу-ЯдаӀан кӀанта БенъяхӀус. И важа кхо турпалхо санна, гӀараваьлла вара БенъяхӀу а.

[25] Иза а оцу майрачу ткъе итт тӀемалочунна юкъахь гӀараваьлла вара, амма кхаа турпалхочунна юкъа ца вогӀура БенъяхӀу. Дауда шен ха деш болчарна юкъахь коьртаниг вина дӀахӀоттийнера БенъяхӀу.

[26] Ткъа коьрта волу ткъе итт тӀемало хӀара вара: Йоабан ваша ӀасахӀал, Байтлахам-гӀалара Додин кӀант Элхьанан,

[27] ХӀарар-гӀалара Шамати, пеланхо волу Хьелац,

[28] такхоӀхо волчу Ӏакхешан кӀант Ӏира, Ӏанатотхо Абу-Ӏезар,

[29] хьушатхо волу Субахи, ахьохьахо Ӏилай,

[30] натӀупатхо Махьран, натӀупатхо волу БаӀнин кӀант Хьалид,

[31] Ребин кӀант Ита, бен-яманхойн ГебаӀ-гӀалара волу, пӀарӀатунхо волу БенъяхӀу,

[32] ГаӀаш-тогӀенашкара Хьурай, Ӏарбатера Абуал,

[33] бахьрумхо Ӏазмават, шаӀалбанхо Элияхьба,

[34] гизанхо волчу ХӀашеман кӀентий, ШагӀин кӀант ЯхӀуната, хӀарархо волу,

[35] хӀарархо волчу Сакаран кӀант Ахьиам, Урин кӀант ЭлипӀал,

[36] Махерат-гӀалара Хьепар, пеланхо АхьъяхӀу,

[37] кармалхо волу Хьецари, Эзбайн кӀант НаӀрай,

[38] Натин ваша Юал, ХӀагиран кӀант Мибхьар,

[39] Ӏамминхо Цалакх, баировтхо Нахьрай, Царуятан кӀентан Йоабан герз лелош верг,

[40] итархо волу Ӏира, итархо ГӀараб,

[41] хьетахо УръяхӀу, Ахьлайн кӀант Забад,

[42] ша раабанхо волу а, раабанхой болчу тӀемалойн коьртехь волу а Шизин кӀант Ӏадна. Цуьнан а вара кхин ткъе итт тӀемало.

[43] Кхин а МаӀхин кӀант Хьанан, матнахо волу Яшпати,

[44] Ӏаштаратхо волу Ӏуззи, ӀаруӀерхо волчу Хьотаман кӀентий: ШамаӀ, ЯӀиал,

[45] Шимрин кӀант ЕдиӀаал, тайцахо волу цуьнан ваша Йохьа,

[46] Махьвим-гӀалара Элиал, ЭлнаӀаман кӀентий Ярибай, Юшав-ЯхӀу, иштта муабахо волу Итма,

[47] мецабайхой болу Элиал, Ӏабади, ЯӀсаал.

ДӀаихначу шерашкахь хиллачух лаьцна дӀаяздина хьалхара тептар — Chapters