Skip to content
Opens in a new window

[1] Бен-Яманан дуьххьарлера кӀант вара БулаӀ, шолгӀаниг – Ашбели, ткъа кхозлагӀниг – Ахьарахьи.

[2] Цуьнан воьалгӀа кӀант вара Нухьа, пхоьалгӀаниг – Рапа.

[3] БулаӀан кӀентий хӀорш бара: Адар, Гери, АбихӀуд,

[4] АбишуӀ, НаӀаман, Ахьохь,

[5] Гери, Шапупан, Хьурам.

[6] Ахьудан тӀаьхье хӀара яра (ГибаӀ-гӀалара Манахьат-гӀала дӀабигна болчу доьзалийн баьччанаш бара уьш):

[7] НаӀаман, АхьъяхӀу, Гери. Гери ву уьш кхечу гӀала баха дӀабигина хилларг. Герин кӀентий бара Ӏузи а, АхьъяхӀуд а.

[8] Хьушим а, БаӀарат а цӀераш йолу шен зударий дӀа а бахийтина, Муаби-махкахь вехаш вара Шахьарайм. Цу хенахь цуьнан кӀентий хилира.

[9] Иштта цуьнан зудчо Хьудаша бира кӀентий: Ябаб, Цивъя, МешаӀ, Малкам,

[10] ЯӀуца, Шахи-ЯхӀу, Мирами. Уьш доьзалийн баьччанаш хилла болу Шахьарайман кӀентий бара.

[11] Хьушима цунна бина кӀентий хӀорш бара: Абитуб, Эли-ПаӀал.

[12] Эли-ПаӀалан кӀентий хӀорш бара: Ӏебар, МишиӀам, Шемад. Шемада дӀахӀоттийра Овну а, Лодди а гӀаланаш а, цаьрца йоьзна йолу ярташ а.

[13] Иштта БериӀ а, ШемаӀ а Айлон-гӀаларчу бахархойн доьзалийн баьччанаш бара. Цара Гати-гӀалара бахархой дӀалелхийнера.

[14] Ахьъю, Шашакх, Еримати,

[15] Забди-ЯхӀу, Ӏарод, Ӏедар,

[16] Микаал, Ишпа, Йохьа – уьш берриш а БериӀан кӀентий бара.

[17] Забди-ЯхӀу, Машулим, Хьузакх, Хьебар,

[18] Ишмарай, Изли-ЯхӀу, Ябаб – Эли-ПаӀалан кӀентий бара.

[19] Якъим, Зикра, Завади,

[20] Эли-Ӏенай, Цилтай, Элиал,

[21] Ӏади-ЯхӀу, Бира-ЯхӀу, Шимрати бара ШамаӀин кӀентий.

[22] Ишпани, Ӏебар, Элиал,

[23] Ӏабдани, Зикра, Хьанан,

[24] Хьанан-ЯхӀу, Ӏейлам, Ӏантут-ЯхӀу,

[25] Ипад-ЯхӀу, Пенуал бара Шашакхан кӀентий.

[26] Шамширай, Шахьар-ЯхӀу, Ӏатал-ЯхӀу,

[27] ЯӀриш-ЯхӀу, Эли-ЯхӀу, Зикра бара Ярохьаман кӀентий.

[28] Уьш, шайн доьзалийн баьччанаш а болуш, тукхамийн цӀераш дӀаязъеш долчу тептаршка хьаьжжина, куьйгалхой бара. Ярушалаймехь бехаш бара уьш.

[29] Ткъа ГавӀон-гӀалахь вехаш вара ГавӀон-гӀала дӀахӀоттийна волу ЯӀиал. Цуьнан зудчун цӀе МаӀха яра.

[30] ЯӀиалан дуьххьарлера кӀант Ӏабдани вара. Цул тӀаьхьа хилира Цура, Къуша, БаӀал, Нер, Надаб,

[31] Гадур, Ахьъю, Захир,

[32] Микхлут. Микхлутан кӀант вара Шема. Уьш шайн вежаршна уллохь Ярушалаймехь бехаш бара.

[33] Къуша Неран кӀант вара. Къушин кӀант вара Шаул. ЯхӀуната а, МалкишаӀ а, Абинадаб а, ЭшбаӀал а бара Шаулан кӀентий.

[34] ЯхӀунатин кӀант вара Мариб-БаӀал. Ткъа Мариб-БаӀалан кӀант вара Мика.

[35] Микин кӀентий хӀорш бара: Питун, Малик, ТаираӀ, Ахьаз.

[36] ЯхӀу-Ӏада Ахьазан кӀант вара. ЯхӀу-Ӏадин кӀентий бара Ӏаламат, Ӏазмават, Зимари. Зимарин кӀант вара Муца.

[37] Муцин кӀант вара БинӀа. Цуьнан кӀант вара Репа. Репин кӀант вара ЭлиӀаса. Ацала ЭлиӀасан кӀант вара.

[38] Ацалин ялх кӀант вара. Церан цӀераш хӀорш яра: Ӏазрикхам, Бохру, ИсмаьӀал, ШаӀар-ЯхӀу, Ӏабди-ЯхӀу, Хьанан. Уьш берриш а Ацалин кӀентий бара.

[39] Ацалин вешин Ӏешакхан кӀентий хӀорш бара: дуьххьарлера кӀант Улам, шолгӀаниг ЕӀуш, ткъа кхозлагӀниг Эли-Пулат.

[40] Уламан кӀентий, секхаӀодаца пхерчий а кхуьссуш, дика тӀемалой бара. Церан дуккха а кӀентий а, кӀентийн кӀентий а хилира. Уьш цхьа бӀе шовзткъе итт стаг вара. Кхузахь дӀаязбина болу берриш а Бен-Яманан тӀаьхьенах схьабевллера.

ДӀаихначу шерашкахь хиллачух лаьцна дӀаяздина хьалхара тептар — Chapters