Skip to content
Opens in a new window

[1] Хьеврон-гӀалахь Даудана динчу берийн цӀераш хӀорш ю: Даудан дуьххьарлера кӀант Амнан израӀалхо йолчу АхьнуӀмата вина вара. ШолгӀа кӀант Даниал кармалхо йолчу АбигӀала вина вара.

[2] КхоалгӀа кӀант Абушалам Гешурахь паччахь волчу Талмайн йоӀа МаӀхас вина вара. ВоьалгӀа кӀант Адан-ЯхӀу Хьагата вина вара.

[3] Даудан пхоьалгӀа кӀант Шапат-ЯхӀу Абиталис вина вара. ЙолхалгӀа кӀант ИтраӀам ӀагӀлата вина вара. Иза, вуьш санна, Даудан зуда яра.

[4] Даудан и ялхе а кӀант Хьевронехь вина вара. Цигахь Дауда ворхӀ шарахь а, ялх баттахь а паччахьалла дира. Ярушалаймехь Дауда ткъе кхойтта шарахь паччахьалла дира.

[5] Даудан Ярушалаймехь хилла долу бераш хӀорш ду: Ӏамиалан йоӀа Бат-ШабаӀа диъ бер дира: ШимӀа, Шубаб, Ната, Сулим.

[6] Кхин а исс кӀант хилира Даудан: Ибхьар, Эли-ШуӀа, Эли-Пулат,

[7] НугӀахӀи, Непаг, ЯпияӀ,

[8] Эли-ШамаӀ, ЭлидаӀ, Эли-Пулат.

[9] Уьш берриш а Даудан кӀентий бара. ГӀарбаш-зударша бина кхин а кӀентий бара Даудан. Тамара церан массеран а йиша яра.

[10] Сулиман кӀант хилира РахьбуӀам. РахьбуӀаман кӀант хилира Аби-ЯхӀу. Цуьнан кӀант хилира Аса. Ткъа Асин кӀант ЯхӀушапти.

[11] ЯхӀушаптин кӀант хилира ЯхӀурам. ЯхӀураман хилира кӀант Ахьаз-ЯхӀу. Ахьаз-ЯхӀун хилира кӀант Юаш.

[12] Юашан кӀант хилира Амци-ЯхӀу. Ӏазар-ЯхӀу Амци-ЯхӀун кӀант хилира. Ӏазар-ЯхӀун кӀант хилира Йовтам.

[13] Йовтаман кӀант хилира Ахьаз. Хьузакх-ЯхӀу хилира Ахьазан кӀант. Хьузакх-ЯхӀун кӀант Маннаш хилира.

[14] Маннашан кӀант Амин хилира. Аминан кӀант Юши-ЯхӀу хилира.

[15] Юши-ЯхӀун кӀентий хӀорш бара: дуьххьарлера кӀант – Йохьан, шолгӀаниг – ЯхӀу-Якхам, кхозлагӀниг – ЦӀадукъ-ЯхӀу, ткъа воьалгӀаниг – Шалум.

[16] ЯхӀу-Якхаман кӀентий бара: ЯхӀу-Яхин, ЦӀадукъ-ЯхӀу.

[17] Йийсаре дӀавигина хиллачу ЯхӀу-Яхинан кӀентий бара: Шалтаал,

[18] Малкирам, Пади-ЯхӀу, Шаниацар, Якхам-ЯхӀу, ХӀушмаӀ, Надиб-ЯхӀу.

[19] Пади-ЯхӀун кӀентий бара: Зурбабел, ШамаӀи. Зурбабелан кӀентий бара: Машулим, Хьанан-ЯхӀу. Шаламат церан йиша хилла.

[20] Зурбабелан кхин а пхи кӀант хилира. Церан цӀераш яра: Хьашба, ОхӀал, Берех-ЯхӀу, Хьасди-ЯхӀу, Юшаб-Хьесад.

[21] Хьанан-ЯхӀун кӀентий бара: Палти-ЯхӀу, ЯшаӀ-ЯхӀу. Рапи-ЯхӀу вара ЯшаӀ-ЯхӀун кӀант. Рапи-ЯхӀун кӀант вара Арнан. Арнанан кӀант вара Ӏабди-ЯхӀу. Шахан-ЯхӀу Ӏабди-ЯхӀун кӀант вара.

[22] Шахан-ЯхӀун кӀант вара ШамӀа-ЯхӀу. Ткъа ШамӀа-ЯхӀун кӀентий бара: Хьатуш, ИгӀал, Баръяхьи, НаӀар-ЯхӀу, Шапти. Уьш ялхе а цуьнан кӀентий а, кӀентан кӀентий а бара.

[23] НаӀар-ЯхӀун хилира кӀентий: ЭлъюӀинай, Хьузакх-ЯхӀу, Ӏазрикхам. Уьш верриг а кхо кӀант хилла.

[24] ЭлъюӀинайн кӀентий хилира: ХӀудав-ЯхӀу, Элишуб, Пали-ЯхӀу, Ӏакхуби, Йохьан, Дали-ЯхӀу, Ӏанани. Уьш верриг а ворхӀ кӀант вара.

ДӀаихначу шерашкахь хиллачух лаьцна дӀаяздина хьалхара тептар — Chapters