Skip to content
Opens in a new window

[1] Кевнашкахь гӀарол дан дӀахӀиттийнарш хӀорш бара: кхорахьахойх – Кхурин кӀант Мишлам-ЯхӀу. Иза Асайпан тӀаьхьенах вара.

[2] Мишлам-ЯхӀун кӀентий хӀорш бара: дуьххьарлера доьзалхо Закри-ЯхӀу, шолгӀаниг – ЕдиӀаал, кхоалгӀаниг – Забди-ЯхӀу, воьалгӀаниг – Ятниал,

[3] пхоьалгӀаниг – Ӏейлам, йолхалгӀаниг – ЯхӀу-Хьана, ворхӀалгӀаниг – Эли-ЯхӀу-Ӏейни.

[4] Ӏабади-Эдоман кӀентий хӀорш бара: дуьххьарлера кӀант ШамӀа-ЯхӀу, шолгӀаниг – ЯхӀу-Забди, кхоалгӀаниг – Юахьи, воьалгӀаниг – Сакар, пхоьалгӀаниг – Натунаил,

[5] йолхалгӀаниг – Ӏамиал, ворхӀалгӀаниг – Иссархан, борхӀалгӀаниг – ПаӀултай. Дала декъалвинера Ӏабади-Эдом.

[6] ПаӀултайн кӀентан ШамӀа-ЯхӀун а бара кӀентий. Уьш говза нах хилла дела, шайн доьзалшкахь баьччанаш бара уьш.

[7] ШамӀа-ЯхӀун кӀентий хӀорш бара: Ӏотни, Рапиал, Ӏабади, Эли-Забда. Цуьнан гергара нах а бара говза нах. Уьш бара ЭлихӀу, Симах-ЯхӀу.

[8] Уьш берриш а Ӏабади-Эдоман кӀентех схьабевллера. Шайна тӀедиллина гӀуллакх дан говза а болуш, иза кхочуш а деш, нах бара уьш а, церан кӀентий а, вежарий а. Уьш Ӏабади-Эдоман тӀаьхьенах схьаваьлла волу кхузткъе итт стаг вара.

[9] Мишлам-ЯхӀун кӀентий а, вежарий а шайн гӀуллакх дан говза волу берхӀитта стаг вара.

[10] Мерарихо волчу Хьосин кӀентий хӀорш бара: коьртаниг – Шимра (дуьххьарлера доьзалхо воццушехь, дас коьртаниг вина дӀахӀоттийнера иза),

[11] шолгӀаниг – Хьалкхи-ЯхӀу, кхоалгӀаниг – ТӀабал-ЯхӀу, воьалгӀаниг – Закри-ЯхӀу. Хьосин берриг кӀентий а, вежарий а кхойтта стаг вара.

[12] Шайн доьзалийн баьччанашка хьаьжжина, екъна йолчу гӀаролхойн оцу тобанашна, церан гергарчарна санна, тӀедиллинера Везачу Элан цӀийнан кертахь гӀуллакхаш дар.

[13] Шайн доьзалшка хьаьжжина, цара жимачо а, воккхачо санна, кхаж тесира, хӀора кевнехь гӀарол дар хьанна кхочу хьожуш.

[14] Иштта Шалам-ЯхӀун кхаж белира малхбалехьа долчу кевнехь гӀарол дан. Хьекъале хьехамча волчу цуьнан кӀантана Закри-ЯхӀуна а тесира кхаж. Цунна кхечира къилбаседехьарчу кевнехь гӀарол дар.

[15] Ӏабади-Эдомна – къилбехьарчу кевнехь, ткъа цуьнан кӀенташна чӀоьнан цӀеношна ха дан кхаж белира.

[16] Шупаймна а, Хьосина а – малхбузехьарчу кевнехь а, лакхарчу урамехь долчу Шалихат-кевнехь а гӀарол дан кхаж белира. ГӀаролхойн цхьана тобано вукху тобанна тӀаьхьа гӀарол дора.

[17] Малхбалехьа – хӀора денна ялх левихо, къилбаседехьа – хӀора денна виъ, къилбехьа – виъ, чӀоьнан цӀеношкахь шишша левихо дӀахӀоттавора хӀора дийнахь.

[18] Малхбузехьа йолчу кертана тӀебоьдучу некъа тӀехь – виъ, ткъа оцу кертахь ши левихо дӀахӀоттийра.

[19] Иштта дара Кхорахьан а, Мерарин а тӀаьхьенан Везачу Элан цӀийнан кевнехь ха дан дӀахӀоттор.

[20] Ткъа церан вежарий болу левихой Делан цӀийнан хазна а, Далла гӀуллакх деш къастийна йолчу хӀуманийн хазна а ларъеш бара.

[21] ГӀиршанан кӀентан ЛаӀданан тӀаьхьенан доьзалийн баьчча вара Яхьи-Эла.

[22] Яхьи-Элан кӀентий хилира Зетам а, цуьнан ваша Юал а. Уьш Везачу Элан цӀийнан хазна ларъярна тӀехь куьйгалла деш бара.

[23] Ӏамраман а, Ицхьаран а, Хьевронан а, Ӏузиалан а тӀаьхьенашна а дара тӀедехкина гӀуллакхаш.

[24] Мусан кӀентан ГӀиршаман кӀант Шубиал хазнаш ларъеш болчийн коьрта тӀехьожург вара.

[25] ГӀиршаман вешин ЭлиӀазаран кӀант вара Рехьаб-ЯхӀу. Рехьаб-ЯхӀун кӀант вара ЯшаӀ-ЯхӀу. Цуьнан кӀант вара Йорам. Йораман кӀант вара Зикра. Зикрин кӀант вара Шалумати.

[26] Шалуматис а, цуьнан вежарша а Дауд-паччахьо а, доьзалийн баьччанаша а, тӀеман коьрта хьаькамаша а, тӀеман хьаькамаша а, эскаран кхиболчу куьйгалхоша а Далла дечу гӀуллакхна дӀакъастийна хӀуманаш чохь йолчу массо а хазнийн Ӏуналла дора.

[27] Шаьш тӀамехь схьаяьккхинчу хӀонсах цхьа дакъа Везачу Элан цӀенна оьшучунна дӀакъастадора цара.

[28] Шамъал-пайхамаро а, Къушин кӀанта Шаула а, Неран кӀанта Абунара а, Царуятан кӀанта Йоаба а Везачу Элана лерина дӀаделла массо хӀума а Шалуматин а, цуьнан вежарийн а карахь дара.

[29] Ицхьаран тӀаьхьенах болу Ханан-ЯхӀу а, цуьнан кӀентий а билгалбехира Делан цӀийнан арахьара гӀуллакхаш дан. Уьш исраилхошна тӀехь сардалш а, кхелахой а бара.

[30] Хьевронан тӀаьхьенах болчу Хьашби-ЯхӀус а, цуьнан вежарша а – говза волчу цхьа эзар ворхӀ бӀе стага – Йордан-хин малхбузехьа долчу Исраил-мехкан латтанашкахь Везачу Элана лерина а, паччахьна а массо а тайпана гӀуллакхаш дора.

[31] Доьзалийн цӀераш дӀаязйинчу тептаршка хьаьжжина, Хьевронан тӀаьхьенах волу Яри-ЯхӀу хьевронхойн баьчча вара. Дауда паччахьалла до шовзткъалгӀа шо долуш тептарш толлура. Цу хенахь хьевронхошна юкъахь говза нах карийра ГалӀад-махкарчу ЯӀзир-гӀалахь.

[32] Яри-ЯхӀун вежарий а говза нах бара. Уьш ши эзар ворхӀ бӀе стаг вара. Шайн доьзалшкахь баьччанаш бара уьш. Делан а, паччахьан а массо гӀуллакх а дойтуш, Раабанан а, Гадин а тайпанашна а, Маннашан ахтайпанна а тӀехь, коьртанаш а бина, дӀахӀиттийра Дауд-паччахьо уьш.

ДӀаихначу шерашкахь хиллачух лаьцна дӀаяздина хьалхара тептар — Chapters