Skip to content
Opens in a new window

[1] Шен цӀеношкахь ша вехаш Ӏачу хенахь, Дауда Ната-пайхамаре элира: «Гой хьуна, со баганан дечигах динчу паччахьан цӀа чохь Ӏаш ву, ткъа Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ четар бухахь лаьтташ ду».

[2] Натас Дауде элира: «Хьайна дан дагадеанарг дерриг а кхочушде, хӀунда аьлча Дела хьоьца ву».

[3] Амма цу буссехь Натига Делан дош кхечира:

[4] «Ваха а гӀой, Сан лай волчу Дауде дӀаала, Везачу Эло иштта боху алий: „Суна чохь Ӏан цӀа ахь дийр дац,

[5] хӀунда аьлча Исраилан халкъ Аса арадаьккхинчу хенахь дуьйна таханлера де тӀекхаччалц цӀа чохь Ӏар а доцуш, цхьана четар чуьра вукху четар чу а, цхьана меттера вукху метте а волуш, ваьлла лелара Со.

[6] Исраилан халкъаца Со миччахьахула а лелачу хенахь халкъан тайпанашкара цхьаьнгге а, Сайн къомана тӀехь Ӏуналла дан Айса къобалвинчу куьйгалхочуьнга, хаьттиний ткъа Аса: ‘Аша Суна баганан дечигах цӀа хӀунда ца до?’ – аьлла.

[7] Ткъа хӀинца, ваха а гӀой, Сан лай волчу Дауде дӀаала, массо а ницкъийн Везачу Эло цуьнга боху алий: ‘Аса хьо, уьстагӀий дажош волчуьра схьа а валийна, Сайн Исраилан халкъана тӀехь баьчча хӀоттийна.

[8] Хьо миччахьа вахча а, Со массо а хенахь хьоьца хилла. Массо а хьан мостагӀий Аса хӀаллакбина. Аса дуьнен тӀехь сийлахь болчарна юкъахь а къаьсттина хьан сий хьаладоккхур ду.

[9] Аса Сайн Исраилан халкъана меттиг билгалйоккхур а ю, орамат санна, иза дугӀур а ду, шен долахь йолу меттиг цуьнан хилийта а, цуьнга кхин са ца гатдайта а. Зуламечу наха уьш кхин хьийзор бац, юьхьанца санна,

[10] мехкан куьйгалхой Сан къомана тӀехь Аса къобалбинчу хенахь дуьйна иза ма-хиллара. Аса хьан массо а мостагӀий кӀелбуьтур бу. Аса хаам бо хьоьга, Веза Эла волчу Айса хьуна хьан тӀаьхьенах цӀа дийр ду аьлла.

[11] Хьан денош чекх а девлла, хьо хьан дай болчу дӀакхелхинчул тӀаьхьа, Аса меттахӀоттор ду хьан хӀу, хьан тӀаьхьенах цхьаъ паччахь а вина. Цуьнан паччахьалла чӀагӀдийр ду Аса.

[12] Цо Суна лерина цӀа дийр ду, ткъа Аса иза а, цунах схьабевлларш а абаденналц шайн паччахьан даржехь чӀагӀбийр бу.

[13] Со цуьнан да хир ву, иза Сан кӀант хир ву. Амма Сайн цуьнга болу безам Аса дӀабоккхур бац, хьол хьалха хиллачуьнга Сайн хилла безам Аса дӀабаьккхинехь а.

[14] Сайн халкъана тӀехь а, Сайн пачхьалкхана тӀехь а абаденналц дӀахӀоттор ву Аса иза. Цуьнан паччахьалла гуттаренна а чӀагӀдина хир ду’“».

[15] Дерриг и дешнаш а, шена хӀоьттина сурт а Натас ма-дарра дӀадийцира Дауде.

[16] ТӀаккха Дауд-паччахьо, ваха а вахана, Везачу Элана хьалха дӀа а хӀоьттина, элира: «Со а мила вара, ва Веза Дела, сан цӀа а хӀун яра, Ахьа цу тайпана со даржехь лакхаваккхал?

[17] Хьуна-м иза а кӀезиг хетта, ва Дела! Ахьа Хьайн лай волчун цӀийнах хиндерг а схьадийци. Со цхьа сийлахь-доккха адам долуш санна хьоьжу Хьо соьга, Веза Дела!

[18] Кхин хӀун эр ду Хьоьга Дауда, Ахь Хьайн лай волчун сий лакхадаккхар бахьана долуш? Хьуна вевза-кх Хьайн лай!

[19] Веза Эла! Хьан лай волчун дуьхьа, Хьайн деган лаамца и даккхий хӀуманаш дина-кх Ахьа, и шадерг нахана дӀа а довзуьйтуш.

[20] Хьоьца нисван цхьа а стаг вац, Веза Эла, ткъа Хьо воцург Дела а вац, тхайн лергашна тхуна схьа-ма-хаззара.

[21] Мичахь ду Хьан санна долу къам? Мичахь ду Исраилан санна долу халкъ? Шен дуьхьа Дела араваьлла долу къам дуьнен чохь цхьаъ бен дац. Дела аравелира, Шена и къам мехах схьаэцархьама а, Шен цӀе айархьама а, уьш бахьана долуш даккхий а, инзаре а гӀуллакхаш дархьама а. Айхьа Мисар-махкара мехах паргӀатдаьккхина долчу Хьайн къомана хьалхара важа къаьмнаш дӀалохкура Ахьа.

[22] Ахьа Исраилан къомах массо а ханна Хьайн долахь долу къам дира, ткъа Хьо, Веза Эла, церан Дела хилла дӀахӀоьттира.

[23] Ткъа хӀинца, Веза Эла, Айхьа Хьайн лай волчу сох а, сан цӀийнах а лаьцна аьлла долу дош абаденналц чӀагӀдина хилийтахьа. Айхьа аьлларг кхочушдехьа,

[24] иза билггал хилийтархьама а, массо а тӀейогӀун йолчу ханна Хьан цӀе язъяйтархьама а. ТӀаккха наха эр ду: „Массо а ницкъийн Веза Эла, Исраилан халкъана тӀехь волу Дела – Иза Исраилан халкъехьа волу Дела ву!“ Иштта Хьан лай волчу Даудан цӀа Хьуна хьалха чӀагӀделла лаьттар ду!

[25] Ткъа Ахьа, сан Дела, Хьайн лай волчу суна дӀадилли, Айхьа суна цӀа дийриг хилар. Цундела Хьан лай волу со ваьхьира Хьуна хьалха хӀара доӀа дан.

[26] Ва Веза Эла, Хьо Дела ма ву! Ткъа Хьайн лай волчунна иштта дика дан ваӀда дина Ахьа!

[27] Хьан лай волчун тӀаьхье декъалъехьа, иза массо а ханна а Хьайна хьалха хилийтархьама. Веза Эла волчу Ахьа сан цӀа декъал ма дина, цундела иза массо а хенахь декъал хир ду».

ДӀаихначу шерашкахь хиллачух лаьцна дӀаяздина хьалхара тептар — Chapters