Skip to content
Opens in a new window

[1] Иштта ю АхӀаронан тӀаьхьенах схьаевлла тобанаш. АхӀаронан кӀентий хилира Надаб, АбихӀу, ЭлиӀазар, Итамар.

[2] Надаб а, АбихӀу а шайн дел хьалха дӀакхелхинера. Церан кӀентий ца хилира, цундела динан дай санна гӀуллакх деш ЭлиӀазар а, Итамар а вара.

[3] Дауда а, ЭлиӀазаран тӀаьхьенах волчу ЦӀадукъас а, Итамаран тӀаьхьенах волчу Ахьи-Малика а тобанашкахь дӀасабийкъира уьш, царна тӀедехкинчу гӀуллакхашка хьаьжжина.

[4] ЭлиӀазаран тӀаьхьенан юкъара болу баьччанаш Итамаран тӀаьхьенна юкъара болчарал совбевлира. Цундела уьш иштта дӀасабийкъира: ЭлиӀазаран тӀаьхьенах ялхитта доьзалийн баьчча, ткъа Итамаран тӀаьхьенах – бархӀ баьчча схьахаьржира.

[5] Уьш кхаж тасарца тобанашкахь дӀасабийкъира, хӀунда аьлча Далла хьалхахь а, Цуьнан цӀа чохь а гӀуллакх дан дӀахӀиттийна баьччанаш ЭлиӀазаран а, Итамаран а тӀаьхьенех хилла.

[6] Уьш дӀаязбеш вара Натунаилан кӀант ШамӀа-ЯхӀу. Иза левихойх схьаваьлла йозанча вара. Паччахьна а, баьччанашна а, динан дена ЦӀадукъина а, Абу-ЯтӀарин кӀантана Ахьи-Маликана а, динан дайн а, левихойн а доьзалийн баьччанашна а хьалха уьш дӀаязбеш вара ШамӀа-ЯхӀу. Кхаж тосучу хенахь, цкъа хьалха цхьа доьзал ЭлиӀазаран тӀаьхьенах, тӀаккха Итамаран тӀаьхьенах схьахоржура цара.

[7] Хьалхара кхаж ЯхӀу-Ярибан белира, шолгӀаниг – ЯдаӀ-ЯхӀун,

[8] кхоалгӀаниг – Хьармин, боьалгӀаниг – СаӀуриман,

[9] пхоьалгӀаниг – Малки-ЯхӀун, йолхалгӀаниг – Мияманан,

[10] ворхӀалгӀаниг – Къоцин, борхӀалгӀаниг – Аби-ЯхӀун,

[11] уьссалгӀаниг – ЮшаӀан, уьтталгӀаниг – Шахан-ЯхӀун,

[12] цхьайтталгӀаниг – Элишубан, шуьйтталгӀаниг – Якъиман,

[13] кхойтталгӀаниг – Хьупайн, бейтталгӀаниг Яшаб-Абун,

[14] пхуьйтталгӀаниг – Билгин, ялхитталгӀаниг – Амиран,

[15] вуьрхӀитталгӀаниг – Хьецаран, берхӀитталгӀаниг – Хьапицацан,

[16] ткъайоьсналгӀаниг – Патахь-ЯхӀун, ткъолгӀаниг – Яхьазкхиалан,

[17] ткъе цхьалгӀаниг – Якинан, ткъе шолгӀаниг – Гамулан,

[18] ткъе кхоалгӀаниг – Дали-ЯхӀун, ткъе боьалгӀаниг – МаӀаз-ЯхӀун.

[19] Исраилан халкъан Везачу Дала, тӀе а дуьллуш, церан дегахула АхӀаронехула билгал-ма-даккхара, Везачу Элан цӀа чохь гӀуллакх дан уьш боьлхучу хенахь, иштта рагӀ яра церан.

[20] Бисинчу левихойн тӀаьхьенах йолчу тобанийн баьччанаш хӀорш бара: Ӏамраман тӀаьхьенан баьчча хилира Шубиал; Шубиалан тӀаьхьенан – Яхьди-ЯхӀу;

[21] Рехьаб-ЯхӀун тӀаьхьенан хьалхарниг вара Йоши-ЯхӀу;

[22] Ицхьархойх баьчча хилира Шалумат; Шалуматин тӀаьхьенан – Яхьат;

[23] Хьевронан тӀаьхьенах хьалхарниг хилира Яри-ЯхӀу, шолгӀаниг – Амар-ЯхӀу, кхоалгӀаниг – Яхьазиал, воьалгӀаниг – ЕкхамӀам;

[24] Ӏузиалан тӀаьхьенах волчу Микин тӀаьхьенах – Шамир.

[25] Микин ваша волчу Йоши-ЯхӀун тӀаьхьенах – Закри-ЯхӀу;

[26] Мерарин кӀентий бара: Махьли, Мушхьи, ЯӀзи-ЯхӀу.

[27] Мерарин кӀант волчу ЯӀзи-ЯхӀун тӀаьхьенан баьччанаш хилира: ШухӀам, Закхур, Ӏебар.

[28] Махьлин тӀаьхьенан – ЭлиӀазар. ЭлиӀазаран кӀентий бацара.

[29] Къушин тӀаьхьенан – Ярахьмиал.

[30] Мушхьин кӀентий бара: Махьли, Ӏедар, Еримати. Иштта ю левихойн тӀаьхьенаш, шайн доьзалшка хьаьжжина.

[31] Цара а, АхӀаронах схьабевллачу шайн вежарша санна, Дауд-паччахьна а, ЦӀадукъина а, Ахьи-Маликана а, динан дайн а, левихойн а доьзалийн баьччанашна а хьалха кхаж тосура. Доьзалан баьччано а, шен жимаха волчу вашас санна, кхаж тосура.

ДӀаихначу шерашкахь хиллачух лаьцна дӀаяздина хьалхара тептар — Chapters