Skip to content
Opens in a new window

[1] Цора-гӀалин паччахьо Хьирама геланчаш хьажийна хилла Даудана тӀе, цаьрца баганан дечиг а дохьуьйтуш, тӀулг буттурш а, дечиган пхьераш а бохуьйтуш, цаьрга Даудана паччахьан цӀа дайтархьама.

[2] ТӀаккха кхийтира Дауд, Везачу Эло ша исраилхойн паччахьан даржехь чӀагӀвинийла а, Цо хаьржина долчу Исраилан халкъан дуьхьа шен паччахьалла чӀогӀа айинийла а.

[3] Ярушалаймехь волуш, Дауда шена кхин а зударий балийра. Кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира цуьнан.

[4] Даудана Ярушалаймехь динчу берийн цӀераш иштта яра: ШамуӀ, Шубаб, Ната, Сулим,

[5] Ибхьар, Эли-ШуӀа, Эли-Палати

[6] НугӀахӀи, Непаг, ЯпияӀ,

[7] Эли-ШамаӀ, БаӀал-ЯдаӀ, Эли-Пулат.

[8] ПӀелаштамхошна Дауд дерриг а Исраилан халкъана тӀехь паччахь хила къобалвинийла дӀахиъча, уьш берриш а иза лаха арабевлира. Ткъа Дауд, шена и хезча, царна дуьхьалвала аравелира.

[9] Ткъа пӀелаштамхой, схьа а баьхкина, Репайм олучу тогӀи чохь нахана тӀелетира.

[10] ТӀаккха Дауда Деле хаьттира: «Со пӀелаштамхошна дуьхьал вала мегий? Ахьа уьш сан кара схьалур буй те?» – аьлла. Везачу Эло жоп делира: «Мега. Аса уьш хьан кара дӀалур бу», – аьлла.

[11] Уьш БаӀал-Паруциме бахара, цигахь Дауда пӀелаштамхой эшийра. Дауда элира: «Дистина тӀедогӀучу хино санна, Везачу Эло дӀабехира сан мостагӀий сан куьйгахула». Цундела цу меттигна, БаӀал-Паруцим аьлла, цӀе тиллира (иза «хи тӀедаларан олахо» бохург ду).

[12] ПӀелаштамхоша цигахь шайн деланаш битира, ткъа Дауда, омра а дина, уьш цӀергахь багабайтира.

[13] Юха а пӀелаштамхой, баьхкина, тогӀи чохь болчу нахана тӀелетира.

[14] Дауда кхин цкъа а Везачу Эле хаттар дира, ткъа Дала цунна жоп делира: «Нийсса царна дуьхьал ара ма вала. ТӀехьахула тӀе а гӀой, комарийн дитташ долчу агӀор царна тӀелата.

[15] Хьайна, комарийн диттийн баххьашкахула цхьаъ дӀавоьдуш санна, гӀовгӀа хазахь, тӀом бан аравала. Цунах хьуна хуур ду, Дела, хьуна хьалха а ваьлла, пӀелаштамхойн эскар хӀаллакдан воьдийла».

[16] Дауда Везачу Эло шена тӀедиллинарг кхочушдира. Цара пӀелаштамхойн эскар ГавӀон-гӀалара дуьйна ГӀазар-гӀалина тӀекхаччалц хӀаллакдира.

[17] Иштта, массо а мехкашкахула цӀе яхара Даудан. Массо а халкъаш цунах кхоьруш дӀахӀиттийна хилла Везачу Эло.

ДӀаихначу шерашкахь хиллачух лаьцна дӀаяздина хьалхара тептар — Chapters