[1] Цхьа хан яьлча, Ӏамминхойн паччахь волу Нахьаш велира. Нахьашан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Хьануни.
[2] Дауда элира: «Нахьаш соьца дика хилла дела, со а цуьнан кӀантаца дика хир ву». Цо шен ялхой бахийтира Хьанунига кадам бан, цуьнан велла да бахьана долуш. Даудан ялхой Ӏамминхойн махка Хьануни волчу баьхкира, кадам бархьама.
[3] Амма Ӏамминхойн элаша шайн олахочуьнга элира: «Хьуна баккъалла-м ца моьтту, Дауда хьан дега шен хилла болу ларам бахьана долуш бахкийтина хьуна тӀе хӀара догъоьцурш? ХӀан-хӀан, уьш баьхкина, хьан махкахь дерг дикка талла а теллина, цул тӀаьхьа иза бохо дагахь».
[4] Хьанунис, Даудан ялхой схьа а лецна, хӀораннан а месаш дӀаешира, цул тӀаьхьа, царна тӀера бедарш вареш тӀе кхаччалц дӀа а хедийна, уьш дӀахийцира.
[5] Цхьаболчу геланчаша, дӀа а бахана, оцу нахах лаьцна хабар Даудана тӀедаьхьча, шен ялхошна дуьхьал нах бахийтира Дауда, уьш чӀогӀа юьхьӀаьржачу хӀиттийна хилла дела. Паччахьо цаьрга хабар дахьийтира: «Шайн мажош яхъяллалц Ерихонехь совца. Цул тӀаьхьа цӀа догӀур ду шу», – аьлла.
[6] Шаьш Даудана, лаьхьанна тоьхна гӀаж санна, боьха хетийла хиъча, Ӏамминхоша а, Хьанунис а ши эзар пунт дети дахьийтира Арам-НахӀарайма а, Арам-МаӀха а, Цоба-махка а, цигара гӀудалкхаш а, дошлой а шайна лацархьама.
[7] Иштта, ткъе шийтта эзар гӀудалкх а, МаӀхин паччахь а цуьнан эскарца мехах лецира шайна Ӏамминхоша. ХӀорш схьабаьхкича, Мейдеба-гӀалина уллохь меттамотт дӀахӀоттийра. Ӏамминхой, шайн гӀаланашкара схьа а гулбелла, тӀом бан арабевлира.
[8] Шена иза дӀахезча, Дауда Йоаб вахийтира цига, цуьнца доьналла долу берриг а тӀемалой а болуш.
[9] Ӏамминхой, гӀалин кертара ара а бевлла, тӀамана кечбелла кевнехь дӀахӀиттира. Ткъа схьабаьхкина болу паччахьаш шерачу аренгахь юьстахбевлла лаьтташ бара.
[10] МостагӀчун эскарийн могӀарш шена тӀехьа а, хьалха а дӀахӀиттина гича, Йоаба исраилхошна юкъара уггар тоьлла болу тӀемалой арамхошна дуьхьалбехира.
[11] Кхиболу эскархой цо шен вешин Абушайн кара дӀабелира, ткъа цо уьш Ӏамминхошна дуьхьалбехира.
[12] Йоаба Абушайга элира: «Арамхоша со эшочу далахь, ахьа суна гӀо дийр ду, нагахь санна Ӏамминхоша хьо эшош хилахь, аса хьоьгахьа гӀо доккхур ду.
[13] Доьналла долуш хила. Майра лаьттар ду вай, Исраилан халкъ а, вайн Делан гӀаланаш а ларъеш. Ткъа Везачу Эло Шен лаам берг дийр ду».
[14] Йоаб шен эскарца арамхошна тӀелетира, ткъа вуьш цунах бевдда дӀабахара.
[15] Шайна арамхой дӀауьдуш гича, Йоабан веших Абушайх бевдда, гӀала дӀабахара Ӏамминхой. Юха а вирзина, Йоаб Ярушалайме схьавеара.
[16] Шаьш исраилхоша эшийна хилар гича, арамхоша геланчаш а бахийтина, Эпрат-хил дехьа агӀор Ӏаш болу арамхой арабехира. Царна куьйгалла дира ХӀадад-Ӏезаран тӀеман хьаькам волчу Шупака.
[17] И хаам шега кхаьчча, Дауд, массо а исраилхо вовшах а тоьхна, Йордан-хих дехьавелира. ТӀаккха, арамхой болчу а веана, царна дуьхьал дӀахӀоьттира Дауд. Уьш вовшахлетира.
[18] Амма арамхой исраилхойх бевдда дӀабахара. Церан гӀудалкхех Дауда ворхӀ эзар йохийра, ткъа гӀашлойх шовзткъа эзар стаг а вийра. Дауда иштта арамхойн тӀеман хьаькам волу Шупак а вийра.
[19] Шаьш исраилхоша эшош хилар гича, ХӀадад-Ӏезаран куьйга кӀел хиллачара Даудаца барт бира, уьш цунна къера а хилира. Ткъа арамхой кхин цкъа а ца хӀуттура Ӏамминхошна гӀо дан.