Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 9:05

[1] Сатосучу хенахь, Ӏуьйре тӀеярца, динан коьртачу дайша а, Ӏелам наха а, ерриге а коьртачу кхеташонехь мел болчара а гулам бира. Оцу гуламо, сацам а бина, Ӏийса дӀа а вихкина, Пулате дӀавелира.

[2] Пулата хаьттира Цуьнга: «Хьо жуьгтийн къоман Паччахь ву?» – аьлла. Ткъа Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Ахь боху-кх иза».

[3] Динан коьртачу дайша дуккха а хӀуманна тӀехь бехке вора Ӏийса.

[4] Пулата юха а хаьттира Цуьнга: «Ахь цхьа а жоп ма ца ло? Хьажал, Хьуна дуьхьал мел дукха бехкаш балабо».

[5] Амма Ӏийсас оцу хаттарна кхин цхьа а жоп ца делира, ткъа Пулат цунах чӀогӀа цецвуьйлура.

[6] ХӀора Пасахьан дезачу дийнахь чубоьхкинчарах цхьаъ, шега веххнарг, арахоьцура Пулата халкъана.

[7] ХӀетахь цхьа хьенех вара, Барраб цӀе а йолуш. Шен накъосташца Ӏедална дуьхьал адам карзахдаьллачу хенахь, цо стаг верна, иза чувоьллинера.

[8] ТӀаккха гулделлачу халкъо, маьхьарий а хьоькхуш, хӀинццалц санна тутмакхех цхьаъ дӀахецар дийхира Пулате.

[9] Цо дуьхьал хаьттира цаьрга: «Ас жуьгтийн къоман Паччахь дӀавала лаьий шуна?» – аьлла.

[10] ХӀунда аьлча Пулатана хаьара, динан коьртачу дайша Ӏийса шайн Цуьнга хьагӀ йолу дела дӀавеллий.

[11] Амма динан коьртачу дайша халкъ иракарахӀоттийнера, царна Барраб дӀахецар гӀоле хетийтархьама.

[12] Пулата юха а, жоп луш, элира цаьрга: «Ткъа аш жуьгтийн къоман Паччахь ву бохучунна хӀун дан лаьа шуна ас?»

[13] Цара цо бохучунна дуьхьал маьхьарий хьаькхира: «ЖӀарах дӀатоха Иза!» – аьлла.

[14] Пулата хаьттира цаьрга: «ХӀунда? Цо хӀун зулам дина те?» Амма наха кхин а чӀогӀа маьхьарий хьоькхура: «ЖӀарах дӀатоха Иза!» – бохуш.

[15] ТӀаккха Пулата, халкъана луург а деш, Барраб дӀахецийтира. Ткъа Ӏийса, шед а еттийтина, тӀемалойн кара дӀавелира жӀарах дӀатохийтархьама.

[16] ТӀемалоша, Ӏийса керта а ваьккхина, йоккха, кхел кхайкхочу гӀишло чу а вигна, тӀемалойн ерриге а тоба гулйира.

[17] ТӀаккха Цунна тӀе цӀен оба а кхоьллина, коканийн коьллех кочар а дина, иза Ӏийсан коьрта тӀе диллира.

[18] Цул тӀаьхьа, Ӏийса беларца «декъалвеш», цара бохура: «Декъала хуьлда жуьгтийн къоман Паччахь!»

[19] ТӀаккха Цуьнан коьртах Ӏаса а етташ, Цунна тӀе туйнаш деттара цара. Цул тӀаьхьа, гора а хӀиттина, корта беттаран сурт хӀоттадора Цунна хьалха.

[20] Шаьш Ӏийса аьшнаш вина бевлча, Цунна тӀера цӀен духар дӀа а даьккхина, Шен хӀуманаш тӀеюьйхира цара. ТӀаккха жӀарах дӀатоха дӀавигира Ӏийса.

[21] ТӀаккха шен кха тӀера вогӀу, Искандаран а, Рупан а да волу Къуринара ШамӀа а сацийна, цуьнга Ӏийсан жӀаран бӀогӀам дӀабахьийтира цара.

[22] Ӏийса «Галгатхьа» олучу метте схьавалийра цара (иза «туьтанан меттиг» бохург ду).

[23] Ярийн муттанца эдина чагӀар дала гӀоьртира уьш Цунна, амма Ӏийсас иза ца мелира.

[24] Ӏийса жӀарах дӀатуьйхира. ТӀемалоша, кхаж а тесна, Цуьнан хӀуманаш вовшашлахь йийкъира.

[25] УьссалгӀа сахьт дара Ӏийса жӀарах дӀатухучу хенахь.

[26] Иза стенна бехке ву билгалдоккхуш, уьнна тӀехь яздинера: «Жуьгтийн къоман Паччахь», – аьлла.

[27] Ӏийсаца ши талорхо вара жӀарах дӀатоьхна, цхьаъ Цунна аьтту агӀор, важа аьрру агӀор.

[29] Юххехула чекхбовлучара, вон баганаш а етташ, кортош а лестош, бохура Цуьнга: «ХӀай! Делан цӀа доха а дина, кхаа дийнахь дӀахӀоттош верг!

[30] Хьуо кӀелхьара а воккхуш, охьавосса бӀогӀам тӀера».

[31] Царах терра динан коьртачу дайша а, Ӏеламчу наха а, Цунах бела а боьлуш, вовшашка бохура: «Кхиберш кӀелхьара а баьхна, Ша-м кӀелхьара ца ваккхало!

[32] Иза Дала леррина Къобалвинарг а, Исраилан Паччахь а велахь, охьавосса веза-кх хӀинца жӀара тӀера, вайна иза ган а гина, Шех тешийтархьама». Цуьнца дӀатоьхначу талорхоша а сийсазвохура Иза.

[33] Делкъахенахь лаьтта тӀе цӀеххьана бода беара, кхаа сахьтехь лаьттира иза.

[34] Делкъал тӀаьхьа кхо сахьт долучу хенахь, Ӏийсас чӀогӀа мохь туьйхира: «Элой, Элой, лема сабахьтани?» Цу дешнийн маьӀна иштта ду: «Ва Сан Дела! Со хӀунда вити Ахь?»

[35] Генахь боцуш лаьттачара, и хезча, бохура: «Хьажахь, Эли-ЯхӀу-пайхамаре кхойкхуш ву-кх И».

[36] Ткъа цхьаммо ведда, худург кемсийн къонзи чу а Ӏоьттина, иза хьокхана буьххье а йоьллина, Ӏийсага кховдийра, и Цуьнга малийтархьама. «Собар дел, хьовсур ду вай, Эли-ЯхӀу вогӀий те ХӀара жӀаран тӀера дӀаваккха», – элира цо.

[37] Ткъа цу хенахь, чӀогӀа мохь а тоьхна, Ӏийса кхелхира.

[38] ХӀеттахь Делан цӀийнан чохь, уггар езачу чоьнна дуьхьал оьллина кирхьа лакхара дуьйна лаха кхаччалц декъаделира.

[39] Ӏийсана дуьхьал лаьтташ волчу тӀеман хьаькамо, Цо Шен са иштта дӀалуш гича, элира: «И стаг бакъонца Делан КӀант вара».

[40] Геннара хьоьжуш лаьтташ зударий а бара кхузахь: царна юкъахь Магдалера Марем а, жимаха волчу Якъубан а, Юшан а нана Марем а, Шалумат а яра.

[41] Ӏийса Галилай-махкахь волуш, Цунна гӀуллакх деш тӀаьхьахӀиттина бара уьш. Иштта дуккха а Цуьнца цхьаьна Ярушалайме баьхкина болу зударий бара кхузахь.

[42] Иза пӀераскан де дара, Далла лерина шоьтан дийнан хьалхара долу де. Рамат цӀе йолчу гӀалара а волуш, кхеташонехь лоруш волу декъашхо а волуш, ша а Делан Олалле сатуьйсуш а волчу Юсупа, тӀейогӀуш суьйре йолу дела, Пулатана тӀе ваха бӀо а боьлла, Ӏийсан дакъа схьадийхира.

[44] Ӏийса веллий хиъча, Пулата, цецваьлла, тӀеман хьаькам тӀе а кхайкхина, хаьттира цуьнга: «Дукха хан юй И велла?» – аьлла.

[45] ТӀеман хьаькамера хаам хилча, цо дакъа Юсупе дӀадалийтира.

[46] Юсупа, кӀади а эцна, дакъа, жӀара тӀера схьа а даьккхина, кӀади юкъа а хьарчийна, ломах яьккхинчу къубба чу диллира. ТӀаккха къуббанан неӀарна дуьхьал боккха тӀулг карчийра цо.

[47] Ткъа Магдалера Марем а, Юшан нана Марем а Иза дӀа мичахьа вуллу хьоьжуш яра.

Ӏийсас беана, Марка дӀаязбина болу хаза кхаъ — Chapters