Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 6:01

[1] Ӏийса юха а хьекъале дустаршца хьехамаш бан волавелира халкъана: «Цхьана стага кемсаш йийна хилла, гонах керт а йина, кертахь мутт даккха ор а кечдина, Ӏуналлина бӀов а хӀоттийна. Уьш лело белхалой а лаьцна, цӀера ваьлла хилла иза.

[2] Кемсаш хуьлу хан тӀекхаьчча, белхалошна тӀе ялхо вахийтина хӀусамдас, шена догӀу кемсийн дакъа схьаэцийта.

[3] Ткъа белхалоша и ялхо, схьа а лаьцна, етта а йиттина, ваьсса дӀахьажийна.

[4] ХӀусамдас кхин а цхьа ялхо вахийтина, амма цара коьртах тӀулгаш а диттина, сийсаз а вина, дӀавахийтина иза а.

[5] Юха а кхиверг вахийтина цо, амма иза вийна, кхин цига мел хьажийначарна белхалоша я еттара цара, я бойура уьш.

[6] Кхин вахийта цхьа а ца висина, тӀаьххьара а шен хьоме кӀант хьажийна цига хӀусамдас, шен дагахь: „Сан кӀанте-м ларам хир ма бу церан“, – аьлла.

[7] Ткъа белхалоша вовшашлахь сацам бина: „Иза хин волу хӀусамда ву, вай иза вуьйр ву, тӀаккха цуьнан бахам вайна буьсур бу“.

[8] Цара иза, схьа а лаьцна, вен а вийна, кемсийн бешара кхоьссина дӀаваьккхина.

[9] Ткъа хӀинца хӀун дийр ду хӀусамдас? Ван а веана, и белхалой байа а байина, кхечаьрга дӀалур ю-кх кемсийн беш.

[10] Делан Йозанаш тӀехь ца дешна те аш цунах лаьцна: „ГӀишло еш, пхьераша дӀакхоьссина тӀулг цӀийнан сонан йистера коьрта тӀулг хилла, дӀахӀоьттина.

[11] Иза Везачу Эло дина ду, вайна гергахь и чӀогӀа инзаре а ду!“»

[12] И дийцар шайна дуьхьал далийна дуй кхетта, Ӏийса лаца аьтто лоьхура динан дайша а, Ӏелам наха а. Амма шаьш нахах кхоьру дела, Иза Ӏад а витина, дӀабахара уьш.

[13] Муьлххачу а дашна тӀехь ваьлла а, Ӏийса галвалахь, Иза лацархьама цхьаболу парушхой а, ХӀарод-паччахьна тӀаьхьа хӀиттина нах а бохуьйту цара Цунна тӀе.

[14] Ткъа тӀебаьхкича, цара хаттар до Ӏийсага: «Устаз! Тхуна хаьа Ахьа бакъдерг дуьйцийла. Наха Хьайна олучух гӀайгӀа беш а вац Хьо, хӀунда аьлча Хьо стеган дарже ца хьожу. Мелхо а, Далла тӀе боьду некъ нийса хьоьху Ахь. Нийса дуй те римхойн паччахьна ял ялар я дац? Ло оха, я ма ло?»

[15] Амма церан мекарло евзаш, Ӏийсас элира цаьрга: «Со стенна зоь аш? Схьадал Соьга цхьа динари ахча, Суна иза гуш хилийта».

[16] Цара ахча схьадеара. ТӀаккха Ӏийсас элира: «Хьенан сурт ду кху тӀехь диллинарг, хьенан цӀе ю язйина?» «Римхойн паччахьан ю-кх», – элира цара Цуьнга.

[17] ТӀаккха Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Делахь паччахьна паччахьна доггӀург дӀало, Далла – Далла доггӀург». Уьш цецбевлла бисира Цуьнан жоьпах.

[18] Цул тӀаьхьа Ӏийсана тӀе цхьаболу садукъой баьхкира. Уьш ца тешара велла стаг денваларх.

[19] Цара хаьттира Ӏийсага: «Устаз! Муса-пайхамаро яздина вайна: „Нагахь стаг велча, цуьнан зуда доьзалхо воцуш йисахь, веллачун вашас и зуда яло еза шен вешин тӀаьхье меттахӀотто“.

[20] ВорхӀ ваша хилла. Хьалхарчо зуда ялийна, амма и лечу хенахь доьзалхо ца хилла цуьнан.

[21] ШолгӀачу вашас йигна и шен веших йиснарг. Иза а велла, кхин доьзалхо а воцуш, изза хилира кхозлагӀчу вешица а.

[22] ВорхӀе а вашас ялийна иза, цхьа а бер доцуш, уьш белла. Эххар и зуда а елла.

[23] Масала, уьш беллачуьра денбеллачу дийнахь, царах хьенан зуда хир ю иза, ворххӀангахь а иза марехь хилла хилча?»

[24] Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Делан Йозанаш ца хааро а, Делан ницкъ ца бовзаро а тиладолуьйтуш дуй те шу?

[25] Беллачуьра денбеллачара зударий а балор бац, маре а гӀур бац, амма стигаларчу маликех тарлур бу уьш.

[26] Ткъа белларш денлург хиларх лаьцна ца дешна аш Муса-пайхамаран тептарш тӀехь, Дала цуьнга коканийн колл йогучу хенахь аьлларг: „Со ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“, – аьлла?

[27] Дела беллачеран Дела вац, амма дийначеран Дела ву! Ткъа шу чӀогӀа тиладелла ду».

[28] Цара дуьйцург а хезна, Ӏийсас шен меттахь жоп далар а гина, Ӏелам нахах цхьаммо, тӀе а веана, хаьттира Цуьнга: «Дала тӀедиллинчу гӀуллакхех уггар коьртаниг муьлха ду?»

[29] Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Царах коьртаниг хӀара ду: „ЛадогӀа, Исраилан халкъ! Вайн Веза Дела – цхьа Веза Эла ву!

[30] Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца а, дерриг а хьекъалца а, берриге а ницкъаца а веза“, И ду коьрта гӀуллакх!

[31] ШолгӀаниг а иштта ду: „Хьайн уллораниг хьо санна веза“. Царал коьртанаш цхьа а дац».

[32] «Хаза эли Ахь», – элира жоьпана дуьхьал Ӏелам стага. «Нийса боху Ахь, Устаз! Дела цхьаъ ву, И воцург кхин Дела вац.

[33] Иза хьайн доггах а веза, доллучу хьекъалца а, боллучу ницкъаца а, хьо санна веза хьайна уллораниг а – иза массо сагӀанал а, цӀий даккхарал а деза ду».

[34] Цу Ӏелам стага хьекъалца жоп далар а гина, Ӏийсас элира цуьнга: «Гена вац хьо Делан Олаллехь Далла уллохь хиларна». Цул тӀаьхьа цхьа а ца хӀоьттира Ӏийсага хаттарш дан.

[35] Кхин дӀа а Делан цӀийнан кертахь хьехамаш беш Ӏийсас элира: «Ӏелам наха хӀунда олу: „Дала леррина Къобалвинарг Даудан кӀант ву“?

[36] Дауда а, ша Делан Синах вуьзначу хенахь, ма аьлла: „Везачу Эло сан Хьалдолчу Эле аьлла: Суна аьтту агӀор охьахаа, Аса Хьан мостагӀий Хьан когашка охьабахккалц“.

[37] Нагахь Дауда а Цунах „Хьалдолу Эла“ аьлча, цуьнан кӀант муха хуьлу И Дала леррина Къобалвинарг?» Массо а адам там хиларца ладугӀуш дара Ӏийсага.

[38] Шен хьехамашкахь Цо бохура: «Базаран майданашкахь шайга маршалла хоттуш хазахеташ болчу, деха духарш а духуш кечлучу Ӏелам нахах ларлолаш.

[39] Царна лаьа гуламан цӀа чохь а, тойнехь а баьрччехь Ӏан.

[40] Цара бисина Ӏан зударий шайн цӀенойх а боху, шаьш гайтархьама деха доӀанаш а до. Амма ишттачарна луьра таӀзар хир ду».

[41] Делан цӀийнан кертахь сагӀа гулдечу хазнина дуьхьал а хиъна, наха сагӀина чутосучу ахчанан тидам беш вара Ӏийса. Дукхахболчу хьолахоша дуккха а дуьллура.

[42] Ткъа цхьа йисина Ӏачу къен зудчо, тӀе а еана, ши жима цӀестан ахча охьадиллира.

[43] Шен мурдаш тӀе а кхайкхина, Ӏийсас элира цаьрга: «Бакъдерг боху шуьга, хӀокху йисна Ӏачу къен зудчо сагӀина делларг массара деллачул а деза ду.

[44] Вукхара шайн хьолах совдаьлларг луш дара, ткъа хӀокхо, шен таро йоццушехь, шен мел дерг а охьадиллира».

Ӏийсас беана, Марка дӀаязбина болу хаза кхаъ — Chapters