[1] Ярушалаймера баьхкина парушхой а, масех Ӏелам стаг а вара Ӏийсана гонах гулвелла.
[2] Цуьнан цхьаболчу мурдаша, куьйгаш цӀандар а доцуш, хӀума юуш гира царна. Ткъа Далла гергахь иза боьха лорура цара.
[3] ХӀунда аьлча, хьалхалера Ӏедале а доьгӀна, парушхоша а, массо а кхечу жуьгташа а, церан Ӏедалехь ма-бохху, куьйгаш цӀандиний бен хӀума ца йоу.
[4] Ткъа шаьш базарара еана хӀума а шатайпана цӀанйиний бен ца йоу. Кхин долу а дуккха а Ӏадаташ леладора цара, масала, кедаш а, гӀумгӀанаш а, йоьза кхабанаш а, мотт-гӀайбеш а цӀанъяр тӀехь.
[5] Цундела парушхоша а, Ӏелам наха а хаьттира Ӏийсага: «Хьан мурдаша, вайн дайша лелийна Ӏадаташ хӀунда ца лору, куьйгаш цӀан а дина, хӀунда ца йоу цара хӀума?» – аьлла.
[6] Ӏийсас элира цаьрга: «Нийса хилла ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамар, ша Делера болу хаам беш. Шух, шалхо лелочарех, яздина ма-хиллара: „ХӀокху адамаша Со багахь лору, ткъа церан дегнаш Суна дукха генахь ду.
[7] Церан ларамах пайда бац, хӀунда аьлча церан хьехамаш Делера бац, уьш адамаша кхоьллина бу“.
[8] Аша, адамийн Ӏадаташ схьа а лаьцна, Дала тӀедехкинарш ца лору».
[9] Кхин а Ӏийсас элира цаьрга: «Шуна хьекъале ду моьтту, Дала тӀедехкинарш а ца лоруш, шайн Ӏадаташна тӀаьхьахӀоттар.
[10] Муса-пайхамаро ма аьлла: „Хьайн дай-наний лара“, ткъа „Шен дена я нанна неӀалт аьлларг вен веза“.
[11] Амма, нагахь стага шен дега-нене: „Сан шуна гӀо дан йиш яц, хӀунда аьлча шуна лерина хилларг ‘кхурбан’ дӀало“ (иза арамхойн маттахь „Далла лерина совгӀат“ бохург ду), – аьлча,
[12] дена-нанна дан дезачух иза кӀелхьарволу бохуш, чӀагӀдо аша.
[13] Делан Дош а ца лоруш, шайн дайша делла Ӏадат лору аш. И тайпа хӀуманаш дукха леладо аша».
[14] ТӀаккха юха а, нах Шена тӀе а кхайкхина, Ӏийсас элира: «ЛадогӀа Соьга массара а, дӀа а лоцуш.
[15] Адамна чу яханчу цхьанна а хӀумано Далла гергахь бехвийр вац стаг. Амма адаман даг чуьра арадолучу сийсазчу хӀумано бехвийр ву иза».
[17] Нах а битина, Ӏийса цӀа чу ваьлча, мурдаша оцу дустарх лаьцна хаьттира Цуьнга.
[18] Ткъа Ӏийсас жоп делира: «Шу а ду те иштта ца кхеташ? Шуна ца го, адамо дууш долчу цхьанна а хӀумано, Далла гергахь бехван йиш йоцийла?
[19] ХӀунда аьлча и тӀеоьцу хӀума, дагах а ца кхеташ, кийрара хьерана чу а йоьдий, тӀаккха чуьра арайолу». (Иштта, юуш йолу хӀума ерриге а Далла гергахь цӀена хилар хаийтира Ӏийсас.)
[20] Кхин а тӀетоьхна элира Цо: «Ткъа адамна чуьра арадолучо иза Далла гергахь бехво.
[21] ХӀунда аьлча кийрара адамийн дегнаш чуьра ца оьшу вон ойланаш а арайовлу, нахаца лелар а, къола дар а, вер а,
[22] ямартло а, ша-шен везар а, мекаралла а, Ӏехор а, лело ца дезарг лелор а, хьегар а, доцург кхоллар а, ша лакхара ларар а, кхетам бацар а.
[23] И дерриге а зулам адамна чуьра ара а долий, цо стаг Далла гергахь бехво».
[24] И меттиг а йитина, Цора олучу гӀалин юххерчу меттигашка вахара Ӏийса. Ша цӀа чу волуш, цхьанна а ца хоуьйтуш ваха лиира Ӏийсана, делахь а хьулвалар ца хилира Цуьнан.
[25] Харцжинаша йоӀ хьийзош йолчу цхьана зудчунна хааделира Ӏийса вар, оцу сохьта схьа а еана, Цуьнан когашка юьйжира и зуда.
[26] Иза Сирийпиникера схьаяьлла йолу грекахо яра. Цо чӀогӀа дехар дира Ӏийсага, шен йоӀана чуьра жин арадаккхахьара аьлла.
[27] Ӏийсас элира цуьнга: «Цкъа хьалха бераш дузадайта, хӀунда аьлча нийса а хир дац берашкара юург, схьа а яьккхина, жӀаьлешна тасар».
[28] Амма зудчо жоп делира Ӏийсага: «Эла, ур-атталла жӀаьлеша а ма доу стоьла кӀел бераша эгийна цуьргаш».
[29] ТӀаккха Ӏийсас элира цуьнга: «Ахьа иштта жоп даларна маршонца цӀа яха мегар ду хьо. Жин арадаьлла хьан йоӀана чуьра».
[30] Ша цӀа йирзича, жин чуьра ара а даьлла, меттахь йижина Ӏаш карийра зудчунна шен йоӀ.
[31] Цора-гӀалина гонахьара меттигашкара ЦӀаданехула а, Иттшахьар-махкахула а Галилай-Ӏомана тӀе веара Ӏийса.
[32] Къора а волуш, лер доьхна а волу стаг Ӏийсана тӀе а валийна, цара дехарш дира, цунна тӀе куьйгаш дахкахьара аьлла.
[33] И стаг схьа а къастийна, жимма дехьа а ваьккхина, цуьнан лергаш чу Шен пӀелгаш дехкира Ӏийсас. ТӀаккха, туй а хьаькхна, цуьнан маттах Ӏотта а велла,
[34] стигала а хьаьжна, доккха са а даьккхина, Ӏийсас элира цуьнга: «Эппатхьа!» (иза «дӀаделлало» бохург ду).
[35] Оцу сохьта вукхунна хаза а хезира, цуьнан мотт дӀа а бастабелла, цӀенна хабар дийца а волавелира иза.
[36] Ӏийсас чӀогӀа тӀедиллира царна, цхьаьнгге а хиллачух лаьцна цадийцар, амма Цо чӀогӀа мел дихки а, уггаре а дукха дуьйцура цунах лаьцна.
[37] Адамаш чӀогӀа инзардаьлла дара, цара олура: «Цо дерриге а дика до. Ур-атталла ца хезачарна хаза а хозуьйту, мотт сецначаьрга хабар а дуьйцуьйту».