[1] Иштта цхьана дийнахь дукха адам гулделлера Ӏийса волчу, ткъа царна яа хӀума яцара. Ӏийсас, Шен мурдаш тӀе а кхайкхина, элира цаьрга:
[2] «Суна къахета оцу нахах, хӀунда аьлча кхо де а ду уьш Соьца болу, ткъа царна яа хӀума яц.
[3] Аса меца дӀабахийтича, новкъахь гӀеллур бу уьш, хӀунда аьлча царах цхьаберш геннара баьхкина бу».
[4] Цуьнан мурдаша жоп делира: «ХӀара адам дузо иштта яьссачу меттехь мичахь карор ду оццул бепиг?»
[5] Ӏийсас хаьттира цаьрга: «Маса бепиг ду шуьгахь?» – аьлла. «ВорхӀ ду», – аьлла, жоп делира цара.
[6] ТӀаккха оцу нахе лаьтта охьаховша а аьлла, и ворхӀ бепиг схьа а эцна, Деле хастаман доӀа а дина, бепиг каг а деш, Шен мурдашка кховдадора Ӏийсас, ткъа вукхара иза нахана доькъура.
[7] Иштта масех жимо чӀара а бара цаьргахь, уьш а, декъалбина, бекъийтира Ӏийсас.
[8] Наха шаьш буззалц хӀума йиира. Дисинчу дакъоша ворхӀ тускар дуьзира.
[9] Ткъа гулделла адам диъ эзар кхоччуш дара. Цул тӀаьхьа Ӏийсас нах дӀабахийтира,
[10] ткъа Ша, сихха Шен мурдашца хинкеман тӀе а хиъна, ДалманутӀа олучу меттигна юххехьа веара.
[11] Цигахь парушхой, тӀе а баьхкина, Ӏийсаца къийса буьйлабелира. Стигалара тамашийна билгало гайта аьлла дехар дира цара Ӏийсага, Иза зерхьама.
[12] Доккха са а даьккхина, Ӏийсас элира: «Тамашийна билгало гайтар хӀунда доьху аш Соьга? Баккъалла а боху шуьга, тамашийна билгало гойтур яц Ас шун тайпанна а».
[13] ТӀаккха, уьш Ӏад а битина, юха а Шен мурдашца хинкеманна тӀе а хиъна, Ӏоман дуьхьаларчу берда тӀе вахара Ӏийса.
[14] Оцу хенахь мурдашна шайна яа хӀума схьаэца дицделлера, хинкеман тӀехь долу цхьа бепиг бен хӀумма а яцара цаьргахь.
[15] Ӏийсас дӀахаийтира цаьрга ишттачу дешнашца: «Хьовсалаш! Парушхойн а, ХӀародан а муьстачу бедах ларлолаш».
[16] ТӀаккха мурдаш вовшашлахь дагабуьйлуш бара, и бохург хӀун ду те бохуш. «Вайгахь бепиг доцу дела боху хьуна Цо вайга иштта», – бохура цара вовшашка.
[17] Цара стенах лаьцна дуьйцу хууш волчу Ӏийсас элира цаьрга: «Стенна дуьйцу аша, шайгахь бепиг дац бохуш? ХӀинца а ца го те шуна, кхета а ца кхета те шу? Дегнаш оццул шагделла те шун?
[18] БӀаьргаш боллушехь, ца го те шуна? Ткъа лергаш доллушехь, ца хеза те шуна? Дага ца догӀу те шуна,
[19] маса тускар дуьззина баьпкан юьхкаш гулйира аша, Аса пхи бепиг пхи эзар стагана доькъучу хенахь?» «Шийтта тускар дара», – жоп делира мурдаша.
[20] «Ткъа Аса ворхӀ бепиг виъ эзар стагана декъча, дуьззина маса тускар юьхкаш гулйира аша?» «ВорхӀ», – жоп делира цара.
[21] ТӀаккха Цо хаьттира цаьрга: «ХӀинца а ца кхета те шу?» – аьлла.
[22] Уьш Бет-Саида-гӀала кхечира. Цигахь Ӏийсана тӀе бӀаьрса дайна стаг а валийна, цунах Ӏотталахьара аьлла, дийхира Цуьнга.
[23] Ӏийсас и стаг, куьг а лаьцна, юьртах араваьккхира. ТӀаккха цуьнан бӀаьргаш тӀе туй а хьаькхна, стагана тӀе Шен куьйгаш а дехкина, хаьттира: «ХӀумма а гой хьуна?» – аьлла.
[24] Стага, хьала а хьаьжна, элира: «Суна уллохула чекхдовлуш адамаш го. Уьш диттех тера ду».
[25] ТӀаккха Ӏийсас Шен куьйгаш стеган бӀаьргашна тӀе дехкира, вукхо бӀаьргаш шуьйра дӀабиллира, цунна бӀаьрса а деъна, юха а дика ган а гуш, дӀахӀоьттира иза.
[26] ТӀаккха Ӏийсас и стаг цӀа вахийтира: «Юьрта чу ма гӀолахь», – олуш.
[27] Цул тӀаьхьа Ӏийса Шен мурдашца Пилап-паччахьан гӀалин гонахарчу ярташка воьду. Новкъахь Цо Шен мурдашка хаьттира: «Со мила ву олу наха?» – аьлла.
[28] Цара жоп делира: «Цхьаболчара Хьо нах хих чекхбоху Яхьъя ву олу, ткъа вукхара – Эли-ЯхӀу-пайхамар ву боху, кхозлагӀчара тоьшалла до, Хьо пайхамарех цхьаъ ву бохуш».
[29] ТӀаккха Ӏийсас хаьттира: «Ткъа аша хӀун боху, Со мила ву боху аша?» Кипас жоп делира Цунна: «Хьо Дала леррина Къобалвинарг ву-кх», – аьлла.
[30] ТӀаккха Ӏийсас Шех лаьцна цхьаьнгге а дийцар дихкира мурдашна.
[31] Цул тӀаьхьа царна хьехамаш бан волавелира Ӏийса. Цо дийцира Адамийн КӀентан дукха баланаш лан дезарх лаьцна а, баккхийчара а, динан коьртачу дайша а, Ӏеламчу наха а тӀе ца лаьцна хила дезарх а, Иза вен везарх а, амма кхозлагӀчу дийнахь денвала везарх а.
[32] Ӏийсас, лечкъа а ца деш, дӀадийцира цаьрга цунах лаьцна. Ткъа Кипас, Иза юьстах а ваьккхина: «Ишттаниг дийца а ма дийца», – элира.
[33] Амма Ӏийсас, юха а вирзина, Шен мурдашка а хьаьжна, буьрса жоп делира Кипе: «ДӀадала Суна уллора, иблис! Хьан даг чохь Делан ойланаш яц, адамийн ойланаш ю».
[34] ТӀаккха, нах а, Шен мурдаш а тӀе а кхайкхина, Цо элира цаьрга: «Соьца ван луург, шен „со“ бохург дӀа а теттина, шен баланийн мохь тӀе а лаьцна, Суна тӀаьхьахӀотта веза.
[35] ХӀунда аьлча шен са кӀелхьардаккха лууш верг сих вер ву, амма Сан а, Делера болу хазачу кхоан а дуьхьа шен са дӀалучо иза кӀелхьардоккхур ду.
[36] ХӀунда аьлча хӀун пайда бу адамна, хӀара дерриге а дуьне карахь хилча а, иза шен сих волуш хилча.
[37] Ткъа хӀун делча, шен са юхадерзалур ду адаме?
[38] Амма хӀокху Делах тешар а доцуш, къинойх дуьзначу дуьнен чохь, нагахь санна Сох а, Сан дешнех а эхь хетахь, Со а, Адамийн КӀант, дӀавоьрзур ву цу стагах, Сайн Ден олаллин нуьраца Делан маликашца схьавеача».