Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 4:48

[1] Ӏийса Делан цӀийнан кертара араволучу хенахь мурдех цхьаммо элира Цуьнга: «Устаз! Хьажахь, ма хаза ду и тӀулгаш а, гӀишлош а!»

[2] Ӏийсас дуьхьал жоп делира: «Гой хьуна и яккхий гӀишлош? И дерриге а хӀаллакдийр ду, тӀулга тӀехь тӀулг а ца буьтуш».

[3] Ӏийса Зайт-диттийн лам тӀехь Делан цӀийнан кертана дуьххьал хиъна Ӏаш волуш, Кипас а, Якъуба а, Яхьъяс а, Ӏандара а хаьттира Цуьнга, уьш шаьш бисча:

[4] «Алахь тхоьга, маца а хир ду иза, хӀун билгало а хир ю и хиндерг кхочуш хуьлуш?»

[5] Царна жоп а луш, Ӏийсас элира: «Ларлолаш, шаьш ле ма дайталаш,

[6] хӀунда аьлча Сан цӀарца дукха нах богӀур бу. „Со ву Иза“, – бохуш, дукхахберш Ӏехор бу цара.

[7] Нагахь тӀемах я цунах лаьцна хӀума шайна хазахь, шу дохий ма хьовза, хӀунда аьлча и дерриг а хила дезаш ду. Амма иза а тӀаьххьара де дац.

[8] Халкъана дуьхьал халкъ гӀоттур ду, мохк махкана дуьхьал бер бу. МаьӀ-маьӀӀехь чӀогӀа мохк бегор бу, мацалла а хир ю. Иза, берах хьийзош йолчу зудчун санна, халчу баланийн юьхь бен хир яц.

[9] Амма шу сема хилалаш, хӀунда аьлча шу дӀа а лоьцур ду, гуламан цӀеношкахь еттар а ю шуна, куьйгалхошна а, паччахьашна а хьалха хӀиттор а ду шу, Со бахьанехь шайна хьалха тоьшаллаш дайтархьама.

[10] Ткъа хьалха хаза кхаъ массо а къаьмнашна дӀакхачо беза.

[11] ТӀаккха, шаьш царна хьалха кхеле хӀиттинчу хенахь, хьалхе дуьйна гӀайгӀа ма белаш, шаьш ала дезачун, ткъа цу сохьта шайна дага тасийтинарг дӀаала. ХӀунда аьлча цу хенахь аш шаьш а ца олуш, амма Делан Сино шуьгахула эр ду ала дезарг».

[12] «Вашас, вешина ямарта а хилла, иза вейта дӀалур ву. Ткъа дас берашна а изза дийр ду. ТӀаккха бераша, шайн дайшна-наношна дуьхьал а гӀевттина, уьш бойур а бу.

[13] Сан цӀе бахьана долуш цхьанна а дезар дац шу, амма и дерриге а чекхдаллалц лайнарг кӀелхьарвоккхур ву».

[14] «Ткъа хӀотто ца дезачохь, „вас еш йолу къемате хӀума“ хӀоттийна шайна гича (хӀара доьшург нийса кхетийла!), тӀаккха цу хенахь ЯхӀуд-махкахь нисвелларг лаьмнашка дӀаводийла.

[15] Тхов тӀехь нисвелларг, охьа а воьссина цӀа чу ма гӀо, цо шен цӀа чуьра цхьа хӀума схьа ма эца.

[16] Ткъа аренгахь нисвелларг, шен тӀеюху хӀума схьаоьцур яра ша аьлла, цӀа ма вогӀийла.

[17] Боккхачу баланехь хир бу цу дийнахь доьзалхочух болу а, бераш дакхош болу а зударий.

[18] Шаьш довда дезар Ӏай ца хилийтар Деле дехалаш.

[19] ХӀунда аьлча оцу деношкахь, Дала дуьне кхоьллинчхьана дуьйна ца хиллачу кепара, кхин цул тӀаьхьа а хир боцучу тайпана гӀайгӀа-бала хир бу.

[20] Везачу Эло и денош дац ца динехьара, цхьа а кӀелхьарвалалур вацара, амма Ша къастийначеран дуьхьа дацдина Цо и денош.

[21] Цхьаммо шайга цу хенахь „Хьажал! Кхузахь ву шуна Дала леррина Къобалвинарг!“ я „Цигахь ву шуна!“ алахь, цунах ма тешалаш,

[22] хӀунда аьлча цу заманчохь харцпайхамарш а, шаьш Дала леррина къобалдинарш бу бохурш а гучубевр бу. Цара тамашийна гӀуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а гойтур ю, шайн йиш хилахь, Дала хаьржинарш а Ӏехорхьама.

[23] Амма шу ларлолаш! Ас хьалххе дӀахоуьйту шуьга и дерриге а хиндерг».

[24] «Амма оцу деношкахь, и баланаш тӀехӀоьттинчул тӀаьхьа, „малх кхулур бу, батто а серло лур яц,

[25] стигалара седарчий а охьаоьгур ду, стигалийн нуьцкъалалла а леста йолалур ю“».

[26] «ТӀаккха гур ву царна Шен боккхачу ницкъаца а, сийлаллица а мархаш тӀехула вогӀу Адамийн КӀант.

[27] Оцу хенахь Цо, Шен маликаш а хьажийна, дуьненан еъа а маьӀӀера Шен къастийнарш дӀагулбийр бу лаьттан йистера стигалан йисте кхаччалц».

[28] «Масала, схьаэца комарийн диттах хьехам: цуьнан гаьннаш кӀад а делла, гӀа тосучу хенахь, хаьа шуна аьхке герга кхаьчнийла.

[29] Иштта, и хӀуманаш кхочушхуьлуш шайна гича, хаа ду шуна Адамийн КӀентан зама герга юйла а, Иза неӀарехь вуйла а.

[30] Бакъдерг боху шуьга: ХӀара адамийн тӀаьхье чекхъялале хир ду и дерриг а.

[31] Стигаллий, латтий къайладаьлча а, Сан дешнаш довр дац».

[32] «Ткъа и де а, и сахьт а цхьанна а ца хаьа, я стигалара маликашна а, я КӀантана а, Да воцучунна.

[33] Варелаш, сема хилалаш, хӀунда аьлча и хан тӀе маца кхочу ца хаьа шуна.

[34] Масала, цхьаммо шен цӀера а ваьлла, генна новкъа волучу хенахь, шен ялхойн кара олалла а делла, хӀоранна а шен-шен гӀуллакх дӀа а делла, гӀаролана сема хилар тӀедуьллу.

[35] Иштта сема хилалаш! ХӀунда аьлча шуна ца хаьа хӀусаман да цӀа маца вогӀур ву, суьйранна, я буьйса юккъе яхача, я нӀаьний кхойкхучу хенахь, я сатосуш.

[36] ЦӀеххьана иза цӀа веача, шаьш дийшина ма карадайталаш.

[37] Ас юха а боху шуьга массаьрга а, хӀоранга а: „Сема хилалаш!“»

Ӏийсас беана, Марка дӀаязбина болу хаза кхаъ — Chapters