[1] Цхьана шоьтан дийнахь юха а гуламан цӀа чу веара Ӏийса. Цигахь куьг заьӀап долуш цхьа стаг вара.
[2] Цхьадолу адамаш чӀогӀа Ӏийсан тергам беш дара, Далла леринчу шоьтан дийнахь Цо дарба до те я ца до те хьоьжуш, юха Иза бехке вархьама.
[3] Ӏийсас куьг заьӀап долчу стаге элира: «Хьала а гӀаттий, массарна хьалха дӀахӀотта».
[4] ТӀаккха оцу нахе Ӏийсас хаьттира: «ХӀун боху бакъоно, Далла леринчу шоьтан дийнахь хӀун дан мегаш ду, дика я вон? Стеган дахар кӀелхьардаккха я иза хӀаллакдан?» Ткъа уьш бист ца хилира
[5] ТӀаккха, цаьрга массаьрга а реза воцуш хьажа а хьаьжна, церан къиза дегнаш хиларна халахетарца, Ӏийсас элира куьг заьӀап долчу стаге: «Схьакховдаде хьайн куьг!» Вукхо куьг схьакховдийра – иза оцу сохьта тоделира.
[6] Ткъа парушхой, ара а бевлла, сихонца ХӀародан адамашца барт бан буьйлабелира, Ӏийса шаьш муха хӀаллаквийр вара те бохуш.
[7] Цу хенахь Ӏийса Шен мурдашца Ӏома йисте веара. Дукха адам дара Цунна тӀаьхьа лелаш. Галилай-махкара а, ЯхӀуд-махкара а,
[8] Ярушалаймера а, Эдом-меттигера а, Йорданан тӀехьара а, Цора-гӀалина а, ЦӀадан-гӀалина а гонах Ӏаш долу дукха адам деанера И волчу. Цо дечу гӀуллакхех лаьцна шайна хезна дела баьхкинера Цунна тӀе уьш.
[9] Адам дукха тӀех гулдаларна, цаьрга Ша ца хьашийтархьама, хинкема кечдайтира Ӏийсас Шен мурдашка.
[10] Дукхахболчу баьхкинчарна дарба дира Цо, цундела массо а цомгушнаш Ӏийсана юххе гӀертара, Цунах куьг Ӏотта гӀерташ.
[11] ХӀоразза а харц жинашна Ӏийса гича, Цунна хьалха охьаоьгура уьш, мохь а хьоькхуш: «Хьо Делан КӀант ву!» – бохуш.
[12] Ткъа Ӏийсас чӀогӀа доьхкура царна, Ша мила ву ма дийца бохуш.
[13] Юха Ӏийсас, лам тӀе хьала а ваьлла, мурдашна юкъара Шена оьшурш тӀекхайкхира. Уьш Цунна тӀе баьхкира.
[14] Царна юкъара Ӏийсас шийтта мурд схьакъастийра (царах Цо векалш элира), уьш Шена юххехь хилийтархьама а, цаьрга хьехамаш байтархьама а,
[15] адамашна чуьра жинаш арадаха церан олалла хилийтархьама а.
[16] Ӏийсас къастийна векалш хӀорш бара: ШамӀа (Ӏийсас тӀаьхьа, Кипа аьлла, цӀе тиллинарг),
[17] Зевадин кӀант Якъуб, цуьнан ваша Яхьъя, (шайна Ӏийсас, Баней-Раговш аьлла, цӀе тиллинарш, иза «ткъесан кӀентий» бохург ду),
[18] Ӏандар, Пилап, Барталамай, Маттай, ТӀама, ХӀалпайн кӀант Якъуб, Тхьада, ШамӀа (ша тӀелаьцнарг тӀевирззина кхочушдан гӀертарг),
[19] ЯхӀуд-Искархо а, тӀаьхьа ямартхо хилларг.
[20] Цул тӀаьхьа Ӏийса цӀа чу вахча, юха а дукха нах гулбелира, ур-атталла юург яа а меттиг ца йолуьйтуш Ӏийсана а, Цуьнан мурдашна а.
[21] Ӏийсан цӀерачарна цунах лаьцна хезча, уьш Иза дӀавига баьхкира, хӀунда аьлча наха дуьйцура, Иза лар тӀехь вац бохуш.
[22] Ткъа Ярушалаймера баьхкинчу Ӏелам наха олура: «Цунна чу БаӀал-Зебула-жин доьлла! Оцу харц жинийн элан олаллица жинаш арадоху Цо адамашна чуьра!»
[23] ТӀаккха Ӏийсас, уьш Шена тӀе а кхайкхина, дустарш далийра царна: «Иблисо муха эккхор ду иблис?
[24] Цхьана пачхьалкхехь вовшашлахь тӀом хилча, и пачхьалкх хӀаллакьхир ю.
[25] Я цхьана доьзалехь цхьа барт бацахь, иза а бухур бу.
[26] Ткъа иблис ша-шена дуьхьал даьлча, иблисан олалла шена чохь а декъаделча, иза кхин латталур дац, цуьнан тӀаьххьара де тӀекхочу.
[27] Цхьа а ца воьду шел онданиг волчу цӀа чу, цуьнан хӀуманаш лачкъо, цкъа хьалха иза дӀавихкина бен, къола далур дац цуьнан цӀахь.
[28] Баккъалла а боху Аса шуьга: „Адамийн кӀенташна муьлхха а къиношна гечдийр ду, цара Дела сийсазвар а тӀехь,
[29] амма Делан Са сийсаздинчунна цкъа а гечдийр дац, иза гуттаренна къинойн баланехь хир ву“».
[30] Иштта дешнаш элира Ӏийсас, Шех лаьцна наха «Иза харц жинашца тайна ву», – олу дела.
[31] Ӏийса волчу Цуьнан наний, вежарий баьхкира. Уьш арахь севцира. Цара Ӏийса аракхайкхира,
[32] хӀунда аьлча, гонах хиъна дукха адам хиларна, Цунна тӀе ца кхачалора уьш. Ӏийсага элира: «Хьажахь, Хьан наний, вежарий, йижарий бу-кх арахь Хьо хоьттуш».
[33] Цо жоп делира: «Муьлш бу Сан наний, вежарий?»
[34] ТӀаккха, Шена гонах хевшина болчаьрга а хьаьжна, Ӏийсас элира: «ХӀорш бу Сан наний, вежарий!
[35] ХӀунда аьлча Делан лаам кхочушбеш берш бу Сан ваша а, йиша а, нана а».