Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 7:39

[1] Ши де даьлча тӀедан дезаш дара «Пасахь» олу совсазчу баьпкан деза де. ХӀилланца схьа а лаьцна, Ӏийса вен аьтто лоьхуш бара динан коьрта дай а, Ӏелам нах а.

[2] Амма адам эргӀаддаларх кхоьруш, иза дезачу деношкахь кхочушдан ца лаьара царна.

[3] Ӏийса Бет-ХӀинехь волуш, чкъуран юха ца йоьрзу цамгар кхетта волчу ШамӀин цӀахь Иза хӀума юуш Ӏачу хенахь, мехалчу кхаби чохь, цӀеначу, нард олучу зезаган орамех даьккхина деза даьтта а дахьаш, зуда чуелира. И кхаба, йоха а йина, даьтта Ӏийсан коьрта тӀе доьттира цо.

[4] Цхьаболчара, резабоцуш, оьгӀазаллица вовшашка бохура: «Стенна оьшура иштта харж ян?

[5] ХӀунда аьлча и даьтта кхо бӀе а сов динари ахчанах дохка мегар ма дара, тӀаккха и ахча мискачарна а доькъуш». Оцу зудчунна хамталлаш йора цара.

[6] Амма Ӏийсас элира: «Ӏадйитийша и зуда, эхь хӀунда хоьтуьйту аш цунна? Цо Суна динарг дика гӀуллакх ду-кх.

[7] ХӀунда аьлча мисканаш гуттар а хир бу шуна юххехь, царна шайна лиъначу хенахь лур ду аш сагӀа, ткъа Со даим хир вац шуьца.

[8] Со дӀаволларна хьалххе кечам би цо, шега далург деш.

[9] Аса баккъалла а боху шуьга: дерриг а дуьнен тӀехь, и хаза кхаъ кхайкхочу массо а меттехь, цу зудчо динарг, цуьнан сий айдеш, хьахор ду».

[10] ТӀаккха ЯхӀуд Искархо, Ӏийсан шийтта мурдах цхьаъ, динан коьртачу дайшна тӀевахара, ямартло а йина, Ӏийса церан кара дӀавалархьама.

[11] И хезча, вукхара самукъадаларца цунна ахча дала барт бира. Ткъа ЯхӀуда Ӏийса церан кара дӀавала аьтто лоьхура.

[12] Совсазчу баьпкан дезачу денойн дуьххьарлерчу дийнахь, Пасахьан Ӏахар а бийна, мурдаша Ӏийсага хаьттира: «Пасахьан пхьор мичахь дан лаьа Хьуна? Оха, дахана, кечйийр ю чоь».

[13] ТӀаккха, Шен мурдех шиъ вохуьйтуш, Ӏийсас цаьрга элира: «Шу гӀала чу гӀо, ткъа цигахь кхаби чохь хи дахьаш вогӀу цхьа стаг дуьхьалкхетар ву шуна, цунна тӀаьххье дӀагӀо.

[14] Иза чу ваханчу цӀийнан хӀусамдега аш ала: „Устазо хоьтту: Сайн мурдашца Пасахьан суьйренан пхьор даа чоь мичахь ю?“

[15] Цо шуна лакха тӀехь йоккха а йолуш, лаьтта хӀума а тесна, кечйина чоь гойтур ю, цу чохь кечам бийр бу аш вайна».

[16] Ӏийсан мурдаша, гӀала а баьхкина, дерриг а Цо ма-бохху а карийна, Пасахьана кечам бира.

[17] Суьйре тӀееача, Ӏийса Шен шийтта векалца цига веара.

[18] ДӀа а тевжина, уьш хӀума юуш бохкуш, Ӏийсас элира: «Баккъалла а боху шуьга, Соьца кхача бууш волчу шух цхьаммо ямартло йийр ю Суна».

[19] Уьш, и халахетта, Цуьнга баха буьйлабелира: «Со-м вац те иза?»

[20] Ткъа Ӏийсас жоп луш, элира цаьрга: «Шийттаннах цхьаъ ву, Соьца кеда чу бепиг Ӏуттуш верг.

[21] Ткъа Адамийн КӀант, Делан Йозанашна тӀехь Цунах яздина ма-хиллара, кху дуьнен чуьра дӀавоьдуш ву, амма декъаза ву-кх Цунна ямарта верг! Цунна дуьнен чу ца валар гӀоле яра!»

[22] Цара хӀума юучу хенахь, Ӏийсас, бепиг схьа а эцна, доӀанца декъал а дина, декъа а декъна, Шен мурдашка дӀа а кховдош, элира: «Схьаэца – иза Сан дегӀ ду».

[23] ТӀаккха кад, схьа а эцна, Далла хастам а бина, Цо иза цаьрга дӀакховдийра, ткъа цара массара а цу чуьра дӀамелира.

[24] Ӏийсас элира цаьрга: «ХӀара Сан цӀий ду, Делаца бина барт чӀагӀдеш долу, дукхахболчеран дуьхьа Ӏенор долу.

[25] Билггала боху шуьга: кемсех даьккхина долу кхин цхьа а малар Аса мер дац, Дала дӀахӀоттийначу Олаллехь керла чагӀар молу де тӀекхаччалц».

[26] ТӀаккха Далла хастаман назманаш а аьлла, Зайт-диттийн лам тӀе бахара уьш.

[27] Шен мурдашка Ӏийсас элира: «Аша массара а Со дӀатосур ву, хӀунда аьлча яздина ду: „Ӏуьнна чов йийр ю Аса, ткъа уьстагӀий дӀасадовдур ду“, – аьлла».

[28] «Амма веллачуьра денвеллачул тӀаьхьа Галилай-махка шул хьалха кхочур ву Со».

[29] Кипас элира Ӏийсага: «Массара дӀатесча а, ас-м вуьтур вац Хьо».

[30] ТӀаккха Ӏийсас элира цуьнга: «Баккъалла а боху хьоьга: тховса, шозза нӀаьна кхайкхале, кхузза Сох дӀакъаьстар ву хьо».

[31] Амма Кипас, кхин а чӀагӀдеш, элира: «Сан Хьоьца вала дезахь а, со цкъа а Хьох дӀакъаьстар вац». Изза вукхара а элира.

[32] Цул тӀаьхьа Гатшамани олучу меттиге баьхкира уьш. Ӏийсас элира Шен мурдашка: «Ас доӀа дечу юкъана, ховший Ӏе кхузахь».

[33] ТӀаккха Шеца Кипа а, Якъуб а, Яхьъя а вигира Цо. Кхузахь Ӏийса синтем байна а, чӀогӀа сингаттаме а хилира.

[34] Цо элира цаьрга: «Сан са Ӏожаллин гӀайгӀанехь ду. Аша кхузахь а совций, сема хан яккха».

[35] Царна жимма дехьа а ваьлла, лаьтта а воьжна, Ӏийсас доӀа дира: «Нагахь йиш елахь, дӀакъастадойла Ахь Сох и къизаллин сахьт», –

[36] кхин а Цо элира: «Сан Дада! Дерриг а Хьан карахь ду, и къаьхьа кад Суна юххехула чекхбаккхахьа! Делахь а, Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла дерриг а».

[37] Ша юхавирзича, Шен мурдаш бийшина Ӏохкуш карийра Цунна. ТӀаккха Цо элира Кипе: «ШамӀа, хьо наб еш ву? Цхьана сахьтехь сема хила ца мегара хьо?

[38] Сема хила, доӀанаш де, шаьш къилахь долчу лаамашна кӀел ца дисийта. Са сема хуьлу, ткъа дилха эгӀаза ду».

[39] Юха а дехьо ваьлла, доӀа дира Цо, изза дешнаш олуш.

[40] Юхавеача, кхин цкъа а бийшина карийра Ӏийсана уьш, хӀунда аьлча церан бӀаьрганегӀарш дазделлера. Шаьш Ӏийсага хӀун эр ду а ца хууш биснера уьш.

[41] КхозлагӀа а тӀевеана, элира Цо цаьрга: «Шу хӀинца а наб еш, садоӀуш ду? Тоьар ду, тӀедеана и сахьт. Адамийн КӀант къинош летийначеран каравоьду хан тӀекхаьчна.

[42] Дуьйло, хьалагӀовтта! ХӀара ву Суна ямартло ен верг».

[43] Оцу сохьта, Ӏийсас и оллушехь, тӀевеара ЯхӀуд, шийттаннах цхьаъ. Цунна тӀаьхьахӀоьттина адамийн тоба яра, карахь таррашший, хьокхий а долуш. Уьш хьовсийнера динан коьртачу дайша а, Ӏелам наха а, баккхийчара а.

[44] Ӏийсана ямарта волчо билгало йинера цаьрга: «Ас барт баьккхинарг Иза хир ву шуна, – аьлла, – И, схьа а лаций, ларвеш дӀавига».

[45] Цу сохьта Ӏийсана тӀе а вахана, цо элира: «Ва устаз!» Цул тӀаьхьа Цунна барт баьккхира.

[46] Ткъа вукхара, тӀе куьйгаш а кховдийна, схьалецира Ӏийса.

[47] Уллохь лаьттачех цхьаммо, тур схьа а даьккхина, тоьхна, динан коьртачу ден ялхочун лерг даьккхира.

[48] ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Талорхо лаца доьлхуш санна, таррашций, хьокханашций ара ма девлла шу Со схьалаца?

[49] Делан цӀа чохь хӀора дийнахь ца хуьлура Со шуьца, хьехамаш а беш? ХӀетахь ма ца лоцура аш Со? Амма Делан Йозанаш тӀехь яздинарг кхочушхила деза».

[50] Цу хенахь, Ӏийса а витина, массо а мурдаш дӀасабевдира.

[51] Шен дерзинчу дегӀа тӀе шаршу хьарчийна волу цхьа жима къонах Ӏийсана тӀаьхьа хӀоьттира. Амма тӀемалоша и дӀалецира.

[52] ТӀаккха тӀемалойн карахь шаршу а юьтуш, иза верзина ма-варра дӀаведира царах.

[53] Ӏийса динан коьрта да волчу цӀа валийра. Цигахь массо а динан коьрта дай а, баккхийнаш а, Ӏелам нах а гулбеллера.

[54] Ӏийсана гено тӀаьхьа а хӀоьттина, динан коьртачу ден керта чу велира Кипа. Иза динан коьртачу ден кертахь гӀуллакх деш болчаьрца цӀарна хьалха вохлуш вара.

[55] Ткъа Ӏийсана веран кхел ярхьама, динан коьрта дай а, коьртачу кхеташонехь мел верг а Иза бехке ван бахьана лоьхуш бара, амма и бахьана ца карадора царна.

[56] ХӀунда аьлча дукхахболчара харц тоьшаллаш дора Цунна дуьхьал, ткъа уьш цхьана ца догӀура.

[57] Цхьаболчара, хьала а гӀевттина, харц тоьшаллаш деш, элира:

[58] «Тхуна хезнера Цо олуш: „Аса адамаша куьйга дина хӀара Делан цӀа доха а дина, кхаа дийнахь кхин тайпа долу, куьйга дина доцург дӀахӀоттор ду“, – аьлла».

[59] Амма церан тоьшаллаш а цхьаьнадогӀуш дацара.

[60] ТӀаккха динан коьртачу дас, юккъе дӀа а хӀоьттина, хаьттира Ӏийсага: «Ахь цхьа а жоп ма ца ло? Цара Хьуна дуьхьал тоьшаллаш хӀунда до?» – аьлла.

[61] Ткъа Ӏийса дуьхьал вист а ца хилира, Цо цхьа а жоп ца делира царна. Юха а динан коьртачу дас хаьттира Цуьнга: «Хьо вуй Декъалволчун КӀант? Цо леррина Къобалвинарг?»

[62] Ӏийсас элира: «Со ву. Шуна гур а ву Адамийн КӀант Нуьцкъалчу Далла аьтто агӀор хиъна Ӏаш а, стигалан мархашца охьавуссуш а».

[63] ТӀаккха, шена тӀера бедар а ятӀийна, динан коьртачу дас элира: «Кхин хӀун тешаш оьшу вайна?

[64] Хезира-кх шуна И Далла луьйш, шуна муха хета?» Цара массара а Ӏийса веран кхел къобалйира.

[65] ТӀаккха цхьаболчара Ӏийсана тӀе туйнаш детта долийра, вукхара, Цуьнан бӀаьргаш дӀа а дихкина, буйнаш а детташ, олура: «Хьо пайхамар хилар гайта хӀинца!» ГӀаролхоша а еттара Цунна.

[66] Кипа цу кертахь, лахахь волуш, динан коьртачу ден цхьа зуда-ялхо еара цига.

[67] Вохлуш волу Кипа а гина, цо, леррина юьхь-дуьхьал а хьаьжна, элира: «Хьо а вара-кх Назартера Ӏийсаца».

[68] Амма Кипас дӀахадийра: «Суна ахь хӀун боху а ца хаьа, со кхета а ца кхета ахь бохучух». Иза а аьлла, Кипа кертан хьалха велира. ТӀаккха нӀаьна кхайкхира.

[69] Оццу зудчо, иза юха а гина, «ХӀара а ву царах цхьаъ», – элира уллохь хӀиттина болчаьрга.

[70] Кипас юха а тӀе ца лецира цо бохург. Жимма Ӏийча, кхузахь лаьтташ болчара Кипе юха а элира: «Баккъалла а хьо ву-кх царах, хӀунда аьлча хьо а ма-ву галилайхо».

[71] Ткъа Кипа, дуйнаш а бууш, чӀагӀонаш ян волавелира: «Ца вевза суна И стаг, аш вуьйцуш верг».

[72] ХӀеттахь шозлагӀа а нӀаьна кхайкхира. ТӀаккха дагадеара Кипина Ӏийсас шега аьлларг: «НӀаьна шозза кхайкхале, ахь кхузза дӀатосур ву Со». Кипа доггах вилхира.

Ӏийсас беана, Марка дӀаязбина болу хаза кхаъ — Chapters