Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 4:40

[1] Юха а цхьана дийнахь Ӏоман берда тӀехь хьехамаш беш вара Ӏийса. Цунна гонах гулделла дукха адам дара. Цундела Иза, хинкеманна тӀе а ваьлла, Ӏоман йистера дехьо велира, ткъа адамаш берда тӀехь дисира.

[2] Дукха хьехамаш бора Ӏийсас царна, хьекъале дустарш далош. Иштта дийцира Цо цаьрга:

[3] «ЛадогӀал! Цхьа ахархо шен кха тӀе хӀу таса араваьлла.

[4] Цо хӀу тосучу хенахь цхьадолу буьртигаш некъан йистехула охьаэгна хилла. Схьадаьхкинчу олхазарша уьш дӀадиъна.

[5] Важа буьртигаш жагӀа а болуш, латта кӀеззиг долчу метте охьаэгна хилла. Цу буьртигаша сихха зӀийдигаш тесна, хӀунда аьлча цигахь латта кӀезиг дара.

[6] Малх кхетча, цо и зӀийдигаш ягийра, церан орамаш кӀорга ца хиларна, уьш якъаелира.

[7] Кхидерш коканийн коьллаш юкъа ийгира, амма коьллаша, юкъ а елла, хӀун зӀийдигаш къайлаехира. Цара ялта ца делира.

[8] Ткъа важа долу хӀу, дика латта долчохь а нисделла, зӀийдигаш а тесна, уьш хьала а евлла, цара ялта делира, ткъе итт, кхузткъа а, ур-атталла бӀе а хӀу а луш хӀора кено а».

[9] ТӀаккха Ӏийсас элира ладугӀучаьрга: «Лергаш долчунна дӀахозийла хӀара».

[10] Ӏийса Ша висча, шийтта векало а, юххерчу кхечу мурдаша а хаьттира Цуьнга дустарех лаьцна.

[11] Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Шун таро ю Делан Олаллех йолу къайленаш йовза, ткъа кхечарна ишттачу дустаршца дуьйцу Аса,

[12] „царна, хьоьжжушехь, хӀумма а ца гайтархьама, хеззашехь, уьш ца кхетийтархьама, кхечу тайпана хилча, уьш Суна тӀебоьрзур бара, ткъа Ас гечдийр дара царна“».

[13] Ӏийсас элира мурдашка: «Шу а ца кхета те оцу дустарх? ТӀаккха кхечу дустарех муха кхетар ду те шу?

[14] Ахархочо дуьйш дерг Делан Дош ду.

[15] Цхьадолу адамаш некъа йисте доьжначу хӀух тера ду. Царна Делан дош хеза, амма, цу сохьта иблис а догӀий, цо церан дегнаш чу доьжна дош дӀахьо.

[16] Кхиберш тера бу тӀулгашна юккъе эгначу хӀух. Шайна Делан дош хезча, хазахетарца, сихонца схьалоцу цара и дош.

[17] Амма церан хила ма-беззара орам боцу дела, уьш кӀеззигчу ханна бен ца лаьтта. Ткъа и дош бахьана долуш, шайна тӀе халонаш хӀиттича, уьш сихха юхабовлу.

[18] Вуьш тера бу коканийн коьллаш юккъе эгначу буьртигех. Уьш дош хезнарш бу,

[19] амма дахаран гӀайгӀанаша а, хьолах Ӏехабаларо а, кхечу лаамаша а и хезна дош дицдолуьйту, цара шайн дахарехь стом а ца ло.

[20] Ткъа цхьаберш бу хьийкъинчу лаьтта тӀе эгначу буьртигех тера. Уьш дош а хезна, иза даго тӀе а эцна, пайден стом луш берш бу – наггахь ткъе уьттазза, наггахь кхузткъазза а, я бӀозза а сов луш».

[21] Кхин дӀа а Ӏийсас элира: «Цхьаммо стогар латийча, иза Ӏункарнехьа хӀоттийначу кхабина я маьнги кӀел хӀотторхьама а бохьий чу? Я иза лаккха хьалахӀоттабан бахьа чу?

[22] ХӀунда аьлча мел йоккха къайле а, цхьанна а ца хууш юьсур яц, мел чӀогӀа лечкъийнарг а гӀар ца долуш а, гучу ца долуш а дуьсур дац.

[23] Хезаш волчунна дӀахезийла хӀара!»

[24] Кхин а тӀетуьйхира Ӏийсас: «Дикка кӀоргера ойла елаш, шайна хезначух лаьцна. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах, ткъа шун кхин а лакхара хадор бу.

[25] ХӀунда аьлча долчунна кхин а тӀелур ду, ткъа доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дӀадоккхур ду».

[26] ТӀаккха Ӏийсас элира: «Делан Олаллех лаьцна иштта кхета мега. Цхьана стага лаьтта хӀу тосу.

[27] Буса и стаг, охьа а вуьжий, Ӏуьйранна хьалагӀотту. Ткъа хӀу цу хенахь, хьала а долий, кхуьу. Иза муха хуьлу стагана шена а ца хаьа.

[28] Лаьтто ша кхиадо и хӀу: хьалха зӀийдиг а тосий, тӀаккха гӀа а долий, кӀен буьртигаш а хуьлий, дӀахӀутту.

[29] КӀен буьртигаш хилла девлча, ахархочо марс схьаоьцу, кӀа хьокху хан тӀееана дела».

[30] Цул тӀаьхьа Ӏийсас кхин а хаьттира: «Стенца дуста мегар ду Делан Олалла? Я муьлхачу дустарца дуьйцур ду цунах лаьцна?

[31] Лаьтта тӀехь уггаре а жимачу хӀуьнах тера ду иза, и дӀадуьйчу хенахь.

[32] Амма иза дӀадийначул тӀаьхьа, хьала а долий, бешан дитташ юкъахь уггаре а доккха дитт хуьлий дӀахӀутту. Стигаларчу олхазарша а баннаш дан тарло цуьнан гаьннаш тӀехь».

[33] Ишттачу кхин а дуккха а дустаршца хьехамаш бора Ӏийсас – адамаш кхетар долчу тайпана.

[34] Дустар ца далош, Цо хӀумма а ца дуьйцура царна, ткъа Шен мурдашца Ша висча, Цо дерригенах кхетабора уьш.

[35] Цу дийнахь суьйранна Ӏийсас элира Шен мурдашка: «Ӏоман дуьхьаларчу берда тӀе довла вай».

[36] ТӀаккха цара адамаш а дитина, Ӏийса хинкеман тӀехь ма-хиллара шайца дӀавигира. Хи чохь кхераниг доцург кхин а кеманаш дара.

[37] ЦӀеххьана, чӀогӀа мох а баьлла, тулгӀенаша кеман чу хи даьккхира, кема хих дузуш дара.

[38] Ӏийса цу хенахь кеманан цӀоганехь вара, гӀайби тӀе корта а биллина, наб кхетта Ӏаш. Мурдаша, Иза сама а ваьккхина, элира: «Устаз! Хьуна бен а ца хета те вай хин буха дахар?»

[39] ТӀаккха Ӏийсас, хьала а гӀаьттина, мохе омра а дина, хине элира: «ЛагӀло! ДӀате! Сацийта!» Мох сецира, цхьа а гӀар-тата доцуш, тийналла дӀахӀоьттира.

[40] Ткъа мурдашка Цо элира: «Шу кхера хӀунда кхоьру? Шун дегнаш чохь хӀинца а тешар дац те?»

[41] Амма уьш чӀогӀа кхерабелла хиларна, цара цецбовларца вовшашка хоьттура: «ХӀара мила ву те, ур-атталла мох а, хиш а Цунна къарлуш хилча?»

Ӏийсас беана, Марка дӀаязбина болу хаза кхаъ — Chapters