[1] Ӏийса шен мурдашца дуьхьаларчу берда тӀехь лаьттачу ГӀарас цӀе йолчу меттиге веара.
[2] Иза хинкеманна тӀера лаьтта ваьлча, Цунна дуьхьал нах дӀабухкучу хьехаш чуьра жинаша хьийзош волу цхьа стаг веара.
[3] Оцу хьехаш чохь Ӏаш вара иза. Цхьаьнгге а ур-атталла зӀенашца а дӀа ца вехкалора иза,
[4] хӀунда аьлча мосуьйттазза а зӀенашца вихкича а, когех буржалш тоьхча а, цо уьш хедадора. Цхьаьнггахь а иза теван ницкъ а бацара.
[5] Массо дийнахь а, буса а къуббанашна а, баьрзнашна а юккъехула а лелаш, чӀогӀа мохь а хьоькхуш, тӀулгех ветталуш лелара иза.
[6] Геннара Ӏийса вогӀу а гина, дуьхьал а ведда, Цунна хьалха гора а воьжна,
[7] чӀогӀа мохь хьаькхира цо: «Хьуна хӀун оьшу соьгара, Ӏийса, Веза Воккхачун КӀант? Делан дуьхьа доьху Хьоьга, ма хьийзавехьа со?»
[8] Ткъа Ӏийсас хӀетале омра динера жине: «Арадала оцу стагана чуьра!» – аьлла.
[9] ТӀаккха Ӏийсас хаьттира жине: «ХӀун ю хьан цӀе?» – бохуш. Вукхо жоп делира: «„Эскар“, хӀунда аьлча тхо дуккха а ду».
[10] Оцу жинаша чӀогӀа дехар дира Ӏийсага, шаьш оцу махкара дӀа ма довлийтахьара аьлла.
[11] Циггахь лам тӀехь бежаш хьакхарчийн боккха бажа бара.
[12] Жинаша Ӏийсага дийхира, шаьш царна чу довлийтахьара аьлла.
[13] Цо царна пурба делира. Жинаш, оцу стагана чуьра ара а девлла, хьакхарчашна чудевлира. Ши эзар гергга йолу хьакхарчий, лекхачу берда тӀера хи чу а лилхина, Ӏоман буха яхара.
[14] Ӏуй, бевдда дӀа а бахана, гӀалахь а, юххерчу ярташкахь а хиллачух лаьцна дуьйцуш бара. Нах хьажа баьхкира, хилларг хӀун ду те аьлла.
[15] Ӏийсана юххе баьхкича, и жинаша хьийзина волу стаг, тӀе хӀума а юьйхина, метта а веана, шайна гича, уьш кхерабелира.
[16] И дерриг гиначара дийцира баьхкинчаьрга цу стагах а, хьакхарчех а хиллачух лаьцна.
[17] ТӀаккха цигара бахархоша дийхира Ӏийсага, шаьш а, шайн мохк а битина, дӀагӀахьара Хьо аьлла.
[18] Ӏийса хинкеман тӀе волуш, жинех паргӀатваьллачу стага ша а вигар дийхира Цуьнга.
[19] Амма Ӏийсас цунна ца магийра иза. Цо элира: «ЦӀа а гӀой, хьайн цӀерачаьрга дийца Везачу Эло хьайна мел дика дина а, Цо хьайх мел боккха къинхетам бина а».
[20] Оцу стага, дӀа а вахана, Иттшахьар-махкахь бехачу нахе Ӏийсас шена динчу доккхачу диканах лаьцна дийцира, ткъа массо а цецбуьйлура.
[21] Ӏийса Шен мурдашца хинкеман тӀехь Ӏоман берда тӀе юхавеача, Цуьнга хьоьжуш дукха адам дара. Уьш Цунна гонах гулделира.
[22] Оцу хенахь И волчу гуламан цӀа чохь куьйгалхо волу Яир веара. Ӏийса а гина, иза, Цуьнан когашка охьа а воьжна,
[23] чӀогӀа дехар дан хӀоьттира: «Сан йоӀ леш ю. Доьху Хьоьга, ван а волий, цунна тӀе куьйгаш а дахкий, то а яй, дийна йисийтахьа иза», – бохуш.
[24] Ӏийса Яирца дӀавоьдуш, Цунна тӀаьххье дукха адам дахара, Иза халла бен чекх а ца валалуш.
[25] Царна юкъахь цхьа зуда а яра, шийтта шарахь цӀий ца соцуш, бала хьоьгуш йолу.
[26] Дуккха а лоьраша гӀо дечу метта бала хьегийтинера оцу зудчуьнга. Амма лоьрашна шен долахь мел дерг а дойуш, алссам харж йича а, гӀоле хуьлучу метта, кхин а чӀагӀъеллера иза.
[27] Ӏийсах лаьцна шена хезча, цо, адамашна юккъехула тӀехьашха Цунна тӀе а яхана, Ӏийсан бедарх куьг Ӏоьттира.
[28] ХӀунда аьлча оцу зудчо ойла йинера: «Нагахь санна Цуьнан тӀера бедарх хьакхаелча а, со толур ю», – аьлла.
[29] Оцу сохьта дӀаоьху цӀий а сецна, ша тоеллий хиира зудчунна.
[30] Ткъа Ӏийсана сихха хааделира Шех ницкъ дӀакъаьстиний. Гонах долчу адамашкахьа а вирзина, Ӏийсас хаьттира: «Мила ву Сан бедарх куьг Ӏоьттинарг?» – аьлла.
[31] Цуьнан мурдаша элира: «Хьайна тӀегӀоьртина оццул адам гушшехь, хоьтту-кх Ахь: „Мила ву Сох куьг Ӏоьттинарг?“»
[32] Амма Ӏийса леррина гонах хьоьжура, и динарг мила ву те ган лууш.
[33] ТӀаккха зудчо, шена хилларг хӀун ду а хиъна, дукха кхераяларна ега а еш, Ӏийсан когашка а йоьжна, дерриге а ма-дарра дӀадийцира Цуьнга.
[34] Ткъа Ӏийсас элира зудчуьнга: «Сан йоӀ, хьан тешаро тойина хьо. Маьрша дӀагӀо хьайна, хӀинца чул тӀаьхьа кхин оцу цамгаро хьийзор яц хьо».
[35] Ӏийса къамел дина а валале, гуламан цӀийнан куьйгалхочун Яиран цӀера геланчаш баьхкира. «Хьан йоӀ елла. Устазана хало ян ца оьшу», – элира цара.
[36] Ткъа, цара дуьйцург а хезна, Ӏийсас Яире элира: «Кхера ма ло, амма теша».
[37] Кипа а, Якъуб а, Якъубан ваша Яхьъя а бен, кхин цхьа а ца ваийтира Ӏийсас Шеца.
[38] Уьш Яиран керта схьакхаьчча, Цунна доьхна а, чӀогӀа доьлхуш а адамаш гира.
[39] ЦӀа чу ваьлча, Ӏийсас элира цаьрга: «Аша хӀун до доьхна а, доьлхуш а? ЙоӀ елла яц, иза йижина ю».
[40] Ткъа адамаш Цунах дуьйлуш дара цадашарца. Ӏийсас массо а араваьккхира. Шеца йоьӀан да-нана а, цигахь волу кхо мурд а эцна, йоӀ йолчу чоьхьавелира Иза.
[41] Ӏийсас, йоьӀан куьг схьа а лаьцна, элира: «ТалитӀа кхуми!» (иза «ЙоӀ, хьалагӀатта боху хьоьга!» – бохург ду).
[42] И ма-элли, йоӀ, хьала а гӀаьттина, дӀайолаелира (иза шийтта шо кхаьчна йоӀ яра). Чохь берш чӀогӀа цецбевлла биснера.
[43] Ӏийсас чӀогӀа тӀедиллира царна хилларг цхьаьнгге а цахаийтар. «ЙоӀана яа хӀума ло», – элира Цо цаьрга.