Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 3:55

[1] ТӀаккха кхин а элира Ӏийсас: «Аса баккъалла а боху шуьга: шуна юкъарчу цхьаболчарна шаьш кхалхале Делан Олалла гур ду шен мел болчу ницкъаца».

[2] Ялх де даьлча, Шеца Кипа, Якъуб, Яхьъя бен кхин цхьа а ца вуьгуш, Ӏийса лекхачу лам тӀе велира. Цигахь, царна хьалххахь, Дала Цуьнан амат хийцира.

[3] Цунна тӀера духар бӀаьрг тӀе а ца хӀуттуш кӀайделира, хӀокху лаьтта тӀехь хӀуманаш юьттучу цхьана а стага кӀайдийр доцучу тайпана.

[4] Церан бӀаьрг кхийтира Ӏийсаца къамел деш волчу Эли-ЯхӀу-пайхамарххий, Муса-пайхамарххий.

[5] Кипас, Ӏийсагахьа а вирзина, элира: «Устаз! Ма дика Ӏа вай кхузахь, кхо кхалор ей вай: цхьаъ Хьуна, цхьаъ Мусана, цхьаъ Эли-ЯхӀуна».

[6] Кипас элира и, ша хӀун эр ду а ца хиъна, хӀунда аьлча мурдаш чӀогӀа кхерабеллера.

[7] Ткъа цу хенахь, марха тӀе а еана, уьш дӀахьулбелира цуьнан ӀиндагӀехь, мархашна юкъара аз хезира: «ХӀара ву Суна дукхавезаш волу Сан КӀант. Цуьнга ладогӀа!» – аьлла.

[8] Цу сохьта, уьш шайна гонах хьаьжча, царна юххехь кхин цхьа а ца гира, Ӏийса воцург.

[9] Уьш лам тӀера охьабуьссучу хенахь, Ӏийсас царна тӀедиллира, шайна гиначух лаьцна цхьаьнгге а ца дийцар, Адамийн КӀант веллачуьра денваллалц.

[10] Мурдаша хилларг къайладаьккхира, амма вовшашлахь цара хоьттура: «Веллачуьра денвалар хӀун ду те?»

[11] Цара хаьттира Ӏийсага: «Хьалха Эли-ЯхӀу-пайхамар ван веза хӀунда олу те Ӏелам наха?»

[12] Ӏийсас жоп делира царна: «ХӀаъ, хьалха билггала Эли-ЯхӀу-пайхамар ван веза, массо а хӀуманна тӀехь низам хӀотторхьама. Ткъа Адамийн КӀантах лаьцна яздина хӀунда ду, Цо дуккха а баланаш хьоьгур бу, Иза сийсаз а вийр ву аьлла?

[13] Амма Ас боху шуьга, Эли-ЯхӀу-пайхамар цкъа веанера, цунна а шайна луъург дира, цунах лаьцна яздина ма-хиллара».

[14] Уьш шайн бисинчу мурдашна тӀе юхабирзича, царна гонах йоккха тоба а, цаьрца къуьйсуш лаьтташ Ӏелам нах а гира ӀийсагӀарна.

[15] Цу сохьта, Ӏийса а гина, массо а адам цецдаларца тӀехьаьдира, Цуьнга маршалла хаттархьама.

[16] Ӏийсас хаьттира цаьрга: «ХӀун къуьйсу аш цаьрца?» – аьлла.

[17] Тобанна юкъара цхьана стага жоп делира Цуьнга: «Устаз! Сайн кӀант валийна аса Хьуна тӀе. Иза мотт сацочу жино хьийзаво.

[18] И жин тӀе а кхоссалой, и кӀант цо лаьттах тоьхча, цуьнан бетах чопа а хӀуттий, цергаш а хьекхош, Ӏада а вой, вуьсу иза. Хьан мурдашка и жин арадаккхар дехнера аса, амма цаьрга иза дан ца дели».

[19] ТӀаккха Ӏийсас элира, цаьргахьа а вирзина: «Ва тешар доцу тукхам! Мел хир ву техьа Со шуна юкъахь? Мел лан деза техьа Аса шу? Схьавалаве иза Суна тӀе».

[20] КӀант Ӏийсана тӀе валийра. Ӏийса гича, жино кӀантана лазар а даийтина, иза охьатуьйхира. Ткъа важа, лаьтта охьа а воьжна, керча а керчаш, багара чопа а оьхуш дӀахӀоьттира.

[21] ТӀаккха Ӏийсас хаьттира цуьнан дега: «Мел хан ю цунна иза хуьлуш долу?» «Беран хенахь дуьйна», – элира дас.

[22] «Дукхазза а жино цӀерга а, хи чу а кхоьссина иза, верхьама. Нагахь Хьайга хӀуъа а цхьа хӀума далур делахь, тхох къинхетам бай, гӀо дехьа тхуна».

[23] Ӏийсас жоп делира цунна: «Дан лур делахь?! – Дерриге а далур ду Делах тешаш волчунна».

[24] КӀентан дас, мохь а хьоькхуш, элира: «Со баккъалла а теша! Со цатешарна, теша гӀо дехьа суна!»

[25] Шайна сихха тӀейогӀуш йолу адамийн тоба а гина, Ӏийсас жине элира: «Аса омра до хьоьга: ара а далий, кхин цкъа а хӀокхунна чу ма дола!» – аьлла.

[26] Ткъа жин, мохь а хьокхуш, кӀентан пхенаш чӀогӀа ийза а дойтуш, цунна чуьра араделира. КӀант, велча санна, Ӏуьллуш вара, цундела дукхахболчара бохура: «Иза велла».

[27] Ткъа Ӏийсас, кӀентан куьг а лаьцна, цунна хьалагӀатта гӀо дира.

[28] Цул тӀаьхьа, Ӏийса цӀа чу ваьлча, Иза Ша волуш, мурдаша хаттар дира Цуьнга: «Тхоьга хӀунда ца даккхаделира те и жин ара?» – аьлла.

[29] «И тайпа жинаш доӀанца бен, кхечу тайпана даккхалур долуш дацара», – аьлла, жоп делира Ӏийсас цаьрга.

[30] Цигара ара а бевлла, Галилай-махкахула бахара уьш. Цхьанна а шаьш догӀий хаа ца лаьара Ӏийсана,

[31] Шен мурдашца цхьаьна а висина, царна хьехамаш бархьама. Ӏийсас олура цаьрга: «Адамийн КӀант, нехан кара а велла, вуьйр ву, ткъа кхозлагӀчу дийнахь Иза денлур ву».

[32] Амма мурдаш ца кхийтира оцу дешнех, ткъа хатта уьш кхоьрура.

[33] Уьш Къапарнаме баьхкира. Ӏийса цӀа чохь волуш Цо хаьттира мурдашка: «Новкъахь догӀуш стенах лаьцна дуьйцуш дара шу?» – аьлла.

[34] Амма уьш бист а ца хилира, хӀунда аьлча уьш новкъа богӀучу хенахь цара вовшашлахь дийцинарг шайх уггаре лакхарниг муьлха ву те бохург дара.

[35] ТӀаккха Ӏийсас, охьа а хиъна, Шен шийтта мурд тӀе а кхайкхина, элира цаьрга: «Нагахь санна шух цхьанна хьалхара хила лаахь, иза массарал а тӀаьхьара хила веза, массеран а ялхо а хуьлуш».

[36] Бер схьа а эцна, иза царна юккъе дӀа а хӀоттийна, мара а доьллина, мурдашка элира Цо:

[37] «Сан дуьхьа оцу кегийчу берех цхьаъ тӀеэцначо Со а тӀеоьцу. Ткъа Со тӀеоьцучо, Со тӀеэцна а ца Ӏаш, Со Ваийтинарг а тӀеоьцу».

[38] Яхьъяс элира Ӏийсага: «Устаз! Вайна юкъара воццушехь а, Хьан цӀарах жинаш арадоху цхьа стаг гира тхуна. И вайх цхьаъ воцу дела, иза сацо гӀиртира тхо».

[39] Ӏийсас элира: «Сеца ма ве аш иза, хӀунда аьлча, цхьаммо а Сан цӀарах Ӏаламаташ а деш, гергарчу хенахь Сох лаьцна вониг дуьйцур дац,

[40] хӀунда аьлча вайна дуьхьал воцург вайца ву.

[41] Ткъа шу Дала леррина Къобалвинчунна тӀаьхьа хӀиттина долу дела, шуна хин кад луш волчунна, билггала боху Аса, шена догӀург дӀакхочур ду».

[42] «Амма, хӀокху Сох тешаш болчу лахара болчех цхьаьнга цхьаммо къа латадайтича, цунна гӀоле яра, шен коча хьеран тӀулг а оьллина, ша хӀорда чу кхоссийтича.

[43] Нагахь санна хьан куьйго хьоьга къа латадойтуш делахь, и куьг тӀера даккха – заьӀап а волуш, Далла гергахь вахар гӀоле ю, ши куьг а долуш, жоьжахате воьдучул, цкъа а йовр йоцучу цӀергахь а вогуш.

[45] Нагахь санна хьан кого хьоьга къа латадойтуш делахь, иза а дӀабаккха тӀера. Ког а боцуш Далла гергахь вахар гӀоле ю, ши ког а болуш жоьжахате кхуссуьйтучул.

[47] Ткъа нагахь хьан бӀаьрго хьоьга къа латадайтахь, чуьра баккха иза. Делан Олалла тӀе а лаьцна, Цунна юххехь цхьана бӀаьргаца вахар а гӀоле ю, ши бӀаьрг а болуш ша жоьжахате кхуссуьйтучул,

[48] цу чохь „уьш бууш болу нӀаьна а лийр бац, уьш багош йолу цӀе дӀа а йойур яц“.

[49] ХӀунда аьлча Дала цӀергахь цӀанваран баланах цхьа а вер вац, адам дахчорхьама.

[50] Туьха дика хӀума ю, амма цуьнан чам дӀабаьлча, иза юха дуьра стен дийр ду? Шайна чуьра туьхан чам ма байа, вовшашца бертахь а Ӏе».

Ӏийсас беана, Марка дӀаязбина болу хаза кхаъ — Chapters