[1] И мохк а битина, ЯхӀуд-махка Йордан тӀехьа дӀаволавелира Ӏийса. Юха а адамийн тобанаш йогӀура Цунна тӀе, ткъа гуттар а санна Ӏийсас царна хьехамаш бора.
[2] Масех парушхочо, Цунна тӀе а веана, Иза зуьйш, хаьттира Цуьнга: «Бакъонехь нийса дуй стага зуда дӀаяхийтар?» – аьлла.
[3] Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Муса-пайхамаро муха тӀедиллина шуна?»
[4] Цара элира: «Мусас бакъо елла майрачунна, дӀасакъастарх лаьцна йозанца дина долу тоьшалла а яздина, зуда йита».
[5] Ӏийсас элира цаьрга: «И шуна тӀедиллинарг Мусас дӀаяздина, шун дегнаш къиза долу дела.
[6] Амма Дала дуьне кхуллучу хенахь, „Цо и шиъ стаггий, зудий кхоьллина“.
[7] „Иза бахьана долуш, шен дай-наний а дитина, стаг шен зудчуьнца цхьаьнакхетар ву.
[8] ТӀаккха и шиъ цхьаъ хир ду“. ХӀинца уьш шиъ доцуш, цхьаъ санна долу дела,
[9] цхьаммо а къаста ма дойла Дала цхьаьнатоьхнарг!»
[10] ТӀаьхьо, уьш цӀа чохь болчу хенахь, мурдаша юха а цунах лаьцна хаттар дира Ӏийсага.
[11] ТӀаккха Ӏийсас жоп делира: «Шен зуда а йитина, кхин зуда ялорг ямартло еш ву.
[12] Ткъа зуда, майрачух дӀа а къаьстина, кхечуьнга маре йоьдуш елахь, иза а нахаца лелаш ю».
[13] Ӏийсага куьг тӀедиллийтархьама бераш далийра Цунна тӀе, амма мурдаша тӀе ца дуьтура уьш.
[14] Иза гиначу Ӏийсас, оьгӀаз а вахана, элира цаьрга: «ХӀара бераш тӀедахкийта Суна, царна дуьхьало ма е, хӀунда аьлча Делан Олалла тӀелаьцнарш уьш санна бу.
[15] Билггала боху шуьга: беро санна, Делан Олалла тӀе ца лоцуш верг цкъа а Делаца хир вац».
[16] ТӀаккха, и бераш мара а доьхкина, царна тӀе куьйгаш а дехкина, уьш декъалдира Ӏийсас.
[17] Ӏийса новкъа волучу хенахь, цхьа стаг тӀеведира Цунна. Гора а вахана, цо хаьттира Ӏийсага: «Дика Устаз! Дела волчохь цкъа а чекхдер доцу дахар кхачийтархьама ас хӀун дан деза те?»
[18] Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Сох „дика“ хӀунда олу ахьа? Цхьа а вац дика, цхьа Дела воцург.
[19] Дала тӀедехкина гӀуллакхаш хьуна хууш ма ду: „Адам а ма де, нахаца а ма лела, къола а ма де, харц тоьшалла а ма де, хӀилла а ма леладе, дай-наний а лара“?»
[20] Оцу стага элира Ӏийсага: «Устаз, беран хенахь дуьйна и дерриг а кхочушдеш, схьавогӀуш ву со».
[21] Ӏийсас, цуьнга хьажа а хьаьжна, и везавелла элира: «Цхьа хӀума юкъахдитина ахьа. Хьайн долахь мел дерг дӀа а дохкий, къечарна дӀасадекъа, тӀаккха стигалахь жовхӀар хир ду хьан. Цул тӀаьхьа, схьа а волий, Суна тӀаьхьахӀотта».
[22] Амма и дешнаш ма-хеззи, и стаг юьхь тӀехь хийца а велла, гӀайгӀане а воьжна, дехьавелира, хӀунда аьлча иза чӀогӀа хьал долуш вара.
[23] Ӏийсас, гонах а хьаьжна, элира Шен мурдашка: «Мел хала ду-кх хьалдолчу стагана, Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хила!»
[24] Мурдаш цецбевллера Цуьнан дешнех, амма Ӏийсас юха а элира цаьрга: «Сан бераш, мел хала хир ду-кх хьалдолчунна, Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хила.
[25] Эмкална а механ Ӏуьргахула чекхъяла атта ду, хьалдолчунна, Делан Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь хуьлучул».
[26] Ткъа мурдаш, кхин тӀе а цецбевлла, вовшашка хоьттуш бара: «ТӀаккха кӀелхьара мила ваккхалур ву те?» – бохуш.
[27] Цаьрга а хьоьжуш, Ӏийсас элира: «Иза адамашка далур долуш хӀума дац, амма Деле далур ду, Дела дерриге а дан ницкъ болуш волу дела».
[28] Кипас элира тӀаккха Цуьнга: «Хьажахьа! Дерриге Ӏадда а дитина, Хьуна тӀаьхьа хӀиттина-кх тхо».
[29] Ӏийсас жоп делира: «Баккъалла а боху шуьга: массарна а шайн цӀа а, я вежарий-йижарий а, я да а, нана а, я шайн латта а Сан дуьхьа а, хазачу кхоан дуьхьа а дитинчарна
[30] бӀозза сов лур ду цӀенош а, вежарий а, йижарий а, наной а, берашший а, латтий а. Цаьрца цхьаьна ницкъ хилар а хир ду царна, ткъа тӀейогӀучу хенахь Дела волчохь цкъа а хедар доцу дахар а хир ду.
[31] Амма хӀинца хьалхе йоккхуш болу дукхахберш тӀаьхьара хир бу, ткъа тӀаьхьарнаш хьалхара хир бу».
[32] Уьш кхин дӀа а Ярушалайме дӀабахара. Ӏийса хьалхаваьлла вогӀура, ткъа цецбевлла мурдаш а, нах а кхерамца Цунна тӀаьхьа хӀиттина боьлхура. Ӏийсас юха а, Шен шийтта мурд юьстах а ваьккхина, Шех хиндерг дийцира царна:
[33] «ЛадогӀалаш! Вай Ярушалайме доьлхуш ду, цигахь Адамийн КӀант динан коьрта дайн а, Ӏелам нехан а кара лур ву, тӀаккха цара Цунна вен кхел а йийр ю, Иза кхечу къаьмнийн нехан кара дӀа а лур ву.
[34] Цара хьийзор а ву, шеташ а кхуьйсур ю Цунна тӀе, шед еттар а ю, вуьйр а ву, амма кхозлагӀчу дийнахь Иза денлур ву».
[35] ТӀаккха Зевадин шина кӀанта Якъуба а, Яхьъяс а, Ӏийсана тӀе а вахана, элира: «Устаз! Тхан дехар кхочушдан лаьар-кх тхуна Ахьа».
[36] «Ткъа Ас хӀун дан лаьара шуна?» – элира Ӏийсас.
[37] Цара жоп делира: «Хьан олаллин нуьрехь Хьуна юххехь хилийтахь тхо, цхьаъ Хьан аьтту агӀор, важа аьрру агӀор», – аьлла.
[38] Амма Ӏийсас элира цаьрга: «Шаьш хӀун доьху а ца хаьа шуна. Ас молу къаьхьа кад малалур буй те шуьга? Со чекхволучу баланийн хӀордах довлалур дуй те шу?»
[39] Цара жоп делира: «Далур ду тхоьга иза», – аьлла. ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Аса молу къаьхьа кад а мер бу аша, Со чекхволучу баланийн хӀордах а чекхдевр ду шу,
[40] амма Сайн аьтту агӀор, я аьрру агӀор охьахаор – иза Сан карахь дац. И меттигаш цхьаболчу нахана кечйина, уьш хила еззачеран хир ю».
[41] Иза шайна хезча, висина итт мурд оьгӀазвахара Якъубана а, Яхьъяна а.
[42] ТӀаккха Ӏийсас, уьш Шена тӀе а кхайкхина, элира цаьрга: «Шуна хаьа, шаьш нахана юкъахь элий ду бохучара олалла дой царна тӀехь, ткъа лакхара хьалдолчу наха уьш бацабойла.
[43] Амма шуна юкъахь ма хуьлийла иштта. Ткъа шуна юкъахь лакхара хила лууш верг шун ялхо хуьлийла,
[44] я шун юкъара ша хьалхара хила лууш верг массеран а лай хуьлийла.
[45] ХӀунда аьлча Адамийн КӀант Шена хьалхара гӀуллакх дайта ца веана, амма Ша гӀуллакх дан а, Шен дахар дӀадала а веана, дукхахболчеран къинош дӀатакхархьама».
[46] Ӏийса мурдашца Ерихоне веанера. ТӀаккха Иза Шен мурдашца а, алссам долчу адамашца а цу гӀалара араволучу хенахь бӀаьрзе волу Тхьамайн кӀант Бар-Тхьамай вара, некъа йисте а хиъна, сагӀа доьхуш.
[47] Назартхо Ӏийса вогӀуш вуй а хезна, иза, мохь а бетташ, бохуш вара: «Ӏийса, Даудан кӀант! Къинхетам бехьа сох».
[48] Дукхахболчара иза чехавора, гӀовгӀа ма е а бохуш, амма и кхин а чӀогӀа мохь бетта вуьйлира: «Даудан кӀант! Къинхетам бехьа сох!» – бохуш.
[49] Ӏийсас, саца а сецна, иза Шена тӀекхайкхийтира. БӀаьрзечуьнга: «Доьналла долуш хила, тӀевола боху хьоьга!» – аьлла, кхайкхира уьш.
[50] Шен тӀехулара бедар дӀа а яьккхина, хьала а кхоссавелла, Ӏийсана тӀе веара иза.
[51] «Хьуна хӀун оьшу Соьгара?» – хаьттира Ӏийсас. БӀаьрзечо элира Цуьнга: «Устаз! БӀаьрса ган лаьа суна».
[52] Ӏийсас элира: «ДӀавало, хьан тешаро кӀелхьарваьккхи хьо». Цу сохьта бӀаьрса а деана, Ӏийсана тӀаьхьахӀоьттина некъахула вахара иза.