Skip to content
Opens in a new window
Listen to this chapter • 8:02

[1] Масех де даьлча, Ӏийса Къапарнаме юхавирзира. Иза цӀа вирзина аьлла, хабар даьржира.

[2] И волчу дукха адам гулделира, неӀарехула чувала меттиг а ца юьсуш, ткъа Ӏийсас царна хьехамаш бора.

[3] Баьхкинчарна юкъахь шен дегӀан дола ца далуш волу стаг айина вахьаш веана виъ стаг вара.

[4] Амма адам тӀех дукха хиларна, уьш Ӏийсана тӀе ца кхачалора. ТӀаккха цара, Ӏийса чохь волчу цӀенна тӀехула болчу тхов тӀе а бевлла, тховх Ӏуьрг а даьккхина, цомгушниг шен мотт-гӀайбица чу а воссийна, Ӏийсана хьалха охьавиллира.

[5] Церан Шех тешар гича, цомгушчуьнга Ӏийсас элира: «Сан кӀант, хьан къиношна гечдина».

[6] Цигахь хиъна Ӏаш масех Ӏелам стаг вара. Шайн дагахь цара бохура:

[7] «Иза хӀун ду те хӀокху стага дуьйцург? Цо ма Ӏеса къамел до. Къиношна гечдан хьенан бакъо ю, цхьа Дела воцучун?»

[8] Цу сохьта, церан дог-ойла хууш, Ӏийсас цаьрга элира: «ХӀун ойланаш ю аша йийраш?

[9] Цомгушчуьнга ала хӀун ду атта: „Хьан къиношна гечдина“, я: „ХьалагӀатта, хьайн мотт-гӀайба а эций, дӀагӀо“?

[10] Амма Суна лаьа шуна хаийта Адамийн КӀентан дуьнен тӀехь къиношна гечдан олалла дуйла». ТӀаккха цомгушчуьнга Ӏийсас элира:

[11] «Ас боху хьоьга! Хьала а гӀаттий, хьайн мотт-гӀайба схьа а эций, цӀа гӀуо!»

[12] Важа, сихха хьала а гӀаьттина, шен мотт-гӀайба а эцна, массарна а гуш аравелира. Чохь болчара чӀогӀа инзарбевлла, Далла хастамаш беш, бохура: «Тхуна цкъа а ца гина хӀуманаш ду-кх хӀорш!»

[13] Юха а Ӏоман берда тӀе веара Ӏийса. Цунна тӀе дукха адам деара, ткъа Ӏийса царна хьехамаш бан волавелира.

[14] Юххехула чекхволуш, Цунна ХӀалпайн кӀант Леви гира, ял схьагулъеш болчеран бун чохь хиъна Ӏаш. Ӏийсас элира цуьнга: «Суна тӀаьххье схьавола!» Леви, хьала а гӀаьттина, Цунна тӀаьххье дӀавахара.

[15] Цхьана дийнахь Ӏийса Левин цӀахь хӀума юуш вара. Дуккха а ял йоккхурш а, къинош летийна болу нах а бара Цуьнца а, Цуьнан мурдашца а, хӀунда аьлча Ӏийсана тӀаьхьахӀиттинарш алссам бара.

[16] Къинош летийна болчу нахаца а, ял йоккхуш болчаьрца а Ӏийсас хӀума юуш а гина, парушхойн юкъара Ӏеламчу наха хаьттира Цуьнан мурдашка: «Ял йоккхуш болчу а, къинош летийна болчу а нахаца хӀума хӀунда йоу Цо?» – аьлла.

[17] Ӏийсас, и хезна, элира: «Могуш болчарна лор оьшуш вац, цомгуш болчарний бен. Бакъахьара лелачаьрга кхайкхам бан ца веана Со, къинош летийначаьрга бен».

[18] Оцу хенахь Яхьъян мурдаш а, парушхойн мурдаш а марханаш кхобуш бара. Цкъа масех стага, тӀе а веана, хаьттира Ӏийсага: «И хӀун ду? Яхьъян мурдаша а, парушхоша а марха кхобу, ткъа Хьан мурдаша цкъа а марха кхобуш ма ца го?!»

[19] Ӏийсас жоп делира царна: «Масала, зуда ялийна меттиг хилча, зуда ялош волчун накъосташа и зуда ялош верг шайна юкъахь мел ву, марха кхобур дуй, шаьш гӀайгӀане хилар гойтуш? И стаг шайца мел ву, церан марха кхаба йиш яц.

[20] Ткъа цхьа хан йогӀур ю, и зуда ялийнарг дӀа а вигна, тӀаккха цара марха а кхобуш, уьш сингаттаме а хуьлуш».

[21] ТӀаккха Ӏийсас кхин а цхьа хьекъале дустар далийра царна: «Ширачу духар тӀе, керлачу кӀадих а яьккхина, йома латор яц цхьаммо а, хӀунда аьлча и йома тӀеттӀа а яхана, бедар тӀе а оьзна, и Ӏуьрг кхин а доккха хир ду.

[22] Я цхьаммо а керла чагӀар ширачу пӀаьлдиг чу ца дутту, хӀунда аьлча и пӀаьлдиг а бетӀар бу, чагӀар а Ӏенар ду. Керла чагӀар керлачу пӀаьлдиг чу дутту».

[23] Цкъа шоьтан дийнахь кӀа дийначу арахула чекхволуш вара Ӏийса. Цуьнан мурдаша цигахула бовлуш кӀен кенаш схьадохура.

[24] ТӀаккха и гиначу парушхоша хаьттира Цуьнга: «Хьажахь, Дала кхоьллинчу шоьтан садоӀучу дийнахь дан мегаш доцу гӀуллакх хӀунда до цара?» – аьлла.

[25] Ткъа Ӏийсас жоп делира царна: «Аша ца дешна, Дауд-паччахьо ша а, шен накъостий а мацбелча, динчух лаьцна?

[26] Иза, динан коьрта да Абу-ЯтӀари волчу хенахь, Делан цӀа чу а вахана, Далла къобалдина долу бепиг схьа а эцна, ша а диина цо, шеца болчу накъосташна а делла. Ткъа и бепиг динан дайшна бен даа мегаш ца хилла».

[27] КхидӀа а Ӏийсас элира цаьрга: «Шоьтан де адамашна кхоьллина ду, амма адам кхоьллина дац шоьтан денна.

[28] Цундела Адамийн КӀант Дала кхоьллинчу шоьтан денна тӀехь а Эла ву».

Ӏийсас беана, Марка дӀаязбина болу хаза кхаъ — Chapters