[1] Ярушалайме воьдучу новкъахь, Зайт-диттийн ламанца йолчу Бет-Паг а, Бет-ХӀина а меттигашка шаьш кхаьчча, Шен мурдех шиъ хьалхахьажийра Ӏийсас.
[2] Царна Цо тӀедиллира: «Шайна хьалха лаьттачу юьрта чу гӀо. Шу юьрта чу довллушехь, йихкина лаьтташ, адамех цхьа а шена тӀе а хааза, къона вир гур ю шуна, иза дӀа а ястий, схьаялае.
[3] Ткъа цхьаммо шайга хаттахь: „И хӀун ду аша дийриг?“ – аьлла, „Элана оьшу хӀара, Цо сихха юхаерзайойтур ю хӀара“, – ала».
[4] Мурдаш бахча, царна арахь кевнах йихкина къона вир а гира, цара иза дӀа а яьстира.
[5] Цигахь лаьттачех цхьаболчара хаьттира: «Аша хӀун леладо, дӀа стенна йосту аша иза?» – аьлла.
[6] Ӏийсас шайга ма-аллара, жоп делира мурдаша, тӀаккха вукхара дӀахийцира уьш.
[7] Цара, вир схьа а ялийна, цунна тӀе шайн тӀехулара бедарш тийсира, ткъа Ӏийса цунна тӀе хиира.
[8] Дукхахболчара шайн тӀехулара бедарш Цунна хьалха некъа тӀе охьатуьйсура, вукхара, дитташ тӀера гаьннаш а дохуш, уьш некъа тӀе охьадохкура.
[9] Хьалха бевлла а, тӀаьхьа хӀиттина а богӀучара чӀогӀа маьхьарий деттара: «„ХӀашанна!“ „Декъала ву Везачу Элана цӀарах вогӀуш Верг!“
[10] Декъала ю тӀейогӀур йолу вайн ден Даудан пачхьалкх! ХӀашанна! Хастам стигалшкара Веза Воккхачу Далла».
[11] Ӏийса, Ярушалайме а веана, Делан цӀийнан керта чу велира. Кертахь массанхьа а дӀаса а хьаьжна, хан яьлла хиларна, Шен шийтта мурд а эцна, Бет-ХӀине вахара.
[12] ШолгӀачу дийнахь хӀорш Бет-ХӀинера схьабевллачу хенахь Ӏийса мацвеллера.
[13] Геннара, тӀехь дукха гӀаш долу комарийн дитт а гина, цунна тӀе вахара Ӏийса, тӀехь комарш юй те хьажа. Диттана тӀевеача, гӀаш доцург хӀумма а ца карийра Цунна, хӀунда аьлча хӀинца а стом хуьлу хан яцара.
[14] ТӀаккха Ӏийсас элира дитте: «ХӀинца дуьйна цхьаммо а, цкъа а стом ма боийла хьуна тӀера!» Цуьнан мурдашна хезира Цо иза олуш.
[15] Уьш Ярушалайме баьхкира, цигара Делан цӀийнан керта ваьлча, цу кертахь йохкаэцар лелош болу нах дӀалоьхкура Ӏийсас. Ахчанаш хуьйцучеран гӀопастанаш а, кхокхарчий духкучеран гӀанташ а харцийра Цо.
[16] ТӀаккха цхьаьнгге а шайн юхку хӀуманаш Делан цӀийнан кертахула дӀаса ца йохуьйтура Цо.
[17] Ӏийсас хьехамаш бора царна: «Яздина дац: „Сан цӀа доӀанаш ден цӀа олуш хир ду, массо а къаьмнашна лерина долу“? Ткъа аша кхунах „зуламхойн бен“ бина».
[18] Ӏелам нахана а, динан коьртачу дайшна а дӀахезира иза. Цара ойла йора, Ӏийса хӀаллак муха вийр вара те бохуш. Уьш Цунах кхоьрура, хӀунда аьлча массо а халкъ цецдуьйлура Цуьнан хьехамех.
[19] Суьйранна, хан яьлча, Ӏийса, Шен мурдашца ара а ваьлла, дӀавахара оцу гӀалара.
[20] Ӏуьйранна, комарийн диттана уллохула чекхбовлуш, царна иза орамаш тӀера дуьйна дакъаделла гира.
[21] ТӀаккха, дага а деана, Кипас элира Ӏийсага: «Устаз! Хьажахь, Ахь сардам боьллина комарийн дитт дакъаделла-кх».
[22] Ӏийсас жоп луш, элира цаьрга: «Делах тешар хила!
[23] Аса баккъалла а боху шуьга: нагахь цхьаммо хӀокху ломе олу-кх: „Хьала а балий, хӀордана чу кхоссало“, – шен даг чохь шеко а йоцуш, ткъа ша аьлларг билггала хирг хиларх теша а тешаш и хилча, хир ду цунна цо аьлларг.
[24] Цундела боху шуьга: дерриге а шайн доӀан тӀехь аш мел доьхург делла хиларх тешаш хила – тӀаккха аш доьхург лур ду шуна.
[25] Шаьш доӀа дечу хенахь шайн даг чохь цхьанна вас елахь, къинтӀера довла цунна, шайн къиношна а Стигаларчу Дега гечдайтархьама».
[27] Юха а Ярушалайме баьхкира уьш. Ткъа Ӏийса Делан цӀийнан кертахь лелачу хенахь, динан коьрта дай а, Ӏелам нах а баккхийнаш а баьхкира Цунна тӀе.
[28] Цара элира Ӏийсага: «Муьлхачу бакъонца ду Ахь деш дерг? Хьан елла Хьуна и бакъо?»
[29] Ӏийсас, жоп луш, элира цаьрга: «Аса а дийр дара шуьга цхьа хаттар, аш Суна жоп лахь, тӀаккха Аса а эр ду шуьга, хьенан бакъонца деш ду и дерриг а.
[30] Яхьъяс хих чекхваккхар стигалара дара я адамашкара дара? – жоп лол Суна!»
[31] ТӀебаьхкинарш вовше барт бан хӀиттира: «Нагахь вай: „Стигалара яра“, алахь, Цо хоттур ду: „Цунах хӀунда ца тийшира шу?“ – аьлла.
[32] Амма нагахь: „Адамашкара яра“, – алахь...» (Уьш халкъах ца хӀуттура, хӀунда аьлча массарна а Яхьъя билггала пайхамар хетара.)
[33] Цара Ӏийсага жоп делира: «Ца хаьа тхуна», – аьлла. ТӀаккха Ӏийсас а дуьхьал элира: «Ас а эр дац шуьга, муьлхачу бакъонца деш ду Айса деш дерг».