Skip to content
Opens in a new window

[1] Веза Эла юха а оьгӀазвахара исраилхошна. Цо Дауд исраилхошна дуьхьалваьккхира. Дауда элира: «Даха а гӀой, Исраил-махкахь а, ЯхӀуд-махкахь а долу халкъ дагарде».

[2] Дауда шен эскаран хьаькам волчу Йоабе элира: «Даха а гӀой, Дан-гӀалара дуьйна Беар-ШабаӀе кхаччалц долчу массо а исраилхойн тайпанаш юкъахь долу халкъ дагарде, суна уьш мел бу хаийта».

[3] ТӀаккха Йоаба паччахье элира: «Хьан Везачу Дала халкъ кхин а бӀозза алсамдоккхийла, сан эла волчунна иза ган а гойла. Ткъа сан паччахь волчу элана хӀунда оьшу иза?»

[4] Амма паччахьо аьллачу дешнаша къера хилийтира Йоаб а, кхиболу тӀеман хьаькамаш а. Уьш, паччахьна уллора дӀа а бахана, Исраилан халкъ дагардан бахара.

[5] Йордан-хил дехьа а бевлла, ӀаруӀерахь севцира уьш, тогӀи чохь йолчу гӀалина къилбехьа. Цу тӀера уьш Гадин тайпанан махкахула ЯӀзир-гӀала йолчу дӀабахара.

[6] ТӀаккха уьш ГалӀада а, ТӀахтайм-Хьудшин а латтанашка дӀабахара, уьш кхин а Дан-ЯьӀнехула чекхбевлира. ТӀаккха уьш, го а баьккхина, ЦӀадан йолчу бахара.

[7] Иштта Цорарчу гӀопехула а, хьаьвихойн а, канаӀанхойн а гӀаланашкахула а чекхбевлира. ТӀаьххьара а ЯхӀуд-махкана къилбехьа Ӏуьллучу Беар-ШабаӀе кхечира уьш.

[8] Массо а махкахула чекх а бевлла, исс буттий, ткъа дей даьлча, уьш Ярушалайме кхечира.

[9] Нах багарбаран жамӀ паччахье дӀаделира Йоаба: кара тур а лаьцна, тӀом балур болуш волу бархӀ бӀе эзар исраилхо хилар, ткъа яхӀудхо – пхи бӀе эзар стаг.

[10] Ша халкъ дагардина ваьллачул тӀаьхьа, юьхьӀаьржачу хӀоттарна дог тохаделира Даудан. Везачу Эле цо элира: «И хӀума дар бахьана долуш аса сайх доккха къа латийна. Веза Эла, Хьан лай волчу суна гечдар доьху аса Хьоьга. ЧӀогӀа хьекъале доцу хӀума дина аса».

[11] Вукху дийнахь Ӏуьйранна Дауд самаваьлча, цуьнан Делера дерг гуш волчу Гада-пайхамаре Везачу Элан дош кхечира.

[12] Везачу Эло Гадига элира: «Ваха а гӀой, Дауде дӀаала: „Везачу Эло боху: ‘Хьуна лерина кхо таӀзар ду Сан. Царах хьайна цхьаъ схьахаржа, иза Соьга кхочушдайта’“».

[13] Гадас, Дауд волчу а веана, цуьнга элира: «ВорхӀ шарахь мацалла лаьттийла лаьа хьуна хьайн махкахь, я кхаа баттахь хьайн мостагӀех ведда лела лаьа хьуна, я кхаа дийнахь хьан махкахь ун хӀуттийла лаьа хьуна? Ойла а яй, соьга хаам бе, хӀун ала аса со Ваийтинчуьнга?»

[14] Дауда Гадига элира: «Соьгахь боккха бала бу! Везачу Элан кара дӀадалийтахьара тхо, Цуьнан къинхетам боккха болу дела. Ткъа адамийн кара тхо дӀа ма далийтахьара».

[15] Цу Ӏуьйранна дуьйна схьа Ша йиллина йолу хан тӀекхаччалц, Везачу Эло исраилхошна ун тӀехийцира. Дан-гӀалара дуьйна Беар-ШабаӀе кхаччалц долчу латтанаш тӀехь дехаш долчу халкъа юкъара кхузткъе итт эзар стаг велира и ун бахьана долуш.

[16] Ярушалаймана тӀе шен куьг хьалаайира Малико, иза хӀаллакьян дагахь, амма и бохам хилла дохковаьлла волчу Везачу Эло адам хӀаллакдеш долчу малике элира: «Тоьар ду! ХӀинца охьадахийта хьайн куьг». Везачу Элан малик цу хенахь явсайхо волчу Аравнин хьаьтта уллохь дара.

[17] Адам хӀаллакдеш долу малик шена гича, Дауда Везачу Эле элира: «Аса къа латийна! Сан бакъо йоцург дина аса! Амма хӀокху наха цхьа а вониг ца дина. Уьш, уьстагӀий санна, суна тӀаьхьахӀиттина лелла. Цундела Хьан таӀзар суна а, сан ден доьзална а тӀе доьрзийла».

[18] Цу дийнахь Гадас, Дауд волчу а веана, цуьнга элира: «Ваха а гӀой, Везачу Элана сагӀа доккхуш йолу меттиг кечъе явсайхо волчу Аравнин хьаьттахь».

[19] Дауда Везачу Эло Гадигахула шега аьлларг кхочушдира.

[20] Аравнина ша волчу вогӀуш волу паччахь а, цуьнан ялхой а гира. Ара а ваьлла, цо паччахьна хьалха лаьтта кхаччалц корта охьатаӀийра.

[21] Аравнис хаьттира: «Сан паччахь волу эла шен лай волчу хӀунда веана те?» Дауда жоп делира: «Со хьоьгара хьаьтта эца веана, кхузахь, Везачу Элана сагӀа доккхуш йолу меттиг а кечйина, ун сацадайтархьама».

[22] Аравнис Дауде элира: «СагӀа даккха шайна оьшуш мел долу хӀума схьаэца. Дийнаташ дагоран сагӀина оьшуш долу стерчий а, дечиган метта мекха а, стерчийн дукъ а кхузахь ду шуна.

[23] И ша мел ерг а ас хьуна дӀало, паччахь!» Аравнис кхин а цхьа хӀума элира паччахье: «Хьан Веза Дела реза хуьлда хьуна».

[24] Амма паччахьо Аравнига элира: «ХӀан-хӀа! Везачу Элана лерина долу сагӀа маьхза даккха ца лаьа суна. Аса цу лаьттах богӀу мах хьуна дӀалур бу». Дауда хьаьтта а, стерчий а ийцира, цунах шовзткъе итт шекхал дети а делла.

[25] Цигахь Дауда Везачу Элана лерина долу сагӀа доккху меттиг кечйира. Цо цигахь дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш а дехира. Везачу Эло цуьнан доӀанна жоп делира, Исраилан халкъана тӀера ун дӀа а даьккхира.

Дауд-паччахь — Chapters