Skip to content
Opens in a new window

[1] Цул тӀаьхьа Дауда Везачу Эле хаттар дира: «ЯхӀуд-махкарчу цхьана гӀала гӀой со?» Везачу Эло цунна жоп делира: «ГӀо». ТӀаккха Дауда юха а хаттар дира: «Мича гӀо со?» Юха а Цо жоп делира: «Хьевроне гӀо».

[2] Дауд цига дӀавахара, шеца шен ши зуда а эцна: израӀалхо йолу АхьнуӀмат а, Набалх йисина йолу кармалхо АбигӀал а.

[3] Дауда шеца болу нах а, церан доьзалш а дӀабигира. Уьш Хьевронехь баха хевшира.

[4] ЯхӀуд-махкарчу божарша, схьа а баьхкина, шайн цӀенна тӀехь паччахьалла дан къобалвира иза цунна тӀе зайтдаьтта доттарца. Кестта Дауде хабар кхечира, ГалӀадарчу Явешан бахархоша Шаул дӀавоьллина аьлла.

[5] Дауда ГалӀадарчу Явешан бахархой болчу шен геланчаш бахийтира хабар эцна: «Везачу Эло шу декъалдойла, шайн эла лаьттина волчу Шаулна, иза дӀа а верзош, шу тешаме хиларна.

[6] ХӀинца Веза Эла шуьца дика а, тешаме а хуьлда. Со а шуьца иштта дика хир ву, аша динарг бахьана долуш.

[7] Ткъа хӀинца шу доьналла долуш а, майра а хила хьовса деза, хӀунда аьлча шун эла хилла волу Шаул кхелхина, ткъа со ЯхӀудан тайпано шена тӀехь паччахь хила къобалвина».

[8] Амма Шаулан эскаран хьаькам волчу Неран кӀанта Абунара, Шаулан кӀант Иш-Бошат схьа а эцна, иза Махьанайме схьавалийра.

[9] Цо иза ГалӀадана а, Ашурайна а, ИзраӀална а, Эпраймана а, Бен-Яманан махкана а, берриг а Исраилан махкана а тӀехь паччахь вина дӀахӀоттийра.

[10] Цу хенахь Шаулан кӀентан Иш-Бошатан шовзткъа шо дара. Шина шарахь лаьттира иза, Исраил-махкана тӀехь долу паччахьалла шен карахь а долуш. Даудана тӀаьхьа ЯхӀудан тӀаьхье бен ца хӀоьттира.

[11] ВорхӀ шараххьий, ялх баттаххьий лаьттира Хьевронехь ЯхӀудан тӀаьхьенна тӀехь Даудан паччахьалла.

[12] Неран кӀант Абунар а, Шаулан кӀентан Иш-Бошатан эскархой а, Махьанаймера ара а бевлла, ГавӀон-гӀала дӀабахара.

[13] Даудан тӀемалошца аравелира Царуятан кӀант Йоаб а. Уьш ГавӀонерачу Ӏома йистехь дуьхь-дуьхьал кхийтира. ТӀемалойн цхьа тоба Ӏоман цхьана йисте охьахиира, ткъа важа вукху йисте хиира.

[14] Абунара Йоабе элира: «Кегий нах, хьала а гӀиттабай, шайга хӀун дало хьовсийта». Йоаба жоп делира: «Дика ду, хьалагӀовттийта».

[15] Шаулан кӀант волчу Иш-Бошатан агӀонера шийтта бен-яманхо хьалагӀаьттира. Царна дуьхьал Даудан шийтта эскархо а гӀаьттира.

[16] Цара хӀораммо а, вовшийн кортош схьа а лаьцна, агӀонаш чу тур дахийтира. И кӀентий цхьаьний охьаийгира. Цу меттиган цӀе, ГавӀонера Хьелкхат-ХӀацурайм аьлла, тиллира (иза «таррийн аре» бохург ду).

[17] Цу дийнахь цара чӀогӀа тӀом бира. Даудан эскархоша Абунар а, цуьнца хилла болу исраилхой а эшийра.

[18] Цигахь Царуятан кхо кӀант вара: Йоаба, Абушай, ӀасахӀал. ӀасахӀал, акха сай санна, чехка вадалуш вара.

[19] Иза Абунарна тӀаьхьавелира, цуьнан лорана тӀера я аьтту, я аьрру агӀор а ца волуш.

[20] Абунара, юха а хьаьжна, цуьнга элира: «Хьо вуй иза, ӀасахӀал?» Вукхо жоп делира: «Со ву».

[21] ТӀаккха Абунара ӀасахӀале элира: «Аьтту я аьрру агӀор а таӀий, хьайна цхьа жима стаг схьа а харжий, иза вен а вей, цуьнан герз схьаэца». Амма ӀасахӀална ца лиира цунна тӀаьхьара дӀавала.

[22] Абунара юха а цуьнга элира: «ДӀавала суна тӀаьхьара, ма вейта соьга хьо. Со муха гӀур ву хьан вешина Йоабана дуьхьал?»

[23] Амма важа цунна тӀаьхьара ца волура. ТӀаккха Абунара, юха а вирзина, цунна хьажийна, шен гоьмукъ Ӏоьттира, иза, цуьнан гайх чекх а баьлла, букъах арабелира. ӀасахӀал цигахь, охьа а воьжна, велира. Иза веллачу меттигна уллохула тӀехволуш мел верг цигахь соцура.

[24] ӀасахӀалан ши ваша Йоаббий, Абушай Абунарна тӀаьхьавелира. Малх чубузуш бара, и шиъ Гихьана дуьххьал болчу, ГавӀонерачу яьссачу аренга боьдучу новкъахула Ӏуьллуш болчу, Аьми олучу гу тӀе кхаьчча.

[25] Бен-яманхой, Абунарна гонах а бевлла, шайх цхьа тоба а йина, вукху гунан буьххье дӀахӀиттира.

[26] Абунара Йоабе мохь туьйхира: «Массо а хенахь летар дуй те вай вовшех? Хьуна ца хаьа, хӀокху хӀуманан тӀаьхье балане хир юйла? Маца эр ду ахь хьайца болчаьрга, шайн вежаршна тӀаьхьадовлий ма лела?»

[27] Йоаба элира: «Дийна волчу Делах чӀагӀо йо ас: ахьа иштта ца аьллехьара, сан эскархой кханалера Ӏуьйре тӀекхаччалц шайн вежаршна тӀаьхьабевлла лелар ма бара».

[28] Эццахь Йоаба коьман маӀа лекхира. Адам исраилхошна тӀаьхьадаьлла лелачуьра сецира. ТӀом дӀабелира.

[29] Абунар а, цуьнца болу нах а буьйсанна Йордан-хин тогӀехула дӀаихира. Уьш, Йордан-хил дехьа а бевлла, шолгӀачу дийнахь а новкъахь бара. ТӀаьххьара а уьш Махьанайме схьакхечира.

[30] Йоаб Абунарна тӀаьхьаваьлла лелачуьра юхавирзира. Цо адам схьагулдира. Царна юкъахь, ӀасахӀал воцург, Даудан эскархойх ткъайоьсна стаг тӀеоьшуш вара.

[31] Даудан эскархоша Абунаран нах а, бен-яманхой а эшийра. Церан вийна верг кхо бӀе кхузткъа стаг вара.

[32] Дакъа схьа а эцна, ӀасахӀал Байтлахам-гӀалахь шен ден коша чохь дӀавоьллира цара. Йоаб шеца болчаьрца буьйса дӀаяллалц новкъахь вара. Сахуьллучу хенахь уьш Хьевроне кхечира.

Дауд-паччахь — Chapters