[1] Дауд-паччахь дикка къанвелла, хан тоьхна стаг волуш, иза хӀуъа дича а вох ца лора. Паччахь вохвалийта ялхоша юргӀанаш тосура цунна тӀе.
[2] ТӀаккха паччахьан уллорачара элира цуьнга: «Оха къона йоӀстаг лохур ю хьуна, цо хьан гӀайгӀа бийр бу. Иза хьуна улло охьаюьжур ю, тӀаккха хьо вохлур ву».
[3] Берриг Исраил-махкахула чекхбовлуш, хаза йоӀ лийхира цара паччахьна. ТӀаккха АбишагӀ цӀе йолу шунамхо а карийна, иза паччахьна тӀе ялийра цара.
[4] И йоӀ чӀогӀа хаза яра. Цо дика дола дора паччахьан, амма паччахьо цунах куьг а ца туьйхира.
[5] Кураваьллачу Хьагатан кӀанта Адан-ЯхӀус (иза Дауд-паччахьан дийна бисинчех воккхаха волу кӀант вара) ша паччахь хир ву олура. Цо шена гӀудалкхаш а кечйира, дошлой а хаьржира, шовзткъе итт сиха лела стаг а гулвира.
[6] Дас цкъа а, иза я важа хӀунда леладо ахьа аьлла, ца хоттура цуьнга. Адан-ЯхӀу чӀогӀа хаза вара. Иза Абушаламал тӀаьхьа вина вара паччахьна.
[7] Царуятан кӀантах Йоабах а, динан да волчу Абу-ЯтӀарих а дагаволура Адан-ЯхӀу. Цара гӀо а дора цунна.
[8] Амма динан да ЦӀадукъа а, БенъяхӀун кӀант ЯхӀу-ЯдаӀ а, Ната-пайхамар а, ШамаӀи а, РеӀа а, Дауд-паччахьан доьналла долу тӀемалой а Адан-ЯхӀугахьа бацара.
[9] Ӏейн-РегӀал олучу шовданан йистехь, Зохьелат олучу тӀулгана уллохь, Дауд-паччахьан кӀентий болу шен берриге вежарий а, паччахьан кертахь гӀуллакх деш болу берриге яхӀудхой а кхайкхина, стерчий, уьстагӀий, эсий дайира Адан-ЯхӀус.
[10] Ткъа Ната-пайхамар а, паччахьан кертахь ха деш болчеран хьаькам волу БенъяхӀу а, важа майра турпалхой а, иштта шен ваша Сулим а ца кхайкхинера Адан-ЯхӀус.
[11] ТӀаккха Ната-пайхамаро Сулиман нене Бат-ШабаӀе элира: «Хьуна хезний Хьагатан кӀант Адан-ЯхӀу паччахь хилла воллий а, ткъа вайн олахочунна Дауд-паччахьна иза ца хаьий а?
[12] Ткъа хӀинца ас хьехар дийр ду хьуна, хьайн а, хьайн кӀентан Сулиман а дахар ахьа муха кӀелхьардаккха деза аьлла.
[13] Дауд-паччахьна тӀе а гӀой, ала цуьнга: „Сан паччахь волу олахо, хьайн лай йолчу соьга чӀагӀо еш, ахьа ца элира: ‘Хьан кӀант Сулим хьол тӀаьхьа хьан метта, паччахь хилла, охьахуур ву аьлла? Ткъа хӀинца Адан-ЯхӀу хӀунда хуьлуш ву паччахь?’
[14] Ткъа хьо паччахье йистхуьлуш йоллучу хенахь, со хьуна тӀаьххье чувер ву, ахьа аьллачунна догӀург тӀе а тухуш“».
[15] Паччахь вуьжучу цӀа чу елира Бат-ШабаӀ. Паччахь чӀогӀа къена вара. Цунна оьшург деш шунамхо йолу АбишагӀ яра цу чохь.
[16] Бат-ШабаӀа, охьа а таьӀна, корта охьабахийтира паччахьна хьалха. Ткъа паччахьо элира: «Хьуна хӀун оьшу?»
[17] Бат-ШабаӀа жоп делира: «Сан олахо, сан паччахь! Хьайн Далла хьалха хьайн лай йолчу суна чӀагӀо ма йира ахьа, сан кӀант Сулим хьайл тӀаьхьа паччахь хилла охьахуур ву аьлла.
[18] Ткъа хӀинца Адан-ЯхӀух паччахь хилла боху. Хьуна-м, сан паччахь волу олахо, иза хаа а ма ца хаьа.
[19] Дуккха а стерчий а, эсий а, уьстагӀий а дайина, массо а хьан, паччахьан, бераш а, динан да Абу-ЯтӀари а, тӀемалойн хьаькам волу Йоаб а кхайкхина цо. Ткъа хьан лай волу Сулим цо ца кхайкхина.
[20] Сан паччахь волу олахо, массо Исраилан халкъан бӀаьргаш хьуна тӀе боьгӀна бу, ахьа дӀакхайкхоре ладоьгӀуш, сан паччахь волу олахо, хьан метта, хьол тӀаьхьа мила хир ву те бохуш.
[21] ХӀунда аьлча сан паччахь волу олахо, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхетча, суна а, сан кӀантана Сулимна а тӀе бехк божор бу».
[22] Бат-ШабаӀ паччахье йистхилла а ялале, Ната-пайхамар схьавеара.
[23] Паччахье хаам бира, Ната-пайхамар веана аьлла. Паччахь волчу чу а ваьлла, шен корта лаьтта кхаччалц охьатаӀийра Ната-пайхамаро. (Цу хенахь Бат-ШабаӀ чуьра араелира, хӀунда аьлча, шен гӀуллакх дахьаш, паччахь волчу цхьана стеган бен ван йиш яцара.)
[24] Цо элира: «Сан паччахь волу олахо! Аьллерий те ахь, хьайл тӀаьхьа паччахьалла а деш, хьайн метта Адан-ЯхӀу охьахуур ву аьлла?
[25] ХӀунда аьлча Адан-ЯхӀус тахана, ара а ваьлла, дуккха а стерчий а, эсий а, уьстагӀий а дайина. Берриге а паччахьан кӀентий а, тӀемалойн хьаькамаш а, динан да волу Абу-ЯтӀари а тӀе а кхайкхина, Ӏаш ву иза. ХӀинца уьш и волчохь юуш а, молуш а бу. Цара боху: „Вехийла Адан-ЯхӀу-паччахь!“
[26] Ткъа хьан лай волу со а, динан да ЦӀадукъа а, ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу а, хьан лай Сулим а ца кхайкхина цо.
[27] Сан паччахь волчу олахочун лаамца хилла дуй те иза? Хьан лай волчу соьга хӀунда ца хаийтина те ахьа, мила хуур ву сан паччахь волчу олахочул тӀаьхьа цуьнан метта паччахьалла дан?»
[28] ТӀаккха Дауд-паччахьо элира: «Схьакхайкхал суна тӀе Бат-ШабаӀ». Иза, паччахь волчу а еана, цунна хьалха дӀахӀоьттира.
[29] ТӀаккха жоп луш, Дауд-паччахьо элира: «Сан массо а халчу баланех со кӀелхьарваьккхинчу, дийна волчу Везачу Элах дуй боу ас,
[30] Исраил халкъан Везачу Далла хьалха айса хьуна чӀагӀо ма-ярра, хьан кӀант Сулим, паччахьалла а деш, сан метта охьахуур ву аьлла. Иштта иза дийр а ду ас тахана».
[31] ТӀаккха, корта лаьтта кхаччалц паччахьна хьалха охьа а таӀийна, Бат-ШабаӀа элира: «Вехийла сан паччахь волу олахо абаденналц!»
[32] Цул тӀаьхьа Дауд-паччахьо элира: «Схьакхайкха суна тӀе динан да волу ЦӀадукъа а, Ната-пайхамар а, ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу а». Уьш паччахь волчу чубевлира.
[33] Паччахьо элира цаьрга: «Шайца сан уллоранаш а эций, сан кӀант Сулим, сан бӀарзанна тӀе а хаавай, Гихьон-шовданна йисте дӀавига.
[34] Цигахь динан дас ЦӀадукъас а, Ната-пайхамаро а Исраил-махкана тӀехь паччахьалла дан къобалвийр ву Сулим, коьрта тӀе даьтта а дуттуш. Цул тӀаьхьа, уьстагӀан маӀа а локхуьйтуш, дӀакхайкхаде: „Вехийла Сулим-паччахь!“ – аьлла.
[35] И хӀума шаьш дина девллачул тӀаьхьа юха схьавалаве иза. ТӀаккха Сулим, схьа а веана, сан, паччахьан, метте охьахуур ву. Цо сан метта паччахьалла дийр ду. Исраилан халкъана а, ЯхӀудан халкъана а тӀехь баьчча хила аьлла, весет дина аса цуьнга».
[36] ЯхӀу-ЯдаӀан кӀанта БенъяхӀус, паччахье жоп луш, элира: «Амин! Иштта олийла Везачу Эло, сан паччахь волчу олахочун Дала.
[37] Веза Эла сан паччахь волчу олахочуьнца ма-хиллара, иштта хуьлийла Иза Сулимца а, сан олахо волчу Даудан паччахьаллел а, лакхадоккхийла Цо Сулиман паччахьалла а».
[38] ТӀаккха динан да волчу ЦӀадукъас а, Ната-пайхамаро а, ЯхӀу-ЯдаӀан кӀанта БенъяхӀус а, кератхоша а, палетхоша а Сулим, Дауд-паччахьан бӀарзанна тӀе а хаийна, Гихьон олучу шовдан йисте вигира.
[39] Цул тӀаьхьа динан дас, деза четар чуьра деза хьакхар чохь долу маӀа схьа а эцна, и хьакхар Сулиман коьрта тӀе доьттира. ТӀаккха зурманчаша коьман маӀа лекхира. Дерриг халкъо, аз айадеш, бохура: «Вехийла Сулим-паччахь!»
[40] Цул тӀаьхьа дерриг а халкъ, зурманаш а лоькхуш, Сулимна тӀаьхьахӀоьттира. Массо а халкъана и хӀума чӀогӀа хазахеттера. Церан маьхьарша дерриг а латта дегадора.
[41] ХӀума юучуьра севцича, Адан-ЯхӀуна а, цо кхайкхинчарна а и гӀовгӀанаш хезира. Ткъа коьман маӀан гӀовгӀа хезна волчу Йоаба элира: «И хӀун гӀовгӀа ю яьлларг? ХӀун ду те гӀалахь хилларг?»
[42] Цо и боххушехь, динан ден Абу-ЯтӀарин кӀант ЯхӀуната тӀевеара. Ткъа Адан-ЯхӀус цуьнга элира: «Чувала, хьо хьанал стаг ву. Ахьа дика кхаъ беана хир бу».
[43] ТӀаккха ЯхӀунатас Адан-ЯхӀуга жоп делира: «ХӀан-хӀа. Дика кхаъ бац ас беанарг! Вайн олахочо Дауд-паччахьо Сулим паччахь вина дӀахӀоттийна.
[44] Паччахьо динан да ЦӀадукъа а, Ната-пайхамар а, ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу а, кератхой а, палетхой а бахийтина, цара Сулим паччахьан бӀарзанна тӀе хаийна.
[45] ТӀаккха Гихьон-шовданан йистехь динан да волчу ЦӀадукъас а, Ната-пайхамаро а Сулим паччахь ван къобалвина. Цигара дӀадоьдуш долу халкъ чӀогӀа хазахетта ду, ерриг гӀала а меттахъяьлла. Цундела яьлла шуна хезаш йолу и гӀовгӀа.
[46] ХӀинца паччахьан метта Сулим охьахиъна.
[47] Ткъа паччахьан уллорачара, вайн олахо Дауд паччахь декъалвеш, элира: „Хьан Дала Сулиман цӀе хьан цӀарал а сов язйойла, цуьнан паччахьалла хьан паччахьаллел а лакхадоккхийла“. ТӀаккха Дауд-паччахь ша меттахь волччохь охьатаьӀира царна.
[48] Дауд-паччахьо иштта дешнаш элира: „Декъал ву Веза Эла, Исраилан халкъан Дела, тахана сан кӀант сан метта паччахь хилла охьахууш суна гайтина волу!“»
[49] ТӀаккха Адан-ЯхӀус кхайкхина берш, кхера а белла, шайн-шайн цӀа дӀасабахара.
[50] Ткъа Сулимах кхоьруш волу Адан-ЯхӀу, хьала а гӀаьттина, вахана сагӀа доккхучу кхерчан маӀех тасавелира.
[51] ТӀаккха Сулимна тӀе хабар кхачийра, Адан-ЯхӀу Сулим-паччахьах кхера а велла, и кхерч схьа а лаьцна, лаьтташ ву аьлла. Цо доьху шена Сулим-паччахьо чӀагӀо яр, шен лай Адан-ЯхӀу тур тоьхна цо вуьйр вац аьлла.
[52] Ткъа Сулим-паччахьо элира: «Нагахь иза хӀинца дуьйна дог цӀена стаг хилахь, цуьнан коьрта тӀера цхьа а чо лаьтта охьабожор бац, амма иза ямарта хилахь, лийр ву».
[53] ТӀаккха Сулим-паччахьо, ялхой а бахийтина, сагӀа доккхучу кхерчан уллора схьавалавайтира Адан-ЯхӀу. Иза схьа а веана, Сулим-паччахьна хьалха охьатаьӀира. Ткъа Сулим-паччахьо Адан-ЯхӀуга элира: «Вало, хьайн цӀа гӀо».