Skip to content
Opens in a new window

[1] Исраилан халкъан массо а тайпанашкара болчу наха, Дауд волчу Хьевроне а баьхкина, цуьнга элира: «Тхо хьан са а, цӀий а ду.

[2] Шаул тхуна тӀехь паччахьалла деш волчу хенахь а, ахьа Исраилан халкъ тӀам тӀе а дигна, цигара юха а далийна. Везачу Эло хьоьга элира: „Хьо Сан Исраилан халкъана тӀехь жаӀу хир ву, цуьнан баьчча а хир ву“».

[3] Исраилан халкъах болу берриг а къаной Дауд волчу Хьевроне баьхкира. Цо цаьрца Хьевронехь Везачу Элана хьалхахь барт бира. Дауд Исраилан халкъан паччахь ван, зайтдаьтта а дуттуш, къобалвира цара.

[4] Паччахь хилла Дауд дӀахӀоьттича, цуьнан ткъе итт шо дара. Дауда шовзткъа шарахь паччахьалла дира.

[5] Хьевронехь ша волуш, цо ЯхӀудан халкъана тӀехь ворхӀ шараххьий, ялх баттаххьий шен паччахьалла латтийна, ткъа Ярушалаймехь иза дерриг а Исраилан халкъана а, ЯхӀудан халкъана а тӀехь ткъе кхойтта шарахь паччахь хилла лаьттира.

[6] Паччахь а, цуьнца болу нах а Ярушалайме бахара, цигахь бехаш болчу явсайхошна тӀелата. Ткъа цара Дауде элира: «Хьо кхуза чувогӀур вац: ур-атталла бӀаьрзечарий, астагӀчарий дӀалоллур ву хьо». Иза «Дауд кхуза чувалур вац» бохург дара.

[7] Делахь а, уьш эша а бина, Дауда Цийон олуш йолу гӀап схьаяьккхина. ТӀаьхьо цу гӀопана, «Даудан гӀала» аьлла, цӀе тиллира.

[8] Цу дийнахь Дауда элира: «Явсайхой эшо лууш мел верг лаьтта кӀелахь йолчу биргӀанехула ваха веза, „бӀаьрзе а, астагӀа а“ болу сан мостагӀий болчу царна тӀекхачархьама». Цундела олуш ду: «АстагӀа верггий, бӀаьрзениггий цӀа чу вогӀур вац».

[9] Дауд цу гӀопа чохь ваха хиира, цуьнан цӀе, «Даудан гӀала» аьлла, тиллира. Цо гӀалина гонах долчу лаьтта тӀехь гӀишлош дӀахӀиттийра. Цо Милло олучу гу тӀера дуьйна дӀахӀиттийнера уьш.

[10] Даудан паччахьалла чӀагӀлуш дӀадоьдуш дара, массо ницкъийн Веза Дела а цуьнца вара.

[11] Цора-гӀалара паччахьо Хьирама Дауд волчу геланчаш бахкийтира. Цара баганан дечиган дитташ а деара, шайца тӀулган а, дечиган а пхьераш а балийра. Цара Даудана цӀенош дира.

[12] ТӀаккха хиира Даудана Везачу Эло ша исраилхойн паччахьан даржехь чӀагӀвинийла а, Цо хаьржина долчу Исраилан халкъан дуьхьа шен паччахьалла айинийла а.

[13] Хьевронера Ярушалайме а веана, Дауда шена кхин а зударий а, гӀарбаш-зударий а бигира. Кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира Даудан.

[14] Ярушалаймехь цунна дина долчу берийн цӀераш иштта яра: ШамуӀ, Шубаб, Ната, Сулим,

[15] Ибхьар, Эли-ШуӀа, Непаг, ЯпияӀ,

[16] Эли-ШамаӀ, ЭлидаӀ, Эли-Пулат.

[17] ПӀелаштамхошна Дауд Исраилан паччахь къобалвинийла дӀахиъча, уьш массо а иза лаха арабевлира. Амма Дауд, шена и хезча, шен чӀагӀйина йолчу меттиге дӀавахара.

[18] Ткъа пӀелаштамхой, схьа а баьхкина, Репайм олучу тогӀи чохь охьахевшира.

[19] Дауда Везачу Эле хаьттира: «Со пӀелаштамхошна дуьхьал вала мегий? Ахьа уьш сан кара схьалур буй те?» Везачу Эло жоп делира: «Мега. Аса пӀелаштамхой хьан кара дӀалур бу».

[20] Дауда, БаӀал-Паруциме а вахана, пӀелаштамхой эшийра. Дауда элира: «Дистина тӀедогӀучу хино санна, Везачу Эло дӀабехира сан мостагӀий суна хьалхара». Цундела цу меттиган цӀе, БаӀал-Паруцим аьлла, тиллина (иза «хи тӀедаларан олахо» бохург ду).

[21] ПӀелаштамхоша цигахь шайн цӀуш битира, ткъа Дауда а, цуьнца болчара а уьш схьаийцира.

[22] Юха а пӀелаштамхой, баьхкина, Репайм олучу тогӀи чохь охьахевшира.

[23] Дауда кхин цкъа а Везачу Эле хаттар дира, Цо цунна жоп делира: «Царна дуьхьал ара ма вала. ТӀехьахула тӀе а гӀой, комарийн дитташ долчу агӀор царна тӀелата.

[24] Хьайна, комарийн диттийн баххьашкахула цхьаъ дӀавоьдуш санна, гӀовгӀа хазахь, сихха царна тӀе гӀо. Цунах хьуна хуур ду, Веза Эла, хьуна хьалха а ваьлла, пӀелаштамхойн эскар хӀаллакдан воьдийла».

[25] Дауда Везачу Эло шена тӀедиллинарг кхочушдира. Цо пӀелаштамхойн эскар ГавӀон-гӀалара дуьйна ГӀазар-гӀалина тӀекхаччалц эшийра.

Дауд-паччахь — Chapters