Skip to content
Opens in a new window

[1] Шо даьлча, паччахьаш тӀамана арабовлучу хенахь, Дауда Исраилан халкъан эскар а, шен эскархой а Йоабаца арабовлийтира. Цара, Ӏамминхой эша а бина, церан Рабба олучу гӀалина го бира. Ткъа Дауд Ярушалаймехь сецира.

[2] Цхьана дийнахь вижначуьра гӀаьттина волу Дауд паччахьан цӀийнан шерачу тхов тӀехула волавелла лелаш вара. Цигара дӀахьаьжча, цунна хи чохь луьйчуш йолу цхьа зуда гира. Иза чӀогӀа хаза яра.

[3] Цо, и зуда мила ю хьажа, ялхо вахийтира. Ялхочо Дауде элира: «Иза ЭлиӀаман йоӀ Бат-ШабаӀ ю, хьетахо волчу УръяхӀун зуда а ю».

[4] Ткъа Дауда и зуда ша волчу схьаяло геланчаш бахийтира. Иза Дауд волчу схьаялийра, Дауд цунах кхийтира. (Ткъа шен беттан цӀанъялар цу зудчо хӀинца чекхдаьккхинера.) ТӀаккха иза шен цӀа яхара.

[5] Иза берах хилира. Цо Дауде, ша берах ю аьлла, хабар дахьийтира.

[6] Дауда Йоабе хабар дахьийтира: «Схьахьажаве со волчу хьетахо волу УръяхӀу», – аьлла. Йоаба УръяхӀу Дауд волчу дӀавахийтира.

[7] УръяхӀу Дауд волчу веара. Паччахьо цуьнга Йоабах лаьцна а, эскарх лаьцна а, тӀамах лаьцна а хеттарш дира.

[8] Цул тӀаьхьа Дауда УръяхӀуга элира: «ЦӀа а гӀой, хьайн ши ког била». УръяхӀу паччахьан цӀа чуьра аравелира. Цунна тӀаьхьа совгӀатна паччахьо даар-малар дахьийтира.

[9] Амма УръяхӀу шен цӀа ца вахара. Шен олахочун массо а ялхочуьнца паччахьан цӀийнан ков долчу дӀавижира иза.

[10] Дауде, УръяхӀу шен цӀа ца вахана аьлла, хаам кхаьчначул тӀаьхьа, паччахьо цуьнга хаьттира: «Бехачу новкъара юхавирзина ма ву хьо, хьайн цӀа хӀунда ца вахара хьо?»

[11] УръяхӀус Дауде элира: «Делан тӀорказ а, Исраилан халкъ а, ЯхӀудан халкъ а четарш кӀелахь ду. Сан эла волу Йоаб а, цуьнан массо а эскархо а аренгахь шайн меттамотт лаьттачохь бу. Муха Ӏийр вара со, сайн цӀа а вахана, дууш-молуш, сайн зудчуьнца дӀа а вуьжуш? Хьан дахарх а, хьан синах а дуй боу аса, и санна дерг дийр ма дацара аса аьлла».

[12] ТӀаккха Дауда УръяхӀуга элира: «Кхин цхьа де а даккха кхузахь, кхана аса дӀавохуьйтур ву хьо». Кханалера де тӀекхаччалц, УръяхӀу Ярушалаймехь сецира.

[13] Дауда УръяхӀу ша волчу дӀакхайкхира. И шиъ дууш, молуш Ӏийра. Дауда цунна малийра. Амма УръяхӀу юха а, шен цӀа а ца воьдуш, шен паччахь волчу элан ялхошца цхьаьна дӀавижа вахара.

[14] ШолгӀачу Ӏуьйранна Дауда, Йоабе кехат а яздина, иза УръяхӀуца дӀадахьийтира.

[15] Кехата тӀехь Дауда яздира: «УръяхӀу тӀамехь хьалхахь лаьтташ болчу тӀемалошца дӀахӀоттаве, уггар чӀогӀа тӀом бечу меттехь. Цул тӀаьхьа, цунна уллора дӀа а довлий, иза вейта».

[16] Леррина гӀала дӀахьаьжча, Йоабана хаьара, уггар майра Ӏамминхой мичахь лаьтташ бу. Цу метте УръяхӀу дӀавахийтира цо.

[17] ГӀалара нах, ара а бевлла, Йоабан эскарца тӀом бан хӀиттича, Даудан эскарна юкъара масех стаг вийра. Хьетахо волу УръяхӀу а вара царах цхьаъ.

[18] Йоаба тӀамехь мел хилларг Дауде дӀадийца стаг вахийтира.

[19] Ша вохуьйтуш волчу геланчина тӀедиллира Йоаба: «Хьо тӀамах лаьцна паччахьна дӀадийцина ваьлча,

[20] хьайна иза оьгӀазвахана гахь, цо резавоцуш хьоьга: „Шу стенна дахнера гӀалина улло? Шуна ца хаьара, шайна гӀалин пенаш тӀера пхерчий кхуьссур дуйла?

[21] Хьан вийна Яруб-Бошатан кӀант Абу-Малик? Зудчо ца кхоьссина цунна тӀе кохьаран дакъа, иза Табацахь вала а леш? Стенна дахнера шу цу гӀалин гонахарчу пенна сел улло?“ – ала мега. Цо иза аьллачул тӀаьхьа, ахьа хаам бе: „Хьан лай волу хьетахо УръяхӀу а вийна“ – алий».

[22] Геланчо, дӀа а вахана, Дауде, Йоаба шена ма-хьеххара, тӀамах лаьцна шадерг а дӀадийцира.

[23] Цо шен къамелехь кхин а тӀетуьйхира: «Эрначу арахь и нах тхуна тӀелетира. Оха цаьрца тӀом болийра, цул тӀаьхьа, лаьхкина, уьш гӀалин кевнна тӀе кхаччалц дӀа а бигира.

[24] Цул тӀаьхьа хьан эскархой болчийн агӀор гӀалин пенаш тӀера пхерчий кхисса долийра. Цхьаболу хьан леш байина. Царна юкъахь ву хьетахо волу УръяхӀу а».

[25] ТӀаккха Дауда геланчехула Йоабе хабар дахьийтира, цуьнан дог иракарахӀотторхьама: «И хӀума бахьана долуш хьо юьхьӀаьржачу ма хӀотта. ТӀамехь тур цкъа цхьанна кхета, тӀаккха вукхунна кхета. ТӀом чӀагӀ а бе, и гӀала хӀаллак а е».

[26] Шега УръяхӀу велла аьлла хаам бича, Бат-ШабаӀ шен майрачунна тийжира.

[27] Тийжаран зама чекхъяьлча, Дауда и йолчу стаг вахийтира Бат-ШабаӀ шен цӀа схьаялаяйта. Иза цуьнан зуда хилла дӀахӀоьттира, цо Даудана кӀант а вира. Амма Везачу Элана и хӀума ца дезаделира.

Дауд-паччахь — Chapters