[1] ХӀара назма Дауда Везачу Элана олура, Цо ша массо а мостагӀийн а, Шаулан карара а кӀелхьарваьккхинчу дийнахь.
[2] Цо элира: «Веза Эла – сан тарх, сан чӀагӀо, со КӀелхьарваккхархо ву.
[3] Иза сан Дела а, сан Тарх а ю, Цуьнга ас со ларвойту. Иза сан турс а, сан кӀелхьарваларан ницкъ а бу, Иза сан КӀелхьарваккхархо ву, луьрачу мостагӀех со кӀелхьарваьккхи Цо!
[4] Шена хастам бан хьакъ долуш волчу Везачу Эле Аса ма кхойкху, Цо со сан мостагӀех кӀелхьарвоккху.
[5] Ӏожаллин тулгӀенаш яра суна гонах хьийзаш. Дохаран Ӏовраша со вара дурс дӀахьош.
[6] Эхартан зӀенаш хьаьрчинера сох, Ӏожаллин бой яра суна хьалха.
[7] Сайна бохам баьллачу дийнахь Везачу Эле орца даьккхира аса. Сайн Деле гӀо доьхуш кхайкхира со. Шен цӀа чохь Цунна сан аз дӀахезира. Сан мохь Цуьнан лере кхечира.
[8] Латта дега а дира, ласта а лестира. стигалийн баххаш меттах а девлира, дега а дира, Дела оьгӀазвахана дела.
[9] Цуьнан мерӀуьргаш чуьра кӀур арабийла болабелира, доллу хӀума дӀакхоллуш йолу цӀе Цуьнан багара а елира. догуш долу кӀегий охьаэгара цу чуьра.
[10] Стигалш дӀаса а теттина, Иза охьавоьссира, Цуьнан когаш бухахь Ӏаьржа мархаш яра.
[11] Каруб-маликашна тӀе а хиъна, тӀемавелира Иза, механ тӀемаш тӀехь охьавоьссира Иза.
[12] Цо бода, Шена гонах долу четар санна, бира, хӀаваэрачу Ӏаьржачу мархех къайлаволу меттиг Шена йира.
[13] Цунна хьалхара дукха къегаш хиларна, догуш, кӀегий серладуьйлира.
[14] Стигалара, иза къекъаш, Везачу Эло гӀовгӀа яьккхира! Веза Воккхачо Шен аз хазийтира.
[15] Шен пхерчий а кхиссина, Цо мостагӀий дӀасалаьхкира, дукха ткъес а хьажийна, Цо уьш ма дарбира.
[16] Цуьнан оьгӀазе аз дӀахезча, Цуьнан мерӀуьргашкахула хӀо арадаьлча, хӀордийн баххаш гучудевлира, дуьненан бух схьабеллабелира.
[17] Везачу Эло лакхаллера, Шен куьйгаш схьа а кховдийна, со кӀоргачу хи чуьра схьаваьккхира.
[18] Доьналла долчу сан мостагӀийн куьйга кӀелара Цо со схьаваьккхира, сол ницкъ болчу, со ца везаш болчу мостагӀех кӀелхьара а ваьккхира.
[19] Сан де эшначу дийнахь сан мостагӀий суна дуьхьалбевллера, амма Веза Эла суна гӀортор хилла дӀахӀоьттира.
[20] Кхераме йоцучу метте Цо араваьккхира со, Ша суна реза хиларна, кӀелхьарваьккхира со.
[21] Со нийса леларе хьаьжжина, Везачу Эло суна дика делла. Сан куьйгаш цӀена хиларе терра Цо суна кхаъ белла.
[22] Везачу Эло сайна гайтина некъаш аса лар а дора, сайн Делера дӀа ца верзалуш, со Ӏеса ца лелара.
[23] Цуьнан дерриг а тӀедехкинарш суна хьалха дара, Цуьнан парзашна тӀера со дӀа а ца волура.
[24] Цунна хьалха со цӀена хилла, къинош латорах ларлуш а хилла.
[25] Со нийса леларе хьаьжжина, Везачу Эло суна кхаъ белла, Цуьнан бӀаьргашкахь сан куьйгаш цӀена долу дела.
[26] Хьайца тешаме волчуьнца тешаме хуьлу Хьо, кхоччуш леллачу майрачуьнца кхоччуш хуьлу Хьо.
[27] ЦӀена волчуьнца цӀена хуьлу Хьо, ткъа мекара волчуьнца – цуьнан мекара хиларе хьаьжжина хуьлу.
[28] Мисканаш Ахьа кӀелхьарбоху, цабашарца хьоьжурш Хьайн хьажарца охьатаӀабо Ахьа.
[29] Веза Эла! Хьо – сан чиркх бу. Ахьа сан бода серлабоккху.
[30] Хьоьца со хилча, аса эскар а эшадо, сайн Делаца со пенал дехьа а вуьйлу.
[31] Дела – Цуьнан некъ кхоччуш бу! Везачу Элан дош ма цӀена ду! Цуьнга шаьш лардойтучу массарна а Иза турс санна хилла дӀахӀоьттира.
[32] Мила ву ткъа Дела, Веза Эла воцург? Мила ву ткъа тарх, вайн Дела воцург?
[33] Дала суна берриг ницкъ а ло, ткъа Цо сан некъ нийса а бо
[34] Сан когаш сен когех тарбо Цо, лакхаллашкахь со чӀогӀа лоттуьйту.
[35] Сан куьйгаш Цо тӀом бан а Ӏамадо, сан хӀинца цӀестан Ӏад дула а тарло.
[36] Со кӀелхьарвоккху турс Ахь суна делира, Хьан гӀоьно со тӀех воккха вира.
[37] Ахьа соьга ког шуьйра боккхуьйтура, цундела сан хьакхолгаш гал ца йолура.
[38] Сайн мостагӀашна тӀаьхьа а ваьлла, со ведда леллера, уьш хӀаллак а беш, уьш байалц юха а ца вирзира.
[39] Аса уьш, хӀаллак а бина, байа а байина, уьш сан когашна хьалха охьаэггалц.
[40] Ахьа суна тӀом бан ницкъ а белла, суна дуьхьалбевлларш сан когашка охьа а бехкина.
[41] Ахь дӀабовдийтинчу сан мостагӀийн баккъаш суна гина, цундела аса со цавезнарш хӀаллакбина.
[42] Цара шаьш кӀелхьардаха бохуш орца дохура, амма уьш кӀелхьарбаха стаг вацара. Цара Везачу Эле кхойкхура, амма Цо жоп ца лора.
[43] Чан санна, кегийра дакъош дора Аса царах, арара хатт санна, тӀе когаш а бетташ, хьуьйра ас уьш.
[44] Ахьа суна дуьхьалдаьллачу сан халкъах кӀелхьарваьккхина со. Со дийна витина Ахьа, къаьмнашна тӀехь куьйгалла дайта. Суна девзаш ца хилла долу адамаш суна гӀуллакх деш лелаш ду.
[45] Кхечу мехкашкара нах суна хьесталуш бу, со ву аьлла ма-хеззина, суна муьтӀахь хуьлий, дӀахӀуьтту уьш.
[46] Шайн даг чохь лаьттачу кхерамо гӀора дӀадаьккхина церан, цундела уьш бегош, шайн чӀагӀонан меттигашкара арабуьйлура.
[47] Дийна ву Веза Эла! Декъала хуьлда сан Тарх! Веза воккха хуьлда сан чӀагӀо волу, со кӀелхьарвоккху Дела.
[48] Дела ву сох бекхам бийриг а, халкъаш суна муьтӀахь дийриг а,
[49] сан мостагӀех со кӀелхьарвоккхург а! Суна дуьхьалбевллачарна тӀехь Ахьа соьга толам баккхийтира. Къизачу нахах Ахь со кӀелхьарваьккхира.
[50] Цундела кхечу къаьмнашна юкъахь Аса Хьуна хастамаш бийр бу, ва Веза Эла, иллешкахь Хьан цӀе хестор а ю.
[51] Везачу Эло шен паччахьна баккхий толамаш ло. Иза массо а ханна тешаме хир ву Ша къобалвинчунна, Даудана а, цуьнан тӀаьхьенна а».