Skip to content
Opens in a new window

[1] Цул тӀаьхьа Дауда пӀелаштамхошна тӀехь толам баьккхира. Иштта, цо пӀелаштамхойн карара цу лаьтта тӀехь хилла олалла схьадаьккхира.

[2] Дауда иштта муабахой а эшийра. Уьш лаьтта тӀе охьа а бахкийтина, цхьана муьшаца церан барам билгалбаккхийтира цо. Шина муьшан барамехь берш байина дӀабехира, ткъа кхозлагӀчу муьшан барамехь берш дийна битира. Иштта, муабахой Даудан лай хилла дӀахӀиттира, кхунна ял а луш.

[3] Рахьубан кӀант ХӀадад-Ӏезар Цобехь паччахь хилла. Иза, Эпрат-хина йистехула Ӏохкуш долчу латтанаш тӀехь шен паччахьалла дӀахӀотто воьдучу хенахь, Дауда эшийра.

[4] Цо цуьнгара цхьа эзар ворхӀ бӀе бере а, ткъа эзар тӀемало а схьаваьккхира. Шен гӀудалкхашна хьалха дӀайожа бӀе говр бен ца юьтуш, массо а говрийн когийн пхенаш хедийра цо.

[5] Цоба-мехкан паччахь волчу ХӀадад-Ӏезарна гӀоьнна Дамасакхера арамхой баьхкира, амма Дауда ткъе шиъ эзар арамхо хӀаллаквира.

[6] Дауда арамхой Ӏаш болчу Дамасакхехь шен эскаран цхьайолу тобанаш дӀахӀиттийра. Иштта, арамхой а Даудан лай хилла дӀахӀиттира, цунна ял а луш. Везачу Эло Дауд иза араволучу массо а меттера толамца цӀа воьрзуьйтура.

[7] ХӀадад-Ӏезаран баьччанех дисина долу дашо турсаш схьа а эцна, Дауда Ярушалайме схьадеара.

[8] ХӀадад-Ӏезаран олаллехь хиллачу Тебахьара а, Бератай-гӀалара а цо дукха ез схьадаьккхира.

[9] Хьамат-гӀалахь паччахь волчу ТоӀина хезира, ХӀадад-Ӏезаран эскар Дауда эшийна аьлла.

[10] ТӀаккха ТоӀас шен кӀант Йорам вахийтира Даудан сий дан а, цунна ХӀадад-Ӏезар эшаварна баркалла ала а, ХӀадад-Ӏезар шеца кест-кеста тӀом беш схьавеана дела. Ша Дауд волчу вогӀуш, Йорама дашо а, дато а, цӀестан а пхьегӀаш еара.

[11] Уьш а Дауда Везачу Элана лерина дечу гӀуллакхна йитира, ша эшийначу къаьмнашкара схьа мел даьккхина долу хӀума санна,

[12] эдомхошкара а, муабахошкара а, Ӏамминхошкара а, пӀелаштамхошкара а, Ӏамалекхахошкара а, иштта Цобин паччахь волчу Рахьубан кӀантера ХӀадад-Ӏезарера ша схьадаьккхинарг санна.

[13] Дуьрачу тогӀи чуьра, берхӀитта эзар эдомхо а эшийна, Дауд юхавирзича, цуьнан чӀогӀа сий деш цӀе яккха йолийра.

[14] Дауда Эдомехь шен эскаран тобанаш дӀахӀиттийра, ткъа массо а эдомхо цуьнан лай хилла дӀахӀоьттира. Везачу Эло Дауд ша араволучу массо а меттигера толамца цӀа воьрзуьйтура.

[15] Дерриг а Исраилан халкъана тӀехь паччахьалла а деш, шен халкъаца бакъо а, нийсо а лелош вара Дауд.

[16] Царуятан кӀант Йоаб цуьнан эскаран хьаькам вара, ткъа Ахьлудан кӀант ЯхӀушапти пачхьалкхан гӀуллакхаш яздархо вара.

[17] Ахьтубин кӀант ЦӀадукъа а, Абу-ЯтӀарин кӀант Ахьи-Малик а динан дай бара, ткъа Сари-ЯхӀу йозанчин болх беш вара.

[18] ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу кератхошний, палетхошний тӀехь хьаькам вара, ткъа Даудан кӀентий паччахьан хьехамчаш бара.

Дауд-паччахь — Chapters