Skip to content
Opens in a new window

[1] Цхьа хан яьлча, Ӏамминхойн паччахь велира. Цуьнан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Хьануни.

[2] Дауда элира: «Нахьаш соьца дика хилла дела, со а цуьнан кӀантаца дика хир ву». Цо шен ялхой бахийтира Хьанунига кадам бан. Даудан ялхой Ӏамминхойн махка бахара.

[3] Амма Ӏамминхойн элаша шайн олахочуьнга элира: «Хьуна баккъалла-м ца моьтту, Дауда хьан дега шен хилла болу ларам бахьана долуш бахкийтина хьуна тӀе догъоьцурш? Дауда шен ялхой бахкийтина, хьан гӀалахь дерг дикка талла а теллина, цул тӀаьхьа иза йохо дагахь».

[4] Хьанунис, Даудан ялхой схьа а лаьцна, хӀораннан а ах маж дӀаешира, цул тӀаьхьа, царна тӀера бедарш вареш тӀе кхаччалц дӀа а хедийна, уьш дӀахийцира.

[5] Иза шена дӀахезча, Дауда шен ялхошна дуьхьал нах бахийтира, уьш чӀогӀа юьхьӀаьржачу хӀиттийна хилла дела. Паччахьо цаьрга хабар дахьийтира: «Шайн мажош яхъяллалц, Ерихонехь совца. Цул тӀаьхьа цӀа догӀур ду шу», – аьлла.

[6] Даудана шаьш, лаьхьанна тоьхна гӀаж санна, боьха хетийла хиъча, Ӏамминхоша Байт-Рахьубера а, Цобера а ткъа эзар гӀашло волу арамхо лецира. МаӀхин паччахь волчуьра – цхьа эзар стаг, ткъа ТӀобера шийтта эзар стаг лецира.

[7] Шена иза хиъча, Дауда Йоаб вахийтира цига, цуьнца доьналла долу берриг а тӀемалой а болуш.

[8] Ӏамминхой, гӀалин кертара ара а бевлла, тӀамана кечбелла дӀахӀиттира. Ткъа Цобера а, Байт-Рахьубера а арамхой, иштта ТӀобера а, МаӀхера а нах шерачу аренгахь юьстахбевлла лаьтташ бара.

[9] МостагӀчун эскарийн могӀарш шена тӀехьа а, хьалха а дӀахӀиттина гича, Йоаба исраилхошна юкъара уггар тоьлла болу тӀемалой арамхошна дуьхьалбехира.

[10] Кхиболу эскархой цо шен вешига Абушайга дӀабелира Ӏамминхошна дуьхьалбаха.

[11] Йоаба Абушайга элира: «Арамхоша со эшочу далахь, ахьа суна гӀо дийр ду, нагахь санна Ӏамминхоша хьо эшош хилахь, аса хьоьгахьа гӀо доккхур ду.

[12] Доьналла долуш хила. Майра лаьттар ду вай, Исраилан халкъ а, вайн Делан гӀаланаш а ларъеш. Ткъа Везачу Эло Шен лаам берг дийр ду».

[13] Йоаб шен эскарца арамхошна тӀелетира, ткъа вуьш цунах бевдда дӀабахара.

[14] Ӏамминхой, шайна арамхой уьдуш гича, Абушайна дуьхьал бевллачуьра бевдда гӀала дӀабахара. Ӏамминхой болчуьра юха а вирзина, Йоаб Ярушалайме схьавеара.

[15] Арамхоша, шаьш исраилхоша эшийна хилар гича, цхьаьна а кхетта, юха а эскар дӀахӀоттийра.

[16] ХӀадад-Ӏезар-паччахьо Эпрат-хил дехьа Ӏаш болчу арамхошка схьакхайкхира. Уьш, ХӀадад-Ӏезаран тӀеман хьаькам волчу Шобаха, куьйгалла а деш, Хьайламе схьагулбелира.

[17] И хаам шега кхаьчча, Дауд, массо а исраилхо вовшах а тоьхна, Йордан-хил дехьа а ваьлла, Хьайламана тӀе боьдучу новкъа велира. Цигахь арамхой Даудана дуьхьал дӀахӀиттира. Уьш вовшех летира.

[18] Амма арамхой исраилхойх бевдда дӀабахара. Церан гӀудалкхех Дауда ворхӀ бӀе хӀаллакйира, ткъа дошлойх шовзткъа эзар стаг а вийра. Дауда иштта арамхойн тӀеман хьаькам волу Шобах а, чов а йина, лазийра, иза циггахь велира.

[19] ХӀадад-Ӏезаран куьйга кӀел хилла болчу паччахьаша, шаьш исраилхоша эшош хилар гича, Даудаца барт бира, уьш цунна къера а хилира. Ткъа арамхой Ӏамминхошна гӀо дан кхин ца хӀуттура.

Дауд-паччахь — Chapters