[1] Цул тӀаьхьа Абушалама шена гӀудалкхаш а, говраш а, шена хьалха сиха лелаш волу шовзткъе итт стаг а нисвира.
[2] Иза, Ӏуьйранна хьалххе хьала а гӀоттий, гӀалина чувогӀучохь лаьтташ долчу кевнна уллохь дӀахӀуттура. Шена уллохула паччахьна тӀе цхьа гӀуллакх эцна воьдуш волу стаг гича, иза тӀе а кхойкхий, Абушалама хоттура: «Хьо муьлхачу гӀалара ву?» Нагахь санна стага «Исраилан халкъана юкъарчу ишттачу тайпанара хьан лай ву» аьлча,
[3] цо олура: «Ахьа деана гӀуллакх дика а, нийса а ду, амма паччахьан цӀарах хьоьга ладогӀа стаг вац».
[4] Цо кхин а тӀетухура: «Со мехкан кхелахо харжахьара, хӀора стагана гӀо дан аьтто хир бара сан. Цхьа гӀуллакх дахьаш сайна тӀевеъначу муьлххачу а стеган гӀуллакх нийса къастор дара аса».
[5] Нагахь санна шена корта тоха цхьаъ тӀевеача, куьйгаш хьалха дӀа а дохуьйтий, цо иза мара вуллура, цунна барт а боккхура.
[6] Иза паччахь волчу веанчу массо а исраилхочунна, цу тайпана тӀекара а волий, дуьхьалволура. Абушалама дуккха а болчу нехан дегнаш шена тӀедерзийра.
[7] Диъ шо даьлча, Абушалама паччахье элира: «Со Хьевроне вахийтахьара ахьа. Везачу Элана дина долу нигат кхочушдан воллура со.
[8] Арам-махкахь йолчу Гешурахь со Ӏаш волчу хенахь аса нигат дира: „Нагахь санна со Везачу Эло Ярушалайме юхаверзавахь, аса Цунна Хьевронехь Ӏамал йийр ю“», – аьлла.
[9] Паччахьо цуьнга элира: «Маьрша гӀойла хьо». Абушалам, хьала а гӀаьттина, Хьевроне дӀавахара.
[10] Исраилан халкъан массо а тайпанашка цо шен хьадалчаш дӀасабахийтира. Цо царна тӀедиллинера: «Нагахь санна шайна цхьанхьа коьман маӀа локхуш хазахь, аша ала деза: „Абушалам Хьевронехь паччахь хилла дӀахӀоьттина!“»
[11] Абушаламца ши бӀе стаг вахара Ярушалаймера. Цо цаьрга, шеца дуьйла аьлла, кхайкхинера, ткъа цу нахана, шеко йоцуш, кечдинчу гӀуллакхех хӀумма а ца хаьара.
[12] СагӀа доккхучу хенахь Абушалама шена тӀе гилохо волу Ахьи-Тупал Гило-гӀалара кхайкхира, Даудан хьехамча волу. Абушалама къайлаха беш болу барт чӀагӀлуш бара, цунна гонах дукха нах схьагуллуш бара.
[13] Дауд волчу веанчу хаамчас цуьнга элира: «Исраилхойн дегнаш Абушаламна тӀедирзина».
[14] Шеца Ярушалаймехь волчу шен массо а ялхочуьнга Дауда элира: «ХьалагӀовтта, девдда дӀагӀур ду вай. Вай иза ца дахь, Абушаламах кӀелхьардовлалур дац вай. Сихлой, девдда дӀадахийталаш вай. Иза схьа а кхаьчна, цо вай схьалацахь, вайна дукха зенаш хир ду, цо гӀала а хӀаллакйийр ю, адамаш а дойур ду».
[15] Паччахьан ялхоша элира: «Оха ахьа мел бохург дийр ду, тхо хьан леш ду».
[16] Паччахь, ара а ваьлла, шен цӀахь мел волчу стагаца гӀаш дӀавахара. Цо шен цӀахь итт гӀарбаш-зуда йитира, цаьрга шен цӀа Ӏалашдайтархьама.
[17] Паччахь а, цуьнан халкъ а, гӀаш ара а даьлла, тӀаьхьарчу цӀенна уллохь сецира.
[18] Даудан мел болу ялхой, цунна уллохула тӀех а буьйлуш, дӀаоьхуш бара. Массо а кератхой а, палетхой а, цуьнца Гати-гӀалара схьавеана волу ялх бӀе гатихо а, паччахьал хьалха а ваьлла, дӀавоьдуш вара.
[19] ТӀаккха гатихо волчу Ите паччахьо элира: «Хьо хӀунда вогӀуш ву тхоьца? Юха а верзий, цу керлачу паччахьца саца. Хьо тӀевеана стаг ву, хьайн махкара араваьлла волу.
[20] Селхана схьавеана волу хьо, аса тахана тхайца, дӀа а вигна, хьийзор ву моьтту хьуна? Суна со кхана мичахь хир ву ца хаьа, цундела, хьайн вежарий схьа а эций, дӀагӀо. Веза Эла хьоьца баккъалла тешаме хуьлда».
[21] ТӀаккха Итас Дауде элира: «Дийна волчу Везачу Элах а, сан эла волчу паччахьах а дуй боу аса, сан эла волу паччахь я дуьнен чохь, я эхартахь хилахь, иза воллучохь хир ву-кх цуьнан лай верг а».
[22] ТӀаккха Дауда Итига элира: «Схьавало соьца». Гатихо Ита а, шен берриг нахаца а, берашца а Даудана тӀаьхьахӀоьттира.
[23] Дерриг а латта мохь тоьхна доьлхуш дара. Дерриг а халкъ а, паччахь а Кхидрун олучу хин Ӏоврел дехьаделира. Уьш яьсса аре йолчу агӀор дӀабахара.
[24] ЦӀадукъа а, цуьнца хилла болу левихой а Делан деза тӀорказ схьадахьаш богӀуш бара. ТӀорказ охьахӀоттийча, Абу-ЯтӀари, берда тӀе а ваьлла, цигахь лаьтташ вара, нах гӀалара арабовллалц.
[25] Паччахьо ЦӀадукъига элира: «Делан тӀорказ гӀала юха дӀахьо. Нагахь санна Веза Эла суна реза велахь, Цо со цига юха а верзийтина, суна Шен тӀорказ а, и лаьтта меттиг а кхин а гойтур ю.
[26] Нагахь санна Иза суна реза воцуш хилахь, Шена луъург дойла Цо суна».
[27] Цул тӀаьхьа динан да волчу ЦӀадукъига паччахьо элира: «Хьо Делера дерг гуш верг ма ву! Маьрша гӀала юхаверза. Хьан кӀант АхьимаӀац а, Абу-ЯтӀарин кӀант ЯхӀунатан а шуьца ву.
[28] Ткъа со кхузахь хин дехьарачу яьссачу аренгахь соцур ву, шуьгара сайна хаам хиллалц».
[29] ЦӀадукъассий, Абу-ЯтӀариссий Делан тӀорказ Ярушалайме юхадерзийра. И шиъ цигахь сецира.
[30] Велха а воьлхуш, Дауд зайт-диттан лам тӀе хьалаволуш вара. Цуьнан коьрта тӀе тиллина хӀума яра, ткъа когаш берзина бара. Цуьнца хилларш а, шайн коьрта хӀума а тиллина, боьлхуш дӀаоьхуш бара.
[31] Дауде хабар кхечира: «Ахьи-Тупал а ву Абушаламца къайлаха барт бинчаьрца». ТӀаккха Дауда элира: «Веза Эла! Ахьи-Тупала царна бина болу хьехам сонталле берзабелахь!»
[32] Дауд Далла Ӏибадат дечу метте, лома буьххье, хьалаваьлча, цунна гира шена дуьхьалвогӀу Ӏаьркхихо волу шен доттагӀа Хьушай. Цунна тӀера бедарш этӀийна яра, коьрта тӀе тесна чан а яра.
[33] Дауда цуьнга элира: «Хьо соьца вагӀахь, суна хьо новкъахир ву.
[34] Амма хьо Ярушалайме юхаверзахь, хьоьга Ахьи-Тупала царна беш болу хьехам бохалур бу. Абушаламе ала: „Паччахь, со – хьан лай ву. Хьалха со хьан ден лай вара, ткъа хӀинца чул тӀаьхьа хьан лай хир ву“.
[35] Хьоьца цхьаьна динан дай болу ЦӀадукъа а, Абу-ЯтӀари а хир ву. Хьайна паччахьан цӀа чохь мел хезнарг цаьрга дӀадийца.
[36] ЦӀадукъин кӀант АхьимаӀац а, Абу-ЯтӀарин кӀант ЯхӀунатан а цигахь хир ву. Хьайна хезнарг дахьаш уьш со волчу бахкийта».
[37] Даудан къастийна хьехамча волу Хьушай Ярушалайме юхавирзира, Абушалам а цигга чувогӀуш вара.