[1] Паччахь шен цӀахь Ӏаш вара. Везачу Эло иза шена гонах болчу мостагӀех мукъа витинера.
[2] ТӀаккха паччахьо Ната-пайхамаре элира: «Хьажал, со баганан дечигах дина долчу цӀенна чохь Ӏаш ву, ткъа Делан тӀорказ четар бухахь лаьтташ ду».
[3] Натас паччахье элира: «Хьайна дан дагадеанарг, ваха а гӀой, де, Веза Эла хьоьца ву».
[4] Амма цу буссехь Натига Везачу Элан дош кхечира:
[5] «Ваха а гӀой, Сан лай волчу Дауде дӀаала, Везачу Эло иштта боху алий: „Хьо вуй те Суна чохь Ӏан цӀа ден верг?
[6] Исраилхой Мисар-махкара Аса арабаьхначу хенахь дуьйна схьа, таханлера де тӀекхаччалц, Со цӀа чохь Ӏийна вац. Ерриг а цу хенахь Со четар чохь Ӏийра, цхьана меттера вукху метте а вуьйлуш.
[7] Исраилан халкъаца Со миччахьахула а лелачу хенахь халкъан тайпанашкара цхьаьнгге а, Сайн Исраилан къомана тӀехь Ӏуналла дан Айса къобалвинчуьнга хаьттиний ткъа Аса: ‘Аша Суна баганан дечигах цӀа хӀунда ца до?’“
[8] Ткъа хӀинца, ваха а гӀой, Сан лай волчу Дауде дӀаала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло хьоьга боху: ‘Аса хьо, уьстагӀий дажош волчуьра схьа а валийна, Сайн Исраилан халкъана тӀехь баьчча хӀоттийна.
[9] Хьо мичча вахча а, Со массо а хенахь хьоьца хилла. Массо а хьан мостагӀий Аса хӀаллакбина. Аса дуьнен тӀехь сийлахь болчарна юкъахь а къаьсттина хьан сий хьаладоккхур ду.
[10] Аса Сайн Исраилан халкъана меттиг билгалйоккхур ю, иза цигахь паргӀат охьахаийта а, цуьнга кхин са ца гатдайта а. Зуламечу наха уьш кхин хьийзор бац, юьхьанца,
[11] мехкан куьйгалхой Сан къомана тӀехь Аса къобалбинчу хенахь дуьйна иза ма-хиллара. Аса хьан мостагӀех хьо кӀелхьарвоккхур ву. Аса хаам бо хьоьга, Веза Эла волчу Айса хьуна хьан тӀаьхьенах цӀа дийр ду аьлла.
[12] Хьан денош чекх а девлла, хьо хьан дай болчу дӀакхелхинчул тӀаьхьа, Аса хьан тӀаьхьенах цхьаъ паччахь вина дӀахӀоттор ву, цуьнан паччахьалла чӀагӀ а дийр ду.
[13] Цо Суна лерина цӀа дийр ду, ткъа Аса иза даим шен паччахьан даржехь чӀагӀвийр ву.
[14] Со цуьнан да хир ву, иза Сан кӀант хир ву. Нагахь санна цо къа латадахь, Аса цунна таӀзар дийр ду. Нехан шедаца а, адамаша еттарца а таӀзар дийр ду Ас цунна.
[15] Амма Аса иза Сайн безамах воккхур вац, хьан бӀаьргашна хьалхара ваьккхина волу Шаул Аса Сайн безамах ваьккхинехь а.
[16] Хьан цӀа а, паччахьалла а Суна хьалха даим хир ду, хьан паччахьан гӀант ерриге а хенахь лаьттар ду!’“»
[17] Дерриг и дешнаш а, шена хӀоьттина сурт а Натас ма-дарра дӀадийцира Дауде.
[18] ТӀаккха Дауд-паччахьо, ваха а вахана, Везачу Элана хьалхахь дӀа а хӀоьттина, элира: «Со а мила вара, ва сан Хьалдолу Эла, сан цӀа а хӀун яра, Ахьа цу тайпана со даржехь лакхаваккхал?
[19] Хьуна-м иза а кӀезиг хетта, сан Хьалдолу Эла! Ахьа Хьайн лай волчун цӀийнах хиндерг а схьадийци. Адамашна лерина иштта Ӏедал Хьан ду техьа, сан Хьалдолу Эла?
[20] ХӀун эр ду Хьоьга Дауда? Хьуна Хьайн лай ма вевза, сан Хьалдолу Эла.
[21] Айхьа аьллачун дуьхьа а, Хьайн деган лаамца а и даккхий хӀуманаш дина Ахьа, и шадерг Хьайн лайна дӀа а довзуьйтуш.
[22] Хьо воккха ву, сан Хьалдолу Эла. Хьоьца нисван цхьа а стаг а вац, Хьо воцург Дела а вац, тхайн лергашна тхуна схьа-ма-хаззара.
[23] Мичахь ду Хьан санна долу къам? Мичахь ду Исраилан санна долу халкъ? Шен дуьхьа Дела араваьлла къам дуьнен чохь цхьаъ бен дац. Дела аравелира, Шена и къам мехах схьаэцархьама а, Шен цӀе айархьама а, уьш бахьана долуш даккхий а, инзаре а гӀуллакхаш дархьама а. Айхьа Мисар-махкара мехах паргӀатдаьккхина долчу Хьайн къомана хьалхара важа къаьмнаш а, церан деланаш а дӀалохкура Ахь.
[24] Ахьа Исраилан къам, Хьайн къам а дина, массо а ханна хаьржина, ткъа Хьо, Веза Эла, цуьнан Дела хилла дӀахӀоьттина.
[25] Ткъа хӀинца, Веза Дела, Айхьа Хьайн лай волчу сох а, сан цӀийнах а лаьцна аьлла долу дош массо а тӀейогӀун йолчу ханна чӀагӀдехьа. Айхьа аьлларг кхочуш а дехьа,
[26] массо а тӀейогӀун йолчу ханна Хьан цӀе язъяйтархьама. ТӀаккха наха эр ду: „Массо а ницкъийн Веза Эла – Иза Исраилан халкъан Дела ву!“ Иштта Хьан лай волчу Даудан цӀа Хьуна хьалха чӀагӀделла лаьттар ду!
[27] Ткъа Ахьа, массо а ницкъийн Веза Эла, Исраилан халкъан Дела, Хьайн лай волчуьнга элира: „Аса хьуна цӀа дийр ду“. Цундела Хьан лай волу со Хьоьга хӀара доӀа дан Хьох хӀоьттира.
[28] Сан Хьалдолу Эла! Хьо – Дела ву! Ахьа мел олуш дерг тешаме ду, ткъа хӀинца Хьайн лай волчунна иштта дика дан ваӀда дина Ахь!
[29] Хьан лай волчун тӀаьхье декъалъехьа, иза массо а ханна а Хьайна хьалха хилийтархьама. Иза Ахьа соьга аьлларг ма ду, сан Хьалдолу Эла! Ахьа декъалдар бахьана долуш, Хьан лай волчун цӀа массо а хенахь декъал хир ду».