Skip to content
Opens in a new window

[1] Везачу Эло Ната-пайхамар Дауд волчу вахийтира. Цо, паччахь волчу а веана, элира: «Цхьана гӀалахь Ӏаш ши стаг хилла. Царах цхьаъ хьал долуш хилла, ткъа важа къен хилла.

[2] Хьалдолчун дуккха а уьстагӀий а, бежанаш а хилла.

[3] Ткъа къен волчун, ша эцна цхьа жима Ӏахар бен, кхин хӀумма а ца хилла. Цо, яа хӀума а луш, дола а деш, кхиош хилла иза. Жима Ӏахар цуьнан берашца цхьаьна хьалакхиъна. Цу стага дӀакховдийна долу бепиг дууш хилла Ӏахаро, цуьнан кеда чуьра молуш а хилла, цуьнан некха тӀехь дӀабуьжуш а хилла иза. Цу стагана шен йоӀ санна хеташ хилла иза.

[4] Хьал долуш верг волчу ваьлла лелаш волу цхьа стаг веана. Амма хьолахочунна ца лиира шен уьстагӀашна а, стерчашна а юкъара, цхьаъ схьа а къастийна, ваьлла лелаш волчу стагана цунах яа хӀума кечъян. Цо, къечу стеган уьстагӀ схьа а лаьцна, цунах хьешана пхьор кечдира».

[5] Дауд цу стагана чӀогӀа оьгӀазвахара. Цо Натига элира: «Дийна волчу Делах дуй боу аса, и хӀума дина волу стаг вен ма веза!

[6] Цу уьстагӀна дуьхьал цо доьазза дукха мах бала ма беза, хӀунда аьлча цуьнан даг чохь къинхетам ца хилла, и хӀума ша деш».

[7] ТӀаккха Ната-пайхамаро Дауде элира: «Хьо ву-кх и стаг! Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: „Аса хьо Исраилан халкъана тӀехь паччахь хилийта къобалвина. Аса ваьккхина хьо Шаулан куьйга кӀелара схьа.

[8] Аса хьан элан цӀа а, цуьнан зударий а хьуна дӀабелла. Аса иштта Исраилан халкъана а, ЯхӀудан халкъана а тӀехь паччахьалла а делла хьуна. Нагахь санна хьуна иза кӀезиг хеттехь, Аса кхин а дукха рицкъа лур дара хьуна.

[9] Хьо Везачу Элах хӀинца ца вешира, Цо ца магийна долу зе а дина? Ахьа хьетахо волчу УръяхӀуна тур а туьйхи, цуьнан зуда хьайна схьа а ялий, ткъа иза Ӏамминхойн карах вала а валийти.

[10] Цундела тур хьан цӀенна массо а хенахь кхераме хир ду, хӀунда аьлча ахьа, Сох а ца вешаш, хьетахо волчу УръяхӀун зуда хьайна дӀайигна“.

[11] Везачу Эло иштта боху: „Аса хьуна зе хьан цӀа чуьра доуьйтур ду. Хьуна хьалха хьан зударий, схьа а эцна, хьуна чӀогӀа хьомсара хеташ волчу стагана дӀалур бу. Дийнан делккъехь, массарна а гуш, хьан зударех кхетар ву иза.

[12] И санна долу хӀума ахьа къайлаха дина, ткъа Аса иза, дерриг а Исраилан халкъана дӀа а хоуьйтуш, дийр ду“».

[13] ТӀаккха Дауда Натига элира: «Везачу Элана хьалха аса къа латийна». Натас Даудана жоп делира: «Везачу Эло ахьа латийначу къиношна гечдо хьуна. Хьо лийр вац.

[14] Амма, хьайгара далийтинчу цу хӀуманехула хьо Везачу Элах чӀогӀа ца ваьшна дела, хьуна вина волу кӀант лийр ву».

[15] Ната шен цӀа вахара. Везачу Эло УръяхӀун зудчо Даудана дина долчу берана цамгар туьйхира. Иза чӀогӀа цомгуш хилира.

[16] Дауд, и бер Деле доьхуш, доӀа деш вара. Цо марха лаьцнера. Шен цӀа чохь ша а висна, лаьтта охьа а вижна, буьйса яьккхира Дауда.

[17] Цуьнан цӀийнах болу къаной, иза волчу а баьхкина, иза лаьттара хьалагӀатто гӀерташ бара, амма Дауд цигара хьала а ца гӀаьттира, цаьрца цо яа хӀума а ца йиира.

[18] ВорхӀалгӀачу дийнахь бер делира. Даудан ялхой цунах кхоьрура и бер деллий дӀахаийта. Цара бохура: «И бер дийна долчу хенахь а цо тхо тергал ца дора. И бер делла хилар оха муха хаийта деза цуьнга? Цо цхьа доьхна дерг дан там бу».

[19] Даудана гинера шен ялхоша вовшашлахь шабар-шибар деш. ТӀаккха кхийтира иза шен бер делла хиларх. Цо хаьттира: «Бер делла?» Ялхоша жоп делира: «Делла».

[20] ТӀаккха Дауд, лаьттара хьала а гӀаьттина, лийча а лийчина, шена тӀе даьтта а хьаькхна, тӀера бедарш а хийцина, Везачу Элан четар чу Цунна Ӏибадат дан вахара. Цигара цӀа веанчул тӀаьхьа, цо, шена бепиг а даийтина, яа хӀума йиира.

[21] Ялхоша цуьнга хаьттира: «И хӀун ду ахь лелош дерг? Бер дийна долчу хенахь хьо, марха кхобуш, воьлхуш вара, ткъа иза деллачул тӀаьхьа, хьо хьала а гӀаьттина, бепиг дууш ма ву?»

[22] Дауда царна жоп делира: «Бер дийна мел ду, со воьлхуш а вара, марха кхобуш а вара, хӀунда аьлча со, Везачу Эло къинхетам а бина, бер дийна дисаре сатуьйсуш вара.

[23] Ткъа хӀинца бер делла. Аса стенна кхобу марха? Соьга иза денлур ма дац. Со и бер дахханчу дӀагӀур ву, ткъа иза со волчу юхадоьрзур дац».

[24] Дауда шен зудчун Бат-ШабаӀан дог ийцира. И йолчу а вахана, Дауд цуьнца дӀавижира. Бат-ШабаӀа юха а кӀант вира Даудана. Цунна Сулим цӀе тиллира. Иза Везачу Элана дукхавезавелира,

[25] цундела Цо Ната-пайхамар вахийтира цига. Везачу Эло ма-бохху, цо берана, Ядид-ЯхӀу аьлла, цӀе тиллира (иза «Везачу Элан хьомениг» бохург ду).

[26] Йоаб Ӏамминхойн Рабба-гӀалина дуьхьал тӀом беш вара. Цуьнан паччахьан гӀап схьаяьккхира цо.

[27] Йоаба Дауд волчу геланчаш бахийтира хаам эцна: «Аса, Рабба-гӀалахь тӀом а бина, кхузара хи долу меттиг схьалаьцна.

[28] Бисина болу эскархой схьа а гулбай, гӀалина тӀе а волий, иза схьаяккха. Нагахь санна иза аса схьаяккхахь, цунна сан цӀе тилла езар ю».

[29] Дауд, массо а эскархо схьа а гулвина, Рабба-гӀала вахара, цо тӀамца иза схьа а яьккхира.

[30] Дауда церан паччахьан коьртара деших дина, дезачу жовхӀарех кхелина долу таж схьаийцира. И таж цхьа гали деших дина дара. И таж Даудан коьрта тӀе диллира. Цо дуккха а хӀонс араяьккхира цу гӀалара.

[31] Дауда, Рабба-гӀалахь мел болу бахархой ара а баьхна, уьш херхашца, аьчка отургашца, дагаршца болх бан дӀахӀиттийра. Ткъа иштта кибарчигаш а йоттура цара. Цо массо а Ӏамминхойн гӀаланашкахь и тайпа белхаш дӀахӀиттийра. Цул тӀаьхьа Дауд а, цуьнан эскар а Ярушалайме юхадирзира.

Дауд-паччахь — Chapters