[1] Дауда хаьттира: «Шаулан цӀийнах цхьа а дийна висний те? Аса цунна дика гӀуллакх дийр дара ЯхӀунатин дуьхьа».
[2] Шаулан цӀа чохь цхьа ялхо хиллера, Цуба цӀе а йолуш. Иза Дауд волчу кхайкхина схьавалийра. Дауда цуьнга хаьттира: «Хьо вуй Цуба?» Цо жоп делира: «Ву, хьан лай волу со».
[3] Паччахьо элира: «Шаулан цӀийнах волу кхин цхьа а вуй дийна висна? Аса цунна дика гӀуллакх дийр дара, Далла хьалха айса чӀагӀо ма-ярра». Цубас паччахье элира: «ЯхӀунатин кӀант ву, когашна астагӀа а волуш».
[4] Паччахьо хаьттира: «Мичахь ву иза?» Цубас паччахьна жоп делира: «Ладебарахь, Ӏамиалан кӀант волчу Макиран цӀа чохь ву».
[5] Дауда, Ладебаре шен нах а бахийтина, Ӏамиалан кӀант Макир волчуьра иза схьавалавайтира.
[6] Шаулан кӀентан ЯхӀунатин кӀант волчу Мапи-Бошата, Дауд волчу схьа а веана, цунна хьалха лаьтта кхаччалц шен корта охьатаӀийра. Дауда цуьнга элира: «Мапи-Бошат!» Вукхо элира: «Кхузахь ву хьан лай».
[7] Дауда цуьнга элира: «Кхера ма лолахь. Хьан ден ЯхӀунатин дуьхьа аса дика гӀуллакх дийр ду хьуна: Хьан деден Шаулан тӀаьхьенан массо а латтанаш хьуна юхадерзор ду, ткъа хьо массо а хенахь сан шуьн чуьра кхача баа йиш йолуш а хир ву».
[8] Мапи-Бошата, корта а тухуш, элира: «Хьан лай волу со, деллачу жӀаьлел а оьшуш велахь а, ахьа хьайна тӀеуьйзи».
[9] Шаулан ялхо хилла волу Цуба шена тӀе а кхайкхина, Дауда элира: «Шаулан а, цуьнан массо а цӀийнан а долахь хилла долу хӀума аса хьан элан кӀентан кӀантана дӀало.
[10] Ахьа а, хьан бераша а, хьан ялхоша а цуьнан латта лело деза, цу лаьтта тӀера схьадаьлла долу напха иза волчу схьадан а деза, цуьнан кертахь массо а хенахь яа а, мала а хӀума хилийта. Ткъа хьан элан кӀентан кӀант Мапи-Бошат со волчохь яа хӀума юуш хир ву». (Цубин пхийтта кӀант а, ткъа ялхо а вара.)
[11] Цубас паччахье элира: «Хьан лай волчо шен паччахьо мел аьлларг кхочушдийр ду». Ткъа Мапи-Бошат Даудан цӀахь яа хӀума юуш вара, ша цуьнан кӀант волуш санна.
[12] Мапи-Бошатан жима кӀант хилла, Мика цӀе а йолуш. Цубин цӀахь Ӏаш мел верг Мапи-Бошатан лай хилла.
[13] Мапи-Бошат Ярушалаймехь Ӏаш хилла, хӀунда аьлча иза массо а хенахь паччахь волчохь яа хӀума юуш хилла. Иза шинна а когана астагӀа хилла.