[1] Даудан кӀентан Абушаламан, Тамара бохуш цӀе а йолуш, чӀогӀа хаза йиша хилла. Ткъа Даудан кхечу зудчун кӀантана Амнанна и шен йиша Тамара езаелла.
[2] Иза дукха чӀогӀа езарна Амнан могуш воцуш хилла. Ткъа Тамара йоӀстаг хилла, цундела Амнан йиш йоьхна лелаш хилла.
[3] Цуьнан, ЯхӀу-Надаб бохуш цӀе а йолуш, доттагӀа хилла. Иза Даудан вешин ШимӀин кӀант вара. ЯхӀу-Надаб чӀогӀа хӀилла долуш стаг вара.
[4] Цо Амнане элира: «Хьо де мел дели вочу волуш схьавогӀуш ма ву, паччахьан кӀант. Соьга схьа ца дуьйцу ахьа, хьайна хӀун хилла?» Амнана цуьнга элира: «Сан вешин Абушаламан йиша Тамара езаелла суна».
[5] ЯхӀу-Надаба цуьнга элира: «Хьайн метта охьавижа, хьо цомгуш волуш санна. Хьайн да хьайга хьажа веача, цуьнга ала: „Сан йиша Тамара яийтахьа со волчу, цуьнга, суна а гуш, юург а яйтина, суна иза яо. Сайна иза дуьхьал а йолуш, цуьнан карара юур яра аса и юург“».
[6] Амнан, ша цомгуш волуш санна, метта охьавижира. Паччахь ша волчу веача, Амнана цуьнга элира: «Сан йиша Тамара со волчу яийтахьа. Нагахь санна цо суна хьалха цхьайолу мерза хӀуманаш яттахь, аса уьш, цуьнан карара схьа а оьцуш, юур яра».
[7] Дауда Тамара йолчу бахийтира, цуьнга, шен вешин Амнанан цӀа а гӀой, цунна яа хӀума кечъе аьлла.
[8] Шен ваша Амнан волчу яхара Тамара. Иза цомгуш Ӏуьллуш гира цунна. Дама схьа а эцна, бод хьакхийра цо. Цунна хьалха мерза хӀуманаш а йира.
[9] Чохь мерза хӀуманаш йоттуш йолу зайла схьа а эцна, Амнана хьалха юург охьайиллира Тамарас. Амма Амнана хӀума ца йиира. Цо элира: «Со волчуьра массо а аравала». Иза волчуьра массо а аравелира.
[10] Цул тӀаьхьа Амнана Тамарига элира: «Юург со дӀавуьжучу цӀа чу дӀахьо, аса хьан карара юур ю иза». Тамарас юург Амнан дӀавуьжучу цӀа чу дӀаяьхьира.
[11] Цо юург шена хьалха охьахӀоттийча, Амнана, Тамара катоьхна схьа а лаьцна, элира: «Охьайижа соьца, сан йиша».
[12] Амма Тамарас элира: «ХӀан-хӀа, сан ваша. Ма тоха сох куьг. Исраилан махкахь и санна долу хӀума лелош дац. И сонта хӀума ма де.
[13] Аса хӀун дан деза, ахьа со юьхьӀаьржачу хӀоттийначул тӀаьхьа? Хьо а наха сонта стаг санна вуьйцур ву. Паччахьца къамел де, иза дуьхьал хир вац хьуна со хьоьга дӀаяла».
[14] Амма иза Тамарига ладогӀа лууш вацара. Шен ницкъ цуьначул сов болу дела, цо иза, хьийза а йина, сийсазъяьккхира.
[15] Цул тӀаьхьа Амнан цуьнца чӀогӀа гамвелира. Амнанан цабезам цуьнан безамал а чӀогӀа чӀагӀбеллера. Амнана элира: «Хьала а гӀаттий, дӀагӀо».
[16] ТӀаккха Тамарас элира: «Ма эккхае со дӀа. ХӀинца ахьа соьга бохург хьалха ахьа суна динчу вонал а чӀогӀа ду». Амма иза цуьнга ладогӀа лууш вацара.
[17] Цо шен гӀуллакх деш лелаш волчу ялхочуьнга, схьа а кхайкхина, элира: «Араяккха и зуда со волчуьра, цунна тӀаьхьа неӀаран гӀуй дӀаболла».
[18] Ялхочо, иза ара а яьккхина, цунна тӀаьхьа неӀ дӀакъевлира. Тамарина тӀехь еха бедарш яра. И тайпа бедарш паччахьан маре дахаза долчу зудабераша лелайора.
[19] Тамара, шен коьрта тӀе чимаш а тесна, шена тӀехь йолу еха бедарш этӀа а йина, коьрта тӀе ши куьг а диллина, тийжаш йогӀуш яра.
[20] Цуьнан вашас Абушалама хаьттира: «Хьоьца хилларг хьан ваша Амнан-м вацара? Ма елха, сан йиша. Иза хьан ваша ву. И хӀума хьайна чӀогӀа тӀе ма оза». ХӀусам йоьхна йолу Тамара шен вешин Абушаламан цӀахь ша Ӏаш яра.
[21] Шена и хӀума дӀахиъча, Дауд чӀогӀа оьгӀазвахара.
[22] Ткъа Абушалам, я вон, я дика дош аьлла, вист ца хилира Амнане. Цунна иза бӀаьрга ван а ца вийзира, цо шен йиша Тамара хьийзийна дела.
[23] Ши шо дӀадаьллачул тӀаьхьа, Абушалам Эпрам-юьртана уллохь йолчу БаӀал-ХьацӀарахь шен уьстагӀий лоргуш вара. Цо массо а паччахьан кӀентий кхайкхира ша волчу.
[24] Абушалама, паччахь волчу а вахана, цуьнга элира: «Со волчу уьстагӀий ларга нах баьхкина. Хьоьга а, хьан ялхошка а кхайкха веана со».
[25] Амма паччахьо Абушаламе элира: «Сан кӀант, тхо шадерш а догӀур дац цига, хьуна новкъарло ца ян». ЧӀогӀа дехар дира Абушалама шен дега, амма Дауда иза, декъал а вина, дӀавахийтира.
[26] ТӀаккха Абушалама элира: «Хьан цига ван карх ца далахь, соьца сан ваша Амнан мукъана а ваийтахьа». Паччахьо цуьнга хаьттира: «ХӀунда вогӀуш ву иза хьоьца?»
[27] Амма Абушалама чӀогӀа дехар дина дела, паччахьо цуьнца Амнан а, шен массо кӀант а вахийтира. ТӀаккха Абушалама паччахьна лерина санна долу пхьор кечдира.
[28] Абушалама шен ялхошна тӀедиллира: «Амнан ларвеш хилалаш. ЧагӀар меллачул тӀаьхьа цуьнан дог сакъералуш хир ду. Аса шайга „ТӀетоха цунна“, – аьллачул тӀаьхьа, Амнан, вей, дӀаваккхалаш. Шу кхера ма кхера. И хӀума аса тӀедиллина шуна. Майра а, доьналла долуш а хила».
[29] Абушалама шайна тӀедиллинарг кхочушдира ялхоша. Амнан цара вийра, ткъа кхиболу паччахьан кӀентий, хьала а гӀевттина, шайн бӀарзанаш тӀе а хевшина, дӀабевдира.
[30] Уьш дӀакхачале, Дауде хаам кхечира, Абушалама паччахьан берриге а кӀентий байина аьлла.
[31] Паччахь, хьала а гӀаьттина, шена тӀера бедарш этӀа а йина, лаьтта охьавуьйжира. Цуьнан берриге а ялхоша а шайна тӀера бедарш этӀийра.
[32] Амма Даудан вешин ШимӀин кӀанта ЯхӀу-Надаба элира: «Сан элана ма моьттийла шен массо а кӀант вийна. Вийнарг Амнан бен вац. Шен йиша Тамара цо хьийзийначу дийнахь дуьйна и бекхам бан гӀерташ вара иза.
[33] Массо паччахьан кӀант вийна бохуш, хьайн дагна хало ма елахь. Вийнарг Амнан бен вац хьуна».
[34] Ткъа Абушалам ведда дӀавахнера. ГӀалин ков тергалдечу жимачу кӀантана гира Хьоронаймерачу некъа тӀехула лам тӀера охьабуьссуш дукха нах. ТӀаккха кӀанта, ваха а вахана, паччахье элира: «Суна гира Хьоронаймера некъа тӀехула лам тӀера охьабогӀу дукха нах».
[35] ЯхӀу-Надаба паччахье элира: «Гой хьуна! Ас ма-аллара, и богӀуш берш паччахьан кӀентий бу».
[36] Цуьнан багара и дешнаш довллушехь, паччахьан кӀентий, белха а боьлхуш, схьакхечира. Дауд а, цуьнан ялхой а чӀогӀа боьлхуш бара.
[37] Ткъа Абушалам, ведда дӀа а вахана, Гешурара паччахь волу ӀамихӀудан кӀант Талмай волчохь дӀалечкъира. Дауд-паччахь хӀора дийнахь шен кӀантана воьлхура.
[38] Абушалам, Гешура ведда дӀа а вахана, кхаа шарахь цигахь Ӏийра.
[39] Амнан валар бахьана долуш хилла болу сингаттам шена тӀерабаьлча, Абушаламна тӀаьхьаваьлла лела кхин ца лиира Даудана.