Skip to content
Opens in a new window

[1] Царуятан кӀантана Йоабана хиира, Дауд-паччахь Абушаламах лаьцна ойланаш еш вуйла.

[2] Цундела Йоаба ТакхоӀ олучу меттиге нах бахийтира, цигара цхьа хьекъале зуда шена тӀеялае аьлла. Цу зудчуьнга цо элира: «Хьо чӀогӀа гӀайгӀане ю моттийта, хьайна тӀе Ӏаьржа духар а духа, коьртах зайтдаьтта а ма хьакха. Хьо хьайн веллачу стагана йоьлху дикка хан йолуш санна лела.

[3] Цул тӀаьхьа, паччахь волчу а гӀой, цуьнга хӀара дешнаш дӀаала». Йоаба цу зудчо паччахье ала дезаш долу дешнаш дӀахьийхира.

[4] ТакхоӀ-гӀалара хьекъал долу зуда паччахь волчу чоьхьаелира. Цунна хьалха корта лаьтта кхаччалц охьатаьӀира иза. Зудчо элира: «ГӀо дехьа суна, паччахь!»

[5] Паччахьо цуьнга хаьттира: «ХӀун сингаттам бу хьоьгахь?» ТӀаккха зудчо элира: «Со йисина Ӏаш ю, сан майра велла.

[6] Хьан лай йолчу сан ши кӀант вара. Аренгахь волчу хенахь цу шиннан дов даьлла хилла. Цу шинна юккъе машар бан стаг а ца хилла, цхьаммо вукхунна тоха а тоьхна, царах цхьаъ вийна.

[7] ХӀинца сан мел волу гергара стаг хьан ялхо йолчу суна дуьхьалваьлла. Цара соьга боху: „Схьало тхоьга шен ваша вийна волу хьайн кӀант. Цо ваша вер бахьана долуш, оха иза вуьйр ву, тӀаьхьенах диснарг кхочун дерг а хӀаллаквийр ву“. Цара шаьш бохург дахь, сан доьзалан хӀу довр ду, сан майрачун хӀокху дуьнен чохь цӀе а, тӀаьхье а юьсур яц».

[8] ТӀаккха паччахьо элира: «ПаргӀат хьайн цӀа гӀо, хьан дуьхьа ас-айса гӀайгӀа бийр бу цу гӀуллакхан».

[9] Амма ТакхоӀарчу зудчо элира: «Сан паччахь волу эла, и бехк суна а, сан доьзална а тӀехь бу, ткъа паччахь а, цуьнан пачхьалкх а цу хӀуманна бехке дац».

[10] ТӀаккха паччахьо цу зудчуьнга элира: «Хьайна цхьаъ дуьхьалвалахь, со волчу схьавалаве иза. Цо кхин хьуна тӀе куьг хьор дац хьуна».

[11] ТӀаккха зудчо элира: «Сан паччахь, хьайн Везачу Делан цӀарах дош лохьа суна, чӀир лоьхучара, сан кӀант вен а вийна, цӀий Ӏанор сов доккхур дац алий». Дауда элира: «Дийна волчу Везачу Элах дуй боу ас, хьан кӀентан коьртара цхьа чо а галбер бац аьлла».

[12] Зудчо юха а элира: «Хьан лай йолчуьнга кхин цхьа хӀума а алийтахьара ахьа хьайга». Паччахьо элира: «Йистхила».

[13] Зудчо элира: «Делахь, хьо цу тайпана Делан халкъана дуьхьал хӀунда ваьлла? Ахьа аьллачу дешнаша хьо-хьуо бехке во, хӀунда аьлча ахьа хьайн араваьккхина лелаш волу кӀант цӀа ца верзаво.

[14] Тхо лийр ду, лаьтта Ӏанийна долу, юха схьагуллур доцу хи санна а хуьлуш. Амма Далла ца лаьа са хӀаллакдан, мелхо а, Цо ойланаш йо, наха дӀатеттинарг Шена уллора кхин дӀа ца таттийта.

[15] Цундела со хьо волчу и дешнаш хьоьга дӀаала еана, хӀунда аьлча со наха кхерийна. Аса сайн дагахь элира: „Паччахье йистхила еза со, аса аьлларг дан мега цо.

[16] Схьахетарехь, паччахьо, ла а доьгӀна, Дала суна а, сан кӀантана а делла долу доьзалан латта хӀаллакдан гӀерташ волчун карара шен лай йолу со кӀелхьарйоккхур ю“.

[17] ТӀаккха суна дагадеара: „Сан элан дош суна синхьаам беш хуьлийла, хӀунда аьлча сан паччахь волу эла Делан малик санна ву. Цо дикачунна а, вочунна а юкъахь башхо ян тарло. Ткъа хьан Веза Дела массо а хенахь хьоьца хуьлийла“, – аьлла».

[18] Паччахьо цу зудчуьнга элира: «Аса хӀинца хьайга динчу хаттарна соьга, хӀумма а къайла а ца доккхуш, ма-дарра дуьйцуш, жоп лолахь». Зудчо элира: «Де хьайн хаттар, сан паччахь волу эла».

[19] Паччахьо элира: «Йоаб бахьана долуш-м ца до ахьа соьга и къамел?» Зудчо, жоп луш, элира: «Дийна волчу хьох чӀагӀо йо ас, ахьа бохучунна я аьтту, я аьрру агӀор таӀа йиш яц. Хьан лай волчу Йоаба тӀедиллира суна, аса хьоьга мел аьлларг паччахье дӀаала аьлла.

[20] Хьан лай волчу Йоабан Ӏалашо и хӀума вукху агӀор гайтархьама яра, амма сан олахо хьекъалалла долуш ву, Делан малик хьекъалалла долуш ма-хиллара, кху лаьттахь долу массо а хӀума хаархьама».

[21] ТӀаккха паччахьо Йоабе элира: «ХӀинца ахь бохург дийр ду ас. Ваха а гӀой, жима стаг Абушалам цӀа верзаве».

[22] Йоаба паччахьна хьалха корта лаьтта кхаччалц охьатаӀийра. Паччахь декъал а веш, цо элира: «ХӀинца хьан лай волчунна хаьа, хьо суна реза вуйла, хӀунда аьлча ахь хьайн лай волчо бохучуьнга ладуьйгӀи».

[23] Цигара хьала а гӀаьттина, Гешура а вахана, Абушалам Ярушалайме схьавалийра цо.

[24] Паччахьо элира: «Шен цӀа вола ала цуьнга. Амма сан юьхь цунна гур яц». Абушалам цӀа веара, амма шен дена тӀекхача йиш йолуш вацара иза.

[25] Берриг а Исраилан махкахь вацара Абушаламал хаза а, цул наха дика цӀе йоккхуш а стаг. Кога буьххьера дуьйна коьрта тӀе кхаччалц цхьа а айпе хӀума дацара цунна тӀехь.

[26] Цо хӀора шарахь цкъа шен корта дӀабошура, хӀунда аьлча цунна хала хуьлура шен коьртара месаш лелаян. Корта дӀабаьшначул тӀаьхьа месаш оьзча, уьш ши бӀе шекхал гергга хуьлура, паччахьан шекхалан барамехь.

[27] Цуьнан кхо кӀант а, Тамара бохуш цӀе а йолуш, цхьа йоӀ а яра. Тамара чӀогӀа хаза зуда яра.

[28] Шен дена дуьхьал ца воьдуш, Абушалама Ярушалаймехь ши шо даьккхира.

[29] Абушалама Йоабана тӀе стаг вахийтира, иза шен дена тӀе хабар эцна вахийта. Амма вукхунна ца лиира Абушаламна тӀе ван. Цо шолгӀа а стаг вахийтира, Йоабана тӀе, амма важа юха а тӀе ца веара.

[30] ТӀаккха Абушалама шен ялхошка элира: «Шуна ма-хаьа, сан кхена уллохь Ӏуьллуш Йоабан кха дуйла. Цигахь тӀеболуш цуьнан мукх бу. Даха а гӀой, цунах цӀе таса». Ялхоша мекхах цӀе тесира.

[31] ТӀаккха Йоаба, Абушалам волчу а веана, цуьнга хаьттира: «Хьан ялхоша сан кха тӀехь цӀе хӀунда тесна?»

[32] Абушалама, цунна жоп луш, элира: «Аса хьоьга кхайкха бахийтира, паччахье хаттар дайта: „Гешурара со схьа хӀунда валийна? Суна цигахь Ӏийнехь атта хир дара“. Паччахьан юьхь ган лаьа суна. Нагахь санна со бехке велахь, со, вей, дӀаваккхийта цуьнга».

[33] Йоаба, паччахь волчу а вахана, шен Абушаламца хилла долу къамел цуьнга дӀадийцира. ТӀаккха Дауда Абушалам шена тӀе кхайкхира. Иза, паччахь волчу а веана, цунна лаьтта кхаччалц, корта тухуш, охьатаьӀира. Паччахьо цунна барт баьккхира.

Дауд-паччахь — Chapters