Skip to content
Opens in a new window

[1] Шеба-махкарчу зуда-паччахьна а хезира Сулим-паччахьан цӀе яхар. Иза Сулим волчу Ярушалайме еара, халчу хаттаршца и зерхьама. И зуда-паччахь еара, шеца йоккха эмкалийн ковра а ялош. Цу эмкалшна тӀехь доьттина деана хаза хьожа йогӀучу бецех даьккхина хьакхарш а, дукха деши а, деза тӀулгаш а дара. Сулим-паччахь волчу а еана, шен дагахь мел долчух лаьцна къамел дира Шеба-махкара еанчу паччахьо.

[2] Ткъа Сулим-паччахьо цо деллачу массо а хаттаршна жоп делира, цхьа а хаттар ца дисира, цуьнга жоп ца далалуш.

[3] Шеба-махкара еанчу паччахьна гира Сулиман хьекъалалла а, цо дина паччахьан цӀа а.

[4] Иштта цунна гира кхузахь боу кхача а, паччахьан уллоранаш Ӏаш йолу хӀусамаш а, ялхой оьзда хилар а, церан духар а, чагӀардуттургаш а, церан духар а, Везачу Элан цӀийнан кертахь Сулим-паччахьо дохуш долу дийнаташ дагоран сагӀанаш а. И дерриг а шена гича, иза чӀогӀа инзаръяьллера.

[5] Цо элира Сулим-паччахье: «Сайн махкахь суна хезнера хьан гӀуллакхех лаьцна а, хьан хьекъалаллех лаьцна а. Иза бакъ хилла.

[6] Амма цара дийцинчух со тешар яцара, со ян а еана, сайн бӀаьргашна иза галлалц. ХӀаъ, хьан хьекъалаллин ах дакъа а соьга дийцина ца хилла. Хьан хьекъалалла суна хезначул дуккха а сов ду.

[7] Мел ирс долуш хила деза хьан адамаш! Ма ирс долуш хила беза хьан ялхой, хӀора денна хьуна гӀуллакх деш, хьан хьекъале къамел хезаш болу!

[8] Декъала хуьлда хьан Веза Дела, хьуна реза а хилла, хьо Шен паччахьан гӀанта тӀе, Шен цӀарах паччахьалла дайтархьама, охьахаийна волу! Исраилан халкъе Шен болчу безамна а, и халкъ гуттаренна а чӀагӀдархьама а, Везачу Эло хьо паччахь хӀоттийна, цу халкъана тӀехь хьоьга кхел яйтархьама а, нийсо лелаяйтархьама а».

[9] Сулим-паччахьна ши бӀе шовзткъа пунт деши а, хаза хьожа йогӀучу бецийн дуккха а хьакхарш а, деза тӀулгаш а делира цо. Шеба-мехкан паччахьо Сулим-паччахьна елла йолу хаза хьожа йогӀу хӀуманаш саннарш цул хьалха цкъа а ца хиллера.

[10] Апар-махкара деши деанчу Хьираман а, Сулиман а ялхоша цӀен дечиг а, деза тӀулгаш а деанера.

[11] Оцу цӀечу дечигах Везачу Элан цӀенна а, паччахьан цӀенна а тӀейоьду тӀегӀанаш йира. Иштта зурманчашна оьшу мерз-пондарш а, дечиг-пондарш а дайтира паччахьо оцу дечигах. ЯхӀуд-махкахь хӀетталц цкъа а деана а, я гина дацара и санна долу дечиг.

[12] Сулим-паччахьо а елира Шеба-махкарчу зуда-паччахьна цунна еззнарг а, цо еххнарг а. Цо еанчул дуккха а сов елира цунна Сулим-паччахьо. Цул тӀаьхьа зуда-паччахь ялхошца шен махка юхайирзира.

[13] Сулим-паччахьна хӀора шарахь цхьа эзар кхо бӀе ткъе шийтта пунт деши дахьара.

[14] Цул сов йохкаэцар лелош болчара а, совдегарша а цунна деши дала дезара. Иштта берриг а Ӏаьрби-махкарчу паччахьаша а, цуьнан шен мехкадайша а деши а, дети а дахьара Сулим-паччахьна.

[15] ТӀаккха туьйсинчу деших дина ши бӀе доккха турс а дайтира Сулим-паччахьо. ХӀора турсана ялх бӀе шекхал туьйсина деши дахнера.

[16] Иштта кхин а кхо бӀе кегий турсаш дайтира цо, хӀора турсана кхо бӀе шекхал туьйсина деши а дуьллуш. Туьйсина деших дина и турсаш «Ливанун-мехкан хьун» олучу цӀенош чу дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо.

[17] Пийлан кӀомсарех доккха паччахьан гӀант дайтира паччахьо, цунна тӀе а цӀена деши диллира.

[18] Оцу гӀантана тӀеваха йиллина ялх тӀегӀа яра. ГӀантаца хоьттина йина дашо когийн кӀело яра. ГӀантан шина а агӀор куьйган голахӀотторгаш яра, царна хӀоранна а уллохь дина лоьман суьрташ дара.

[19] Кхин а шийтта лоьман сурт дара, оцу ялх тӀегӀанна шинна а агӀор цхьацца лаьтташ. Оцу тайпана долу паччахьан гӀант хӀетталц цхьанна а пачхьалкхехь дина дацара.

[20] Сулим-паччахьан хьеший тӀеоьцуш лелош йолу пхьегӀаш дашо яра. «Ливанун-мехкан хьун» цӀе йолчу цӀенош чохь лаьтташ йолу кхийолу хӀуманаш а ерриг а цӀеначу деших йина яра. Детих йина хӀумма а яцара, хӀунда аьлча Сулим-паччахь волчу заманахь детин мах чӀогӀа лахара бара.

[21] Кхечу мехкашца йохкаэцаран гӀуллакхна вовшахтоьхна хӀордана тӀехула лелаш хинкеманаш дара Сулим-паччахьан. Хьирам-паччахьан хӀордахоша леладора и кеманаш. ХӀора кхаа шарахь цкъа хӀордкеманаш, деши, дети, пийлан кӀомсарш, маймалш, тӀаус-олхазарш а дахьаш, юхадоьрзура.

[22] Дуьненна чуьра массо а паччахьийн чул а инзаре дукха хьал а, хьекъалалла а долуш вара Сулим-паччахь.

[23] Дуьненна чуьра массо а паччахьашна лаьара Сулим-паччахь ган, Дала цунна делла долу инзаре хьекъалалла шайна хазийтархьама.

[24] ХӀора шарахь дукха адам догӀура, Сулим гархьама. Шаьш догӀуш царах хӀораммо а совгӀаташ дахьара: детих, деших йина хӀуманаш, тӀеюху бедарш, герз, хаза хьожа йогӀу хӀуманаш, говраш, бӀарзанаш.

[25] Йиъ эзар гӀудалкх южу дойн керт а, шийтта эзар дин а бара Сулим-паччахьан. Паччахь Ӏаш волчу Ярушалаймехь а, гӀудалкхаш дӀахӀитточу гӀаланашкахь а дӀатарйинера уьш.

[26] Эпрат-хин тӀера дӀадоладелла пӀелаштамхойн махкана тӀекхаччалц а, Мисар-мехкан дозане кхаччалц а йолчу меттигашкарчу массо а паччахьна тӀехь олалла дора Сулим-паччахьо.

[27] Детин барам тӀулгаш долччул дукха хилла дӀахӀоттийра цо Ярушалайм-гӀалахь. Лаьмнийн кӀажашкахь долчу диттийн барам а дезачу баганан диттийн бараме нисдина дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо.

[28] Мисар-махкара а, кхечу массо а мехкашкара а дой даладора Сулимана.

[29] Сулим-паччахьо динчу хӀуманех лаьцна – дуьххьарлерачунна тӀера тӀаьххьарлерачунна тӀекхаччалц – яздина Ната-пайхамаран тептарш тӀехь а, шилунхо волчу АхьъяхӀуга Делера болчу хаамашкахь а, НабатӀан кӀантах ЯрбаӀамах лаьцна Делера дерг гуш волчу ЯӀду-пайхамарна дуьхьал хӀуьттучу суьрташкахь а.

[30] Сулим-паччахьо Ярушалаймехь берриг а Исраил-махкана тӀехь шовзткъа шарахь паччахьалла дира.

[31] ТӀаккха Сулим-паччахь, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза шен ден Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Сулиман метта паччахь хилира цуьнан кӀант РахьбуӀам.

ДӀаихначу шерашкахь хиллачух лаьцна дӀаяздина шолгӀа тептар — Chapters