Skip to content
Opens in a new window

[1] Сулим-паччахь доӀа дина ваьлча, стигалара цӀе йоьссира, сагӀин кхерча тӀера дагош долу сагӀанаш а, кхидолу сагӀанаш а Дала тӀеийцира. Ткъа Везачу Элан ЦӀа Цуьнан сийлаллин нуьро дуьзира.

[2] Везачу Элан ЦӀа Цуьнан сийлаллин нуьро дузарна, динан дай Везачу Элан ЦӀа чу ца бахалора.

[3] И охьайоьссина цӀе а, цу Везачу Элан ЦӀенна тӀе доьссина долу Цуьнан сийлаллин нур а шайна гича, майданахь болу берриг а исраилхой бертал ийгира. Везачу Элана хастамаш бира цара, Иза дика волу дела а, Цуьнан безам цкъа а хедар боцу дела а.

[4] Ткъа паччахьо а, дерриге халкъо а Везачу Элана сагӀа даьккхира.

[5] Сулим-паччахьо ткъе ши эзар сту а, бӀе ткъа эзар уьстагӀ а беара сагӀина. Иштта Сулим-паччахьо а, дерриге халкъо а Делан цӀа даздира.

[6] Динан дай бара шайн декхарш кхочушдеш лаьтташ. Дауд-паччахьо кечбайтинчу зурманийн гӀирсашца лаьтташ бара левихой. «Везачу Элан безам цкъа а хедар бац» а бохуш, Везачу Элана хастамаш мосазза бо, Дауд-паччахьо и зурманийн гӀирсаш лелабойтура. Левихошна дуьхьал а лаьтташ, динан дайша коьман маӀаш лоькхура. Исраил-мехкан дерриге а халкъ лаьтташ дара цигахь.

[7] Везачу Элан цӀийнан кертара юккъехь йолу меттиг Далла хьалха сийлаллица язйира Сулим-паччахьо, цигахь дийнаташ дагоран а, кӀен а сагӀанаш дохура, бертан сагӀанийн дийнатийн мохь а ягайора. ХӀунда аьлча Везачу Элан цӀенна хьалхахь лаьтташ болчу сагӀа доккхучу йоьзачу кхерчана тӀе дерриг а и сагӀанаш ца тарлора.

[8] Цу хенахь ворхӀ дийнахь Сулим-паччахьо а, дерриг а Исраилан халкъо а даздира и деза де. Берриг а исраилхой гулбеллера цигахь, Хьамат-Ӏинера дуьйна Мисар-мехкан дозанехь долу хина тӀекхаччалц.

[9] ВорхӀ дийнахь Везачу Элана сагӀа доккху кхерч а базбира, кхин а ворхӀ дийнахь четаршна чохь Ӏаш долу денош а даздира, ткъа цул тӀаьхьа тӀедеанчу дийнахь цу денойн даздаран тӀаьхье йира.

[10] ТӀаккха ворхӀалгӀачу беттан ткъе кхоалгӀачу дийнахь паччахьо халкъ шайн цӀа дӀадахийтира. Халкъан дегнаш хазахетта а, самукъадаьлла а дара, Даудана а, Сулимна а, Шен Исраил-мехкан халкъана а Везачу Эло динчу диканна.

[11] Иштта дина чекхдаьккхира Сулим-паччахьо Везачу Элан ЦӀа а, паччахьан цӀа а. Везачу Элан ЦӀенна тӀехь а, шен цӀенна тӀехь а ша дан дагалаьцнарг дерриге а хила ма-дезза кхочушдира Сулим-паччахьо.

[12] ТӀаккха буса Сулим-паччахьна дуьхьал хӀоьттира Веза Эла. Цо элира: «Суна хьан доӀа хезира. ХӀинца Аса Сайна къастайо хӀара меттиг, хӀокхунах сагӀа доккху цӀа хилийтархьама.

[13] Нагахь Аса, стигал дӀа а къевлина, догӀа ца даийтича а, я цӀоз тӀе а хецна, цуьнга латта даийтича а, я адам хӀаллак а деш, цамгар яржийча а,

[14] Сан долахь долу халкъ Суна муьтӀахь хилла, доӀанаш деш, Соьгахьа дерзахь, шайн харц некъаш тӀера дӀа а далахь, тӀаккха стигалахь хезар ду Суна Сайн халкъан аз, цуьнан къиношна геч а дийр ду Ас, цуьнан латта а тодийр ду Ас.

[15] ХӀинца дуьйна Сан бӀаьргаш а дӀадиллина хир ду, Сан лергаш а сема хир ду кху меттехь дечу доӀанашна.

[16] ХӀинца дуьйна Ас даздина хӀара ЦӀа, Сайн цӀе цу чохь абаденна язъяйта лаьа Суна. Сан бӀаьргаш а, Сан дог а цу чохь хир ду массо а заманахь.

[17] Нагахь хьо, хьайн да Дауд-паччахь ма-леллара, Суна хьалха лелахь, Аса хьайна тӀедиллинарг ахь кхочушдахь, Сан хьехамаш а, бакъонаш а ларъеш хьо лелахь,

[18] Ас чӀагӀдийр ду хьан паччахьалла, Айса хьан дега, Дауд-паччахье, чӀагӀо еш ма-аллара: „Хьан тӀаьхьенах хир волчу цхьаццаммо даим паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тӀехь“.

[19] Нагахь Аса шайна делла долу Сан весеташна а, Сан хьехамашна а тӀера дӀа а девлла, уьш дитина, аша кхечу деланашна гӀуллакх деш, царна корта беттахь,

[20] тӀаккха Айса деллачу Сайн лаьтта тӀера Исраилан халкъ орамашца дӀадоккхур ду Ас. Ткъа хӀара Сайн цӀе язъян Айса къобалдина ЦӀа Сайна дуьхьалара дӀадоккхур ду. ТӀаккха дерриге а халкъашна хьалхахь кицанаш а далош, беламаш а беш, цӀе йохуьйтур ю Ас хӀокху Сайн цӀийнан.

[21] Ткъа оцу дезачу цӀийнах лаьцна, иза сийлахь делахь а, чекх мел волучо инзарваларца хаттар дийр ду: „И хӀунда дина те Везачу Эло оцу махкана а, оцу Шен цӀенна а?“

[22] Юха, царна жоп луш, наха эр ду: „Мисар-махкара шаьш арабаьхна волу Веза Эла, шайн дайн Дела, дӀа а тесна, уьш кхечу деланашна тӀаьхьа а бевлла, царна Ӏамал а еш, Ӏибадат дан буьйлабаларна дина царна иза. Цундела Везачу Эло баийтина царна тӀе и берриг бохам“».

ДӀаихначу шерашкахь хиллачух лаьцна дӀаяздина шолгӀа тептар — Chapters