[1] ЯхӀудхойн паччахь ЯхӀушапти шен цӀа Ярушалайме маьрша юхавоьрзуш вара.
[2] Цунна дуьхьал ваха аравелира Делера дерг гуш волу Хьананин кӀант ЯхӀу-пайхамар. Цо паччахье элира: «Веза Эла ца везачу, Ӏесачу нахана гӀо дан дезарий те ахьа? И бахьана долуш Везачу Эло оьгӀазло йина хьуна.
[3] Делахь а, хьох диканиг доллуш а карийна Цунна, хӀунда аьлча, ЯхӀуд-махкара Ашера-далла лерина долу дечиган бӀогӀамаш дӀа а даьхна, хьайн дог Дела лахарна тӀедерзийна ахьа».
[4] ЯхӀушапти Ярушалаймехь Ӏаш вара. Юха а, Беар-ШабаӀ-гӀалара дуьйна Эпрайм-лома тӀекхаччалц дӀа а вахана, шен халкъана тӀе а воьдуш, уьш церан дайн Дела волчу Везачу Элана тӀеберзорна кхайкхам бора цо.
[5] ЯхӀуд-махкарчу чӀагӀйинчу хӀора а гӀали чохь кхелахой дӀахӀиттийра ЯхӀушаптис.
[6] Кхелахошка цо элира: «Шаьш дийриг хӀун ду хьовсалаш, аша йийриг адамийн дуьхьа йолу кхел яц, иза Везачу Элан дуьхьа ю. Аша кхел ечу гӀуллакх тӀехь Иза шуьца ву.
[7] Везачу Эле болчу ларамах дуьзна хуьлийла шу. Шаьш дийриг хӀун ду а хьожуш делаш, хӀунда аьлча вайн Везачу Делаца яц харцо, я озабезам бар, я кхаьънаш эцар».
[8] Ярушалаймехь а левихойх а, динан дайх а, исраилхойн доьзалийн баьччанех а болу цхьаболу нах Везачу Элан йолчу кхеле а, гӀалин бахархойн къовсамехь йолчу кхеле а озорна долчу гӀуллакхашка дӀахӀиттийра ЯхӀушаптис.
[9] Царна тӀе а дуьллуш, цо элира: «Везачу Эле ларамах дуьзна хиларца а, тешаме хиларца а, доллучу дагца а делаш шаьш дийриг.
[10] Шайн гӀаланашкахь бехачу шун вежаршкара шайна тӀедеанчу муьлххачу а къовсамечу гӀуллакх тӀехь, иза цӀий Ӏанорца я товрат-хьехамашца, я весеташца, я парзашца, я кхидолчу тӀедехкинаршца доьзна делахь а, уьш Везачу Элана хьалха бехке ца хилийта царна хьехамаш бе. Иштта гӀуллакхаш де, тӀаккха аша къилахь дерг дийр дац.
[11] Коьрта динан да волу Ӏамар-ЯхӀу, аша Везачу Элана лерина дечу муьлххачу а гӀуллакхна тӀехӀоттийна ву. Ткъа ЯхӀудан тайпанан баьчча волу ИсмаьӀалан кӀант Забди-ЯхӀу паччахьна лерина дечу муьлххачу а шун гӀуллакхна тӀехьажа хӀоттийна ву. Иштта левихой оцу гӀуллакхашна тӀехь гӀодийраш хир бу шун. ЧӀагӀдаларца кхочушде шайна тӀедиллина гӀуллакх, ткъа Веза Эла диканиг дечаьрца хуьлийла».