[1] Иштта чекхбехира Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀенна шена бан лиъна болу берриг а белхаш. Шен дас, Дауда, Далла лерина лелош хилла мел йолу сийлаллин-еза хӀуманаш цу цӀа чу ехкира Сулима. Делан цӀийнан хазни чу деши а, дети а, кхин йолу хӀуманаш а дӀаелира цо.
[2] ТӀаккха Исраилан халкъан къаной а, исраилхойн тайпанийн а, гаранийн а, доьзалийн а берриг а баьччанаш а Ярушалайме шена тӀекхайкхира Сулима, хьалха Цийон олуш хиллачу Даудан гӀалара Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ схьадаийтархьама.
[3] Иштта шеран ворхӀалгӀачу беттан дезачу деношкахь дерриг а Исраилан халкъ Сулим-паччахь волчу гулделира.
[4] Исраилхойн массо а къаной цига баьхкича, левихоша бертан тӀорказ схьаийцира.
[5] Бертан тӀорказ а, гуламан четар а, цу чохь мел хиллачу сийлаллин-езачу хӀуманашца, схьа а эцна, дӀадаьхьира динан дайша а, левихоша а.
[6] Ткъа Сулим-паччахь а, иштта иза волчу гулделла Исраилан дерриг халкъ а дезачу тӀорказна хьалха лаьттара. Цара Далла лерина дийнатийн сагӀанаш дохура. Далийна бежанаш а, жа а дукха хиларна дагар а ца далора.
[7] Динан дайша Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ, схьа а деана, Делан цӀийнан чухуларчу а, уггар а езачу чоьнна чохь шен метте, каруб-маликийн суьртийн тӀемашна кӀел, охьадиллира.
[8] Оцу маликийн суьртийн тӀемаш цу тӀорказна тӀехула дӀасадаржийна дара, цундела тӀорказ а, цуьнан схьалоцу гӀуркхаш а цара дӀахьулдора.
[9] И гӀуркхаш деха хиларна, церан юьхьигаш гучуйовлура езачу чоьнна чуьра уггар езачу чухуларчу чоьнна хьалха агӀор. Амма арахула и юьхьигаш гуш яцара. Уьш тахханалц а цу чохь лаьтташ ю.
[10] Оцу дезачу тӀорказ чохь, Мусас чуйиллина хилла йолу тӀулган ши экъа йоцург, кхин хӀумма а яцара. ТӀулган и экъанаш Муса-пайхамаро цу чу ехкинера, Хьариб олучу меттигехь Везачу Эло Исраилан халкъаца барт а бина, иза Мисар-махкара арадаьккхинчул тӀаьхьа.
[11] Динан дай езачу чоьнна чуьра арабевлира. Ткъа цул хьалха цигахь хиллачу берриге а динан дайша, къастамаш а ца беш, Далла хьалха шаьш цӀанбинера.
[12] Зурманчаш болу берриге а левихой – Асайп, ХӀайман, Ядутун, церан кӀентий а, вежарий а – тӀехь дуткъачу кӀадих дина духар а долуш, цӀастанан жима негӀарш а, тайп-тайпана дечиган пондарш а лоькхуш, сагӀа доккхучу кхерчан малхбалехьа агӀор лаьтташ бара. Цаьрца цхьаьна цхьа бӀе ткъа динан да вара, турбанаш лоькхуш.
[13] Турба лоькхурш а, илланчаш а, цхьаъ болуш санна, эбина мукъам балош лаьттара, Везачу Элана хастамаш а беш, Цунна баркалла а бохуш. Турбанашца а, цӀастанан жимачу негӀаршца а, кхечу гӀирсашца а цхьаьна айдинчу озаца цара Везачу Элана хастамаш бора: «Веза Эла ма дика ву! Цуьнан безам хедар боцуш бу!» Оццу юкъана Везачу Элан цӀа мархах дуьзира.
[14] И марха бахьана долуш, динан дай шаьш гӀуллакх дечохь латта а ца лора, Делан цӀа Везачу Элан сийлаллин нуьрах дузарна.