Skip to content
Opens in a new window

[1] Берриге а Исраил-мехкан а, ЯхӀуд-мехкан а меттигашка геланчаш бахийтира Хьузакх-ЯхӀус. Иштта Эпрайм-махка а, Маннаш-махка а кехаташ яздира цо, дерриг а цигара халкъ Ярушалаймехь лаьтташ долу Везачу Элан цӀа долчу даладе аьлла, Исраилан халкъан Везачу Далла лерина Пасахьан дезде даздархьама.

[2] Паччахьо а, цуьнан баьччанаша а, Ярушалаймерчу берриге а гуламо а кхеташонехь сацам бира, шеран шолгӀачу баттахь Везачу Элана лерина долу Пасахь олу дезде даздийр ду аьлла.

[3] И гӀуллакх цул хьалха билгалъяьккхинчу хенахь кхочушдар ца нисделлера церан, Далла гергахь цӀанбеллачу динан дайн барам кхоччуш ца хилла дела а, халкъ Ярушалайме схьагулделла ца даьлла дела а.

[4] Паччахьна а, берриге гуламна а и сацам хазахийтира.

[5] ТӀаккха Беар-ШабаӀ-гӀалара дуьйна Дан-гӀалина тӀе кхаччалц, берриге а Исраил-махкахула кхайкхам бар билгалдаьккхира. И кхайкхам бинера, Ярушалайме халкъ схьагулдайтархьама. ХӀунда аьлча Исраилан Везачу Далла лерина долу Пасахьан дезде, товрат-хьехамаш тӀехь яздина ма-хиллара, иштта дуккха а цхьаьна долчу халкъаца даздар кхочуш ца динера.

[6] Берриге а Исраил-махкахула а, ЯхӀуд-махкахула а паччахьан а, цуьнан баьччанийн а кехаташ дӀасадаржош бахара геланчаш. Паччахьо динчу омрица кехата тӀехь яздина дара: «Исраилан халкъ! ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Исраилан а Дела волчу Везачу Элана тӀедерзалаш, тӀаккха ашурхойн паччахьан карара схьабевллачу дийна бисинчарна тӀевоьрзур ву Иза а.

[7] Шайн дайн Дела волчу Везачу Элана тешаме ца хиллачу шайн дайх а, вежарех а дӀа ма тарлолаш. Шена тешаме ца хиларна, адам инзардолуьйту хӀума йира Цо царах.

[8] ХӀинца дуьйна шайн дайн санна къиза дегнаш долуш ма хилалаш, ткъа Везачу Элана муьтӀахь хилалаш. Цо гуттаренна а даздина долчу, Цуьнан цӀенна тӀе дуьйла. Шайн Везачу Далла гӀуллакх де, тӀаккха Цо Шен чӀогӀа йолу дералла шуна тӀера дӀайоккхур ю.

[9] Шун дегнаш Везачу Элана тӀе юхадирзича, шун вежарех а, шун берех а уьш йийсаре бигначара къинхетам бийр бу. ТӀаккха уьш кху махка юхабоьрзур бу, хӀунда аьлча шун Веза Дела дика а, къинхетаме а ма ву. Нагахь санна шу Цунна тӀедерзахь, Иза шух дӀавоьрзур вац».

[10] Эпрайман а, Маннашан а мехкашкахула, Забулан махка тӀекхаччалц, цхьана гӀалара вукху гӀала боьлхура геланчаш. Ткъа адамаш царах доьлуш а, кхаьрдаш а дара.

[11] Делахь а, Ашаран а, Маннашан а, Забулан а тайпанех болчу цхьаболчара, къар а белла, ладуьйгӀира цаьрга. Уьш Ярушалайме баьхкира.

[12] ЯхӀуд-махкахь, адамашна цхьаалла а луш, Дала халкъ иракарахӀоттийра, Везачу Эло аьлла ма-хиллара, паччахьан а, цуьнан баьччанийн а омра кхочушдархьама.

[13] Шеран шолгӀачу баттахь Ярушалаймехь вуно дукха адам гулделира, Совсазчу баьпкан дезде даздархьама. Гулам дикка боккха бара.

[14] Гулбеллачара, хьала а гӀевттина, Ярушалаймехь цӀушна лерина дагоран сагӀа доккхуш хилла болу кхерчаш бохийра. Иштта, цӀушна лерина хаза хьожа йогӀу хӀума ягош болу берриге а гӀирс, боха а бина, Кхидрун-тогӀи чу кхоьссира цара.

[15] ТӀаккха шолгӀачу беттан дейтталгӀачу дийнахь Пасахьан Ӏахарна урс хьаькхира цара. Динан дайша а, левихоша а, эхь а хетта, цӀан а белла, Везачу Элан цӀийнан керта дагоран сагӀа даккха дийнаташ далийра.

[16] Делан стаг волчу Мусан товрат-хьехам тӀехь яздина ма-хиллара, шайна тӀедиллина ма-хиллара, шайна билгалъяьхначу меттигашка дӀахӀиттира уьш. Динан дайша, левихойн карара схьа а оьцуш, цӀийн цинцаш тухура.

[17] Гулбеллачарна юкъахь Далла гергахь шаьш дӀахӀитта цӀанбалаза берш тӀех дукха хиларна, церан Пасахьан Ӏахарий Везачу Элана лерина хилийта ца хӀуьттура уьш. Церан метта Пасахьан Ӏахаршна урс хьаькхира левихоша.

[18] Халкъана юкъара дукхахберш Далла гергахь цӀанбалаза бара. Уьш дукхахьолахь Эпрайман а, Маннашан а, Иссарханан а, Забулан а тайпанех бара. Делахь а, хила ма-дезза иза доццушехь, цара а йоура сагӀина беанчу Пасахьан Ӏахарх йолу хӀума.

[19] Ткъа Хьузакх-ЯхӀус царна тӀера доӀа дира. Цо элира: «Шена хьалха цӀанвалаза висинехь а, шен дог шайн дайн Дела волу Веза Эла лахарна тӀедерзийна волчу хӀоранна а дика волчу Везачу Эло гечдойла!»

[20] Хьузакх-ЯхӀун доӀа дӀа а хезна, Везачу Эло халкъана гечдира.

[21] Ярушалайме баьхкинчу исраилхоша чӀогӀа самукъадаларца ворхӀ дийнахь даздира Совсазчу баьпкан дезде. Левихоша а, динан дайша а Везачу Элана хастамаш барна леринчу зевнечу зурманийн гӀирсашца хӀора дийнахь Цунна хастамаш бора.

[22] Кхетам а болуш, Везачу Элана дика гӀуллакх деш бохкучу левихошна тамехь дерг олура Хьузакх-ЯхӀус. Шайн дайн Дела волу Веза Эла хеста а веш, Цунна лерина бертан сагӀа а доккхуш, дезачу деношна билгалъяьккхина йолу хӀума йиира цара ворхӀ дийнахь.

[23] Гулбеллачу массара а сацам бира и дезде кхин а ворхӀ дийнахь даздан. ТӀаккха самукъадаларца кхин а ворхӀ де даьккхира цара, и де даздеш.

[24] ЯхӀудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхӀус цхьа эзар сту а, ворхӀ эзар уьстагӀ а беанера сагӀина гулбеллачарна тӀера. Иштта баьччанаша а беанера цхьа эзар сту а, итт эзар уьстагӀ а. ТӀаккха динан дайшна юкъара дуккхамо а, Далла гӀуллакх дарна дӀа а къаьсташ, шаьш цӀанбира.

[25] ЯхӀуд-махкара схьабаьхкинчу массеран а самукъадаьллера. Иштта самукъадаьлла бара динан дай а, левихой а, Исраил-махкара схьадеана халкъ а, ЯхӀуд-махкахь тӀебаьхкинарш санна Ӏаш болу исраилхой а.

[26] Ярушалаймехь доккха хазахетар хиллера, хӀунда аьлча исраилхойн паччахь хиллачу Даудан кӀентан Сулиман заманахь дуьйна схьа ца хиллера цу тайпана хӀума Ярушалаймехь.

[27] ТӀаккха динан дайша а, левихоша а, хьала а гӀевттина, халкъ декъалдира. ДӀахезира Везачу Элана церан аз, хӀунда аьлча Веза Эла Ӏаш волчу стигаларчу Цуьнан езачу метте дӀакхечира церан доӀа.

ДӀаихначу шерашкахь хиллачух лаьцна дӀаяздина шолгӀа тептар — Chapters