[1] Ӏудадан кӀантана Ӏазар-ЯхӀуна тӀе Делан Са доьссира.
[2] Ара а ваьлла, Асина тӀе а вахана, цо элира: «Аса-паччахь, ахьа а, массо а яхӀудхоша а, бен-яманхоша а, ладогӀа соьга! Веза Эла а шуьца хуьлу, шу Цуьнца хилча. Аша И лахахь, шуна карор ву Иза. Ткъа аша Иза дӀатасахь, Цо шу а дӀатосур ду.
[3] Дуккха а йолчу хенахь бакъволу Дела а, хьехарш деш волу динан да а, товрат-хьехам а боцуш бехаш бара исраилхой.
[4] Ткъа шаьш гаттабелла хьаьвзича, уьш Исраилан Дела волчу Везачу Элана тӀебирзира. Иза цара, лаха а лоьхура, ткъа Цо цаьрга Ша кара а войтура.
[5] Цу заманчохь некъахошна маршо яцара, хӀунда аьлча ша лаьттахь мел деха адам сингаттамехь дара.
[6] Халкъаш вовшашна тӀелетара, гӀаланаш вовшашна тӀегӀертара, хӀунда аьлча Дала, массо а тайпана бохамаш тӀе а бахкийтина, адамаш гӀайгӀане хьийзара.
[7] Амма шу чӀагӀ а лойла, шун куьйгаш гӀел а ма лойла, хӀунда аьлча аша динчу гӀуллакхашна ял лур ю шуна».
[8] И дешнаш а, Ӏудад-пайхамарехула Дала бина хаам а шена дӀахезча, дог иракарахӀоьттира Асин. Цо ЯхӀудан а, Бен-Яманан а тайпанийн берриг махкара а, Эпрайм-лома тӀера ша схьаяьхначу гӀаланашкара а дегаза цӀуш дӀабехира. Везачу Элан цӀенна хьалха лаьтташ болу Цунна сагӀа доккху кхерч карлабаьккхира Асас.
[9] Массо а яхӀудхой, бен-яманхой, цаьрца цхьаьна баха охьахевшина болу, Эпрайман а, Маннашан а, ШимӀин а тайпанашкара болу нах тӀегулбира цо, хӀунда аьлча Аса-паччахьан Веза Дела Асица вуйла шайна хиъча, дукхахболу исраилхой цуьнгахьа бевлира.
[10] Асас паччахьалла деш долчу пхуьйтталгӀачу шеран кхоалгӀа бутт болуш, уьш Ярушалайме схьагулбелира.
[11] Шаьш яьккхинчу хӀонсана юкъара ворхӀ бӀе бежана а, ворхӀ эзар уьстагӀ а Везачу Элана сагӀина беара цара цу дийнахь.
[12] Шайн доггах а, дерриг синца а шайн дайн Дела волу Веза Эла лаха барт бира цара.
[13] Ткъа Исраилан Веза Дела лохуш воцу муьлхха а вен веза, иза жима велахь я воккха велахь, иза стаг велахь я зуда елахь.
[14] Турбанашший, маӀашший лоькхуш, чӀогӀа мохь тоьххна, Везачу Элана тешаме хиларан дуй биира цара.
[15] Массо а яхӀудхой сакъераделла бара оцу дуй баарх, хӀунда аьлча цара доггах деш дара иза. Дерриг а синца Веза Эла лоьхура цара, ткъа Цо цаьрга Ша каравойтура. Церан махкана гонах, массо а агӀор, маршо латтайойтура Везачу Эло.
[16] Ур-атталла шен ден нана МаӀха а паччахьан цӀе лелорах яьккхира Аса-паччахьо, цо Ашера-харцдалла лерина дегаза болу бӀогӀам дӀахӀотторна. И дегаза цӀу, хеда а вина, цеста а цистина, Кхидрун-тогӀи чохь вагийна дӀаваьккхира Аса-паччахьо.
[17] Исраил-махкахь сагӀа доккху гунаш цо дӀа ца даьхнехь а, ша дийна мел волчу хенахь Везачу Элана доггах тешаме вара Аса.
[18] Шен дас а, ша а Далла къобалйина йолу пхьегӀаш а, дато а, дашо а хӀуманаш а Делан цӀа чу ехкира Аса-паччахьо.
[19] Асас паччахьалла деш, ткъе пхуьйтталгӀа шо тӀекхаччалц тӀом бацара.