Skip to content
Opens in a new window

[1] ЯхӀушапти, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза царна уллохь, Даудан гӀалахь, дӀавоьллира. ЯхӀушаптин метта паччахь хилира цуьнан кӀант ЯхӀурам.

[2] ЯхӀушаптин кӀентий болу Ӏазар-ЯхӀу, Яхьиал, Закри-ЯхӀу, Ӏазар-ЯхӀу, Микаал, Шапат-ЯхӀу ЯхӀураман вежарий бара. Уьш берриш а исраилхойн паччахьан ЯхӀушаптин кӀентий бара.

[3] Дас царна даккхий совгӀаташ динера, дети а, деши а, деза тӀулгаш а луш. Иштта ЯхӀуд-махкара чӀагӀйина гӀаланаш а еллера цо царна. Ткъа паччахьалла дар цо ЯхӀураме деллера, иза шен дуьххьарлера кӀант волу дела.

[4] Шен ден метта паччахь а хилла, цу даржехь ЯхӀурам чӀагӀвелла дӀахӀоьттича, берриг а шен вежарий а, исраилхойн элех болу цхьаберш а туьраца байира цо.

[5] ЯхӀураман ткъе шийтта шо дара, иза яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттича. Цо бархӀ шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира.

[6] Иза а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош, Ахьабан цӀийнах берш ма-леллара, хӀунда аьлча Ахьабан йоӀ цуьнан зуда яра. ЯхӀурама а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора.

[7] Делахь а, Даудаца Ша бина болу барт бахьана долуш, Даудан цӀа дакъазадаккха ца лаьара Везачу Элана. Цуьнан тӀаьхьенна гуттаренна а паччахьалла дар лур ду аьлла, Даудана чӀагӀо ма йинера Везачу Эло.

[8] ЯхӀурама паччахьалла дечу хенахь Эдоман халкъ, ЯхӀудан халкъан карара кӀелхьара а долуш, цунна дуьхьалделира. Цара шайн паччахь дӀахӀоттийра.

[9] ЯхӀурам шен ерриге гӀудалкхашца а, шен тӀеман хьаькамашца а цига вахара. Иза, буьйсанна тӀе а гӀоьртина, шайна го бина болчу эдомхошна а, гӀудалкхашна тӀехь болчу церан хьаькамашна а тӀелетира.

[10] Эдоман халкъ таханлерчу денна тӀекхаччалц яхӀудхойн карара дӀадалларх иштта Ӏаш ду. Оццу заманахь Либна-гӀала а яхӀудхошна дуьхьалъяьллера, хӀунда аьлча ЯхӀурама шен дайн Дела волу Веза Эла дӀатеснера.

[11] ЯхӀудан лаьмнаш тӀехь цӀушна Ӏамал ян гунаш а хӀиттийна, Ярушалайман бахархой а, Делах дӀа а берзийтина, кхечу деланашца Ӏамал еш лелийтира ЯхӀурама. Иштта яхӀудхой а Ӏехабалийтира цо.

[12] ЯхӀураме Эли-ЯхӀу-пайхамарера кехат деара. Цу тӀехь аьлла дара: «Иштта боху хьан дайн да хиллачу Даудан Дела волчу Везачу Эло: „Хьайн ден ЯхӀушаптин а, яхӀудхойн паччахьан Асин а некъа тӀе валаран метта,

[13] ахьа, исраилхойн паччахьийн некъа тӀе а ваьлла, яхӀудхой а, ярушалаймхой а кхечу деланашца лелийтина, Ахьабан цӀийно халкъ цӀушца ма-леллийтара. Кхин а хьайн ден цӀенна тӀера хьайл гӀолехь болу хьайн вежарий а байина ахьа.

[14] И бахьана долуш Везачу Эло боккха бохам бийр бу хьан халкъана а, хьан кӀенташна а, хьан зударшна а, хьан хьолана а.

[15] Ткъа хьуна хьайна а таӀзар дийр ду, чӀогӀа цамгар а кхетийтина, хьан кийрахь мел йолу хӀума а, де дийне мел дели, и цамгар бахьана долуш дегӀах дӀа а къаьстина, охьаюжур ю“».

[16] Иштта Везачу Эло пӀелаштамхой а, хушахошна уллохь бехаш болу Ӏаьрбихой а карзахбехира, уьш ЯхӀурамна дуьхьал бахархьама.

[17] Цара, яхӀудхошна тӀе а гӀоьртина, чу а бахана, паччахьан цӀера, массо а хӀума дӀа а эцна, ЯхӀураман кӀентий а, зударий а дӀабигира. Цуьнан кӀентех жимаха волу цхьа Ахьаз-ЯхӀу воцург, кӀант ца висира ЯхӀураман.

[18] Цул тӀаьхьа ЯхӀураман кийрахь мел йолчу хӀуманна дӀа ца йоьрзу цамгар туьйхира Везачу Эло.

[19] Иштта де дийне мел дели, цамгаро эшош, кӀелвитира иза. Ткъа шолгӀа шо чекхдолуш, оцу цамгаро цуьнан кийрахь мел йолу хӀума цунах дӀакъастийра. Цу цамгаро къиза хьийза а вина, ЯхӀурам велира. Шен дайшна латош ма-хиллара, ЯхӀурамна лерина йоккха цӀе ца латийра халкъо.

[20] ЯхӀурам паччахь дӀахӀуттуш, цуьнан ткъе шийтта шо дара. Цо бархӀ шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира. Цхьа а цунах велха а ца воьлхуш, иза дӀакхелхира. Паччахьийн къуббанашкахь а ца вуллуш, Даудан гӀалахь дӀавоьллира иза.

ДӀаихначу шерашкахь хиллачух лаьцна дӀаяздина шолгӀа тептар — Chapters