[1] РахьбуӀама, Ярушалайме схьа а веана, ЯхӀудан а, Бен-Яманан а цӀийнах волу цхьа бӀе везткъа эзар тоьлла тӀемало схьагулвира. Исраилан цӀийнах болчаьрца тӀом а бина, РахьбуӀаме паччахьалла юхадерзорхьама дира цо иза.
[2] ШамӀа-ЯхӀу цӀе йолчу Делан стаге Везачу Эло элира:
[3] «Сулиман кӀант волчу яхӀудхойн паччахье а, ЯхӀуд-махкахь а, Бен-Яман-махкахь а Ӏаш болчу массо исраилхошка а дӀаала:
[4] „Иштта боху Везачу Эло: ‘Шайн вежарий болчу исраилхошца тӀом бан ма гӀолаш. ХӀорра а шен-шен цӀа юхаверза, хӀунда аьлча и хилларг дерриг а Соьгара дара’“» Везачу Эло бохучуьнга ла а доьгӀна, ЯрбаӀамца тӀом бан баханчуьра уьш юхабирзира.
[5] РахьбуӀам Ярушалаймехь вехаш вара. ЯхӀуд-махкарчу гӀаланашна чӀагӀонаш яйтира цо.
[6] Иштта Байтлахам а, ӀайтӀам а, ТакхоӀ а,
[7] Байт-Цур а, Соха а, Ӏадулам а,
[8] Гати а, Мареша а, Зип а,
[9] Адорайм а, Лахиш а, Ӏазекхи а,
[10] ЦорӀа а, Айлон а, Хьеврон а гӀаланаш чӀагӀйира РахьбуӀама. ЯхӀуд-махкахь а, Бен-Яман-махкахь а уьш чӀагӀйина гӀаланаш яра.
[11] Церан лардаран таронаш чӀагӀ а йина, царна тӀехь хьаькамаш а хӀиттийна, кхача, даьтта, чагӀар чохь латто гӀишлош нисйира РахьбуӀама.
[12] ХӀора гӀалина турсаш а, гоьмукъаш а делла, кхачам боллуш чӀагӀйира цо и гӀаланаш. РахьбуӀаман карахь дара ЯхӀудан а, Бен-Яманан а тайпанаш.
[13] Исраил-махкахь массо а маьӀӀехь мел волу динан да а, левихо а РахьбуӀам волчу схьагулвелира.
[14] Шайн дежийлаш а, долахь мел дерг а дитина, ЯхӀуд-махка а, Ярушалайме а схьабаьхкира уьш, хӀунда аьлча ЯрбаӀама а, цуьнан кӀенташа а Везачу Элана гӀуллакх деш болчуьра дӀабаьхнера уьш.
[15] СагӀа доккхучу гунаш тӀехь гӀуллакх дан а, гезарийн а, эсийн а куьцехь ша байтинчу цӀушна Ӏамал ян а шен динан дай къобалбинера ЯрбаӀама.
[16] Левихой баьхкинчул тӀаьхьа, Исраилан халкъан Веза Дела лаха шайн дегнаш тӀедерзийна болу Исраилан хӀора тайпанах болу нах Ярушалайме богӀура, шайн дайн Дела волчу Везачу Элана сагӀа даккхархьама.
[17] ЯхӀудан пачхьалкх чӀагӀ а еш, Сулиман кӀант волчу ЯрбаӀамехьа а болуш, Ӏийра уьш кхаа шарахь. ХӀунда аьлча оцу кхаа шарахь Даудан а, Сулиман а некъахула лелаш бара уьш.
[18] Шен да Даудан кӀант Еримати волу а, нана Юшайн кӀентан Элиабан йоӀ Абу-ХӀаил йолу а Махьалат шена ялийра РахьбуӀам-паччахьо.
[19] Махьалата РахьбуӀамна кӀентий бира: ЕӀуш, Шамар-ЯхӀу, ЗахӀим.
[20] Махьалатал тӀаьхьа Абушаламан йоӀ МаӀха ялийра шена РахьбуӀама. Аби-ЯхӀу, Атай, Зиза, Шалумати цӀераш йолу кӀентий бира МаӀхас РахьбуӀамна.
[21] МаӀха шен массо а зудчул а, гӀарбаш-зударел а дукхаезара РахьбуӀамна. Цуьнан берхӀитта зуда а, кхузткъа гӀарбаш-зуда а яра. Оцу зударша ткъе бархӀ кӀант а, кхузткъа йоӀ а йинера цунна.
[22] Вежаршна юкъахь коьрта эла вина, дӀахӀоттийнера РахьбуӀама МаӀхин кӀант Аби-ЯхӀу, хӀунда аьлча иза шел тӀаьхьа паччахь хӀотто дагахь вара РахьбуӀам.
[23] Хьекъале а лелаш, берриге а ЯхӀудан а, Бен-Яманан а мехкашкахула ша чӀагӀйинчу гӀаланашкахула дӀасахьажийра цо шен кӀентех цхьаберш. Царна, дуккха а хьал делла, алссам зударий балийра цо.