[1] Ярушалайм-гӀалахь Везачу Элана лерина Пасахь олу дезде даздира Юши-ЯхӀус. Хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнахь дезачу денна лерина сагӀина беанчу Ӏахарна урс хьаькхира.
[2] Юши-ЯхӀус динан дай дӀахӀиттийра шайн-шайн гӀуллакх дечу меттигашка. Церан дегнаш иракарахӀиттадора цо Везачу Элан цӀийнаца доьзна долу гӀуллакхаш дарна.
[3] Берриге а исраилхошна хьехамаш беш болчу а, Везачу Элана дӀакъастийна болчу а левихошка паччахьо элира: «Исраилхойн паччахь хиллачу Даудан кӀанта Сулима дӀахӀоттийначу Везачу Элан цӀа чохь охьахӀоттаде Делан деза тӀорказ. ХӀинца дуьйна иза дӀа а, схьа а лело дезар дац аша. ХӀинца дуьйна вайн Везачу Далла а, Цуьнан халкъ долчу Исраилан халкъана а гӀуллакх де аша.
[4] Исраилхойн паччахь хиллачу Дауда а, цуьнан кӀанта Сулима а, яз а дина, дӀахӀоттийна ма-хиллара, шайн доьзалшца а, шайн тобанашкахь а дӀахӀитта.
[5] Шайн къомах болчу гергарчийн доьзалшкара хӀорра а декъана гӀо дархьама, Делан цӀийнан кертахь левихойн доьзалех цхьацца тоба дӀахӀоттае.
[6] Пасахьана лерина беанчу Ӏахарна урс хьакха кечам бе. ЦӀандаларца шаьш даз а дайтина, Везачу Эло Мусагахула аьлларг кхочуш а деш, и Ӏахар шайн вежаршна кечбе».
[7] Цигахь хиллачу къомах болчу нахана жена юкъара ткъе итт эзар Ӏахаррий, буьхьиггий елира Юши-ЯхӀус, царах Пасахьан сагӀанаш дахархьама. Иштта кхо эзар сту а белира цо. И дерриг а дийнаташ паччахьан хьолан юкъара схьадеанера.
[8] Паччахьан баьччанаша а шайн дегнийн лаамца халкъана а, динан дайшна а, левихошна а сагӀина хӀума деара. Делан цӀенна тӀехь куьйгалла деш хиллачу Хьалкхи-ЯхӀус, Закри-ЯхӀус, Яхьиала динан дайшка Пасахьан сагӀина ши эзар ялх бӀе Ӏахар белира. Кхин а кхо бӀе сту а белира цо.
[9] Левихошна тӀехь куьйгалла деш волчу Ханан-ЯхӀус а, цуьнан вежарша ШамӀа-ЯхӀус а, Натунаила а, Хьашби-ЯхӀус а, иштта ЯӀиала а, Юзабдис а белира Пасахьан сагӀина лерина пхи эзар Ӏахар а, буьхьиг а. Иштта пхи бӀе сту а белира цара. Цара делларг левихошна лерина дара.
[10] Иштта дӀахӀоттийнера и гӀуллакх дар. Динан дай шайн гӀуллакх дан дӀахӀиттира. Левихой а, паччахьо шайна тӀедиллина ма-хиллара, шайн тобанашкахь гӀуллакх дан дӀахӀиттира.
[11] Пасахьана лерина болчу Ӏахаршна урс хьаькхира. Левихойн карара Ӏахарех даьлла цӀий, схьа а оьцуш, динан дайша церан цинцаш тухура. Ткъа левихоша тӀера цӀока схьайоккхура.
[12] Дагоран сагӀа санна даха лерина долу дийнатийн дакъош дӀакъастийра левихоша, тӀаьхьо халкъан доьзалийн тобанаша уьш, Мусан тептар тӀехь яздина ма-хиллара, Везачу Элана сагӀина дахийтархьама. Изза дира цара стерчашца а.
[13] Хьехамаша тӀедиллина ма-хиллара, Пасахьан Ӏахар цӀартӀехь беттира. Ткъа даздина долу сагӀина деанарг даккхий еш чохь, кхабанаш чохь, кедаш чохь, кхехка а деш, сихонца халкъана дӀадийкъира.
[14] Цул тӀаьхьа шайна а, динан дайшна а кечдира цара сагӀина деанарг, хӀунда аьлча АхӀаронан тӀаьхьенах болу динан дай буьйсанна тӀаьххьалц Ӏийнера дагоран сагӀанаш а дохуш, кхечу сагӀанийн мохь а ягош. Цундела шайна а, АхӀаронан тӀаьхьенах болчу динан дайшна а кечъеш яра левихоша юург.
[15] Дауда а, Асайпа а, ХӀаймана а, Дауд-паччахьна лерина Делера дерг гуш волчу Ядутун-пайхамаро а шайна тӀедиллина ма-хиллара, Асайпан тӀаьхьенах болу зурманчаш шайн гӀуллакх дан билгалъяьхначу меттигашка дӀахӀиттийра. Иштта хӀора кевнан гӀаролхо а вара шен-шен меттехь лаьтташ. Церан вежарий болчу левихоша кечйора царна оьшург, цундела уьш шаьш гӀуллакх деш болчуьра меттахбовла оьшуш дацара.
[16] Иштта дӀахӀоттийнера цу дийнахь Везачу Элана лерина гӀуллакх дар. Иза дӀахӀоттийнера, Юши-ЯхӀу-паччахьо тӀедиллина ма-хиллара, Пасахьан сагӀа даккхар кхочушдархьама а, Везачу Элана лерина болчу кхерчана тӀехь дийнаташ дагоран сагӀа даккхархьама а.
[17] Цу хенахь цигахь болчу исраилхоша Пасахьан дезде а даздира, ткъа цул тӀаьхьа ворхӀ дийнахь совсазчу баьпкан деза денош даздира цара.
[18] Шамъал-пайхамар ваьхначу заманахь дуьйна схьа цу тайпана Пасахьан дезде даздина дацара. Юши-ЯхӀус а, динан дайша а, левихоша а, цигахь хиллачу яхӀудхоша а, исраилхоша а, Ярушалайман бахархоша а даздинчу тайпана, Пасахьан дезде исраилхойн паччахьех цхьаммо а даздина дацара.
[19] Юши-ЯхӀус паччахьалла деш долу берхӀитталгӀа шо долуш даздинера и де.
[20] Цул тӀаьхьа, Юши-ЯхӀус Делан цӀийнаца долу низам дӀахӀоттийначул тӀаьхьа, мисархойн паччахь Наху Эпрат-хин йистерачу КӀаркамиш-гӀалина уллохь тӀом бан вахара. Ткъа Юши-ЯхӀу цунна дуьхьал тӀом бан аравелира.
[21] Нахус Юши-ЯхӀуна тӀе геланчаш бахийтира цуьнга иштта дӀаала аьлла: «Суна а, хьуна а хӀун ду иза, яхӀудхойн паччахь? ХӀинца со хьуна дуьхьал тӀом бан вогӀуш вац, ткъа соьца тӀом латтош йолчу пачхьалкхе вогӀуш ву. Дала, сихо е аьлла, тӀедиллина суна. Соьца волчу Далла дуьхьало ма е, хьо Цуьнга ца вейтархьама».
[22] Амма Юши-ЯхӀус, иза волчуьра дӀаваха дагахь а воцуш, шен духарш хийцарца ша мила ву къайладаьккхира, цунна дуьхьал тӀом бархьама. Делан омрица Нахус аьллачу дешнашка ла а ца дугӀуш, Юши-ЯхӀу МагӀидда олучу аренга веара тӀом бан дагахь.
[23] Мисархоша Юши-ЯхӀу-паччахьна тӀе пхерчий кхиссира. ТӀаккха Паччахьо шен хьаькамашка элира: «ДӀавигалаш со кхузара, хӀунда аьлча суна чӀогӀа чов хилла».
[24] ГӀудалкх чуьра схьа а ваьккхина, цуьнан долахь йолчу кхечу гӀудалкхана чу виллира цара Юши-ЯхӀу. Иза Ярушалайме дӀавигира. Цигахь Юши-ЯхӀу велира, иза шен дайн къуббанашкахь дӀавоьллира. ЯхӀуд-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а дерриг а халкъо белхар хӀоттийнера Юши-ЯхӀуна.
[25] Ярми-ЯхӀу-пайхамаро тийжамаш дӀаязбира Юши-ЯхӀуна лерина. Назманаш олучу наха а, зударша а тахханалц а долчу шайн тийжарийн назманашкахь Юши-ЯхӀух лаьцна олу. И назманаш Исраил-махкахь ламасташ юкъа дахийтира. Уьш Тийжамийн тептарна юкъа яхийтина ю.
[26] Юши-ЯхӀус динчу кхидолчу хӀуманех лаьцна – Везачу Элан товрат-хьехамаш кхочушдарна тешаме хиларца доьзна цо динчу гӀуллакхех лаьцна,
[27] дуьххьарлерчу гӀуллакхна тӀера тӀаьхьарчунна тӀекхаччалц – яздина ду ЯхӀудхойн а, исраилхойн а паччахьийн тептар тӀехь.