[1] Маннашан шийтта шо хилла, иза паччахь дӀахӀоьттича. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо шовзткъе пхийтта шарахь паччахьалла дира.
[2] Везачу Эло исраилхошна хьалхара дӀалелхийначу къаьмнаша лелийна мел долу дегаза гӀуллакхаш а лелош, Везачу Элана зуламе хеташ дерг леладора Маннаша.
[3] Шен дас Хьузакх-ЯхӀус дохийна дӀадаьхна долу сагӀа доккху гунаш юхаметтахӀиттийра цо. Иштта БаӀал-харцделанашна сагӀа доккху меттигаш кечйора, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а хӀиттадора цо. Стигалшкахь мел болчу ницкъашна, суждане а оьхуш, Ӏибадат дора цо.
[4] Везачу Элан цӀа чохь а цӀушна сагӀа доккху кхерчаш дӀахӀиттийра Маннаша, оцу цӀийнах лаьцна «Ярушалайм-гӀалахь Сайн цӀе абаденна язъяйта лаьа Суна», – аьлла доллушехь Везачу Эло.
[5] Везачу Элан цӀийнан шинна а кертахь стигалшкахь мел болчу ницкъашна сагӀа доккху кхерчаш дӀахӀиттийра цо.
[6] Маннаша шен кӀентий Бен-ХӀинам-тогӀи чохь цӀерах чекхбохуьйтура. Иштта бозбунчаллаш а леладора, пал а туьйсура, беллачийн синош тӀедоьхуш болчарах а, жинашца тайначарах а дагаволура. Цу тайпана, Веза Эла оьгӀаз а вохуьйтуш, Цунна зуламе хеташ долу дуккха а гӀуллакхаш леладора цо.
[7] Ша харцдалла лерина дина сурт схьа а эцна, иза Делан цӀа чохь дӀахӀоттийра Маннаша, цунах лаьцна Везачу Эло Дауде а, цуьнан кӀанте Сулиме а иштта аьлла доллушехь: «Ярушалайм-гӀалахь – исраилхойн шийтта тайпанийн латтанашна юкъара Айса хаьржина йолчу меттигехь – хӀокху Сайн цӀа чохь Сайн цӀе язъяйта лаьа Суна гуттаренна а»
[8] Нагахь санна Аса шайна тӀе мел диллинарг – Мусагахула Айса царна белла берриг а товрат-хьехам, парзаш а, тӀедехкинарш а – цара леррина кхочушдахь, Айса церан дайшна деллачу лаьтта тӀера исраилхойн когаш кхин цкъа а арабохуьйтур бац Аса.
[9] Амма ЯхӀудан халкъ а, Ярушалайман бахархой а харц некъа тӀе бехира Маннаша: Везачу Эло, исраилхошна уллора дӀа а даьхна, хӀаллакдинчу кхечу къаьмнаша лелийначул а сов зуламе дерг леладора цара.
[10] Везачу Эло дӀаолура Маннаше а, цуьнан халкъе а, амма цара ла ца дугӀура.
[11] ТӀаккха Везачу Эло ашурхойн паччахьан тӀеман коьрта хьаькамаш бахийтира Маннашана тӀе. Цара, иза дӀа а лаьцна, мерӀуьргех чӀуг чекх а яьккхина, йоьзан буржалш а дихкина, Бавел-махка дӀавигира.
[12] Ша гаттавелла хьаьвзича, шен дайн Далла хьалха ша даггара лах а веш, Маннаша шен Везачу Деле шеца дика хилар доьхура.
[13] Маннаша Везачу Эле доӀа дича, Цо, дӀа а хезна, Маннашан доӀа тӀеийцира. Дала, иза Ярушалайме юха а верзийна, шен паччахьалла дан дӀахӀоттийра. ТӀаккха кхийтира Маннаш Веза Эла – Дела хиларх.
[14] Цул тӀаьхьа Маннаша Даудан гӀалин арахула болу пен юхаметтахӀоттийра. Гихьон-хина малхбузехьа долчу Ӏинан тӀехула ЧӀерийн ков олучу меттехула а, Ӏупал-гӀалин гонах, леккха хьала а боккхуш, юхаметтахӀоттийра цо гӀалин пен. ЯхӀуд-махкарчу чӀагӀйинчу массо а гӀаланашкахь тӀеман коьрта хьаькамаш дӀахӀиттийра цо.
[15] Хийрачу мехкашкара деланаш а, Везачу Элан цӀа чу дӀахӀоттийна цӀу а дӀаваьккхира Маннаша. Иштта Ярушалаймехь а, Везачу Элан цӀа тӀехь лаьттачу ломахь а ша дӀахӀиттийна сагӀа доху кхерчаш дохийна, гӀалин арахьа дӀакхиссира цо.
[16] Везачу Элана лерина сагӀа доккху кхерч ша хиллачу метте дӀа а хӀоттийна, цу тӀехь бертан а, баркаллин а сагӀанаш дехира Маннаша. ЯхӀудхошна цо тӀедиллира, Исраилан Везачу Далла Ӏамал е аьлла.
[17] Халкъо кхидӀа а сагӀа доккхучу гунаш тӀехь сагӀанаш даьхнехь а, и сагӀанаш шайн Везачу Далла лерина бен дацара.
[18] Маннашан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – шен Деле цо динчу доӀанах а, Исраилан Везачу Делан цӀарах хиндерг гуш болчара Маннаше аьллачу дешнех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.
[19] Маннаша динчу доӀанах а, Далла иза дӀахазарх а, Далла хьалха ша лахвале цунах мел даьллачу къинойх лаьцна – иза Далла тешаме цахиларх а, цо сагӀа доккху гунаш дарх а, цо Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш дӀахӀиттадарх а, цо бинчу цӀуйх а лаьцна – яздина ду Делера дерг гуш болчу пайхамарийн тептар тӀехь.
[20] Маннаш, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза шен паччахьан цӀахь дӀавоьллира. Маннашан метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Амин.
[21] Аминан ткъе ши шо дара, иза паччахь хилла дӀахӀоьттича. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо шина шарахь паччахьалла дира.
[22] Шен дас Маннаша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора Амина а. Шен дас Маннаша мел дӀахӀиттийначу цӀушна сагӀанаш а дохура, Ӏамал а йора Амина.
[23] Амма шен дас Маннаша ма-дарра, ша Везачу Элана хьалха лах ца вира цо. Мелхо а, шен къинош совдехира цо.
[24] Ӏамминан хьаькамаша, ямартлонца цунна дуьхьал барт а бина, шен паччахьан цӀахь иза вийра.
[25] Амма цу махкарчу халкъо Амин-паччахьна дуьхьалбевлла хилларш берриш а хӀаллакбира. Цара Аминан метта цуьнан кӀант Юши-ЯхӀу, паччахь а вина, дӀахӀоттийра.