[1] Йовтаман ткъе пхи шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Йовтама ялхитта шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. Цуьнан ненан цӀе Яруша яра, иза ЦӀадукъин йоӀ яра.
[2] Шен дас Ӏузи-ЯхӀус санна, Йовтама Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора. Амма Везачу Элан цӀа чу ца волура иза. Ткъа халкъо кхидӀа а къинош летадора.
[3] Везачу Элан цӀийнан кертара Лакхара ков юхаметтахӀоттийнарг Йовтам вара. Иштта Ӏупал-гу болчу пенна тӀехь а дуккха а кхиболу чӀагӀдаран белхаш байтира цо.
[4] ЯхӀуд-махкарчу лам тӀехь гӀаланаш а, хьаннашкахь гӀепаш а, бӀаьвнаш а дӀахӀиттаяйтира Йовтама.
[5] Ӏамминхойн паччахьца тӀом а бина, уьш эшийра цо. Цу шарахь йолана ши бӀе пунт дети а, шовзткъе итт эзар гали кӀа а, шовзткъе итт эзар гали мукх а белира Ӏамминхоша Йовтамна. Изза дора Ӏамминхоша шолгӀачу а, кхозлагӀчу а шерашкахь а.
[6] Йовтаман иштта ницкъ бара, цо шен Везачу Далла хьалха нийса некъаш лелош хилла дела.
[7] Йовтаман кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел бинчу тӀамах а, цуьнан леларх а лаьцна – яздина ду Исраилхойн а, яхӀудхойн а паччахьийн тептар тӀехь.
[8] Йовтаман ткъе пхи шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Цо ялхитта шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь.
[9] ТӀаккха Йовтам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Даудан гӀалахь дӀавоьллира иза. Йовтаман метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Ахьаз.