Skip to content
Opens in a new window

[1] Асас паччахьалла до ткъе ялхитталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь БаӀша ЯхӀуд-махкана тӀелетира. Цо Рама-гӀала чӀагӀйира, цхьа а Аса-паччахьан лаьтта тӀера ара а, я цу тӀе а ца валийтархьама.

[2] Везачу Элан а, паччахьан а цӀенойн хазнаш чуьра дети а, деши а, схьа а эцна, Дамасакхехь Ӏаш волчу Арам-мехкан паччахьна Бен-Хьадидана дахьийтира Аса-паччахьо. Цо Бен-Хьадиде бохура:

[3] «Барт хуьлийла суна а, хьуна а юкъахь, сан дена а, хьан дена а юкъахь ма-хиллара. Аса хьуна дети а, деши а доуьйту. Ахьа хьайна а, исраилхойн паччахь волчу БаӀшина а юкъахь болу барт бохабе, иза суна тӀегӀоьртина волчуьра дӀавалийтархьама».

[4] Аса-паччахьо бохучуьнга ладуьйгӀира Бен-Хьадида. Цо шен тӀеман хьаькамаш бахийтира Исраил-мехкан гӀаланашна тӀелата. Цара толам баьккхира Ӏаюн а, Дан а, Абал-Майм а гӀаланашна а, Наптал-махкарчу тӀаьхьалонна кечдина долу сурсаташ чохь латтош йолу ерриг гӀаланашна а тӀехь.

[5] И дерриг а шена хезча, Рама-гӀала чӀагӀъяр саца а дина, шен болх битира БаӀша-паччахьо.

[6] Ткъа Аса-паччахьо массо а яхӀудхой схьагулбира. БаӀшас Рама-гӀала чӀагӀъеш лелош болу тӀулг а, дечиг а цигара арадаьккхира. Цаьрца Бен-Яманан ГибаӀ-гӀала а, МицӀпа-гӀала а чӀагӀйира Аса-паччахьо.

[7] Цу хенахь яхӀудхойн паччахьна Асина тӀе Делера дерг гуш волу Хьанани веара. Цо Асе элира: «Хьайн Везачу Далла тӀетовжар а доцуш, хьо арамхойн паччахьна тӀетевжина дела, хьан карара дӀадели арамхойн паччахьан эскар.

[8] Хушахой а, ливахой а хьан болчул сов ницкъ а, вуно дукха гӀудалкхаш а, дошлой а болуш бацара ткъа? Амма хьо Везачу Элана тӀетевжаш хилла дела, Цо уьш хьан карабеллера.

[9] ХӀунда аьлча Везачу Элан бӀаьргаша дерриге а латта дӀалоцу, Шех дог тешна Ӏаш болчарна гӀо дархьама. Ахьа ойла ца еш хӀума дина хӀинца. И бахьана долуш хӀинца дуьйна тӀемаш бан дезар ду хьан».

[10] Асас, аьллачунна эргӀа а ваьлла, Делера дерг гуш волчунна оьгӀаз а вахана, иза набахти чу воьллира. Иштта халкъана юкъара цхьацца болчу нахана ницкъ бора цо цу хенахь.

[11] Аса-паччахьо динчу гӀуллакхех лаьцна, дуьххьарлерчунна тӀера тӀаьххьарчунна тӀекхаччалц, яздина ду яхӀудхойн а, исраилхойн а паччахьийн тептар тӀехь.

[12] Асас паччахьалла до ткъе ткъайоьсналгӀа шо долуш, цуьнан когех цамгар кхийтира. И цамгар чӀогӀа кхетта йоллушехь, Везачу Элана тӀе а ца воьрзуш, лоьрашкара шена гӀо дар лийхира Аса-паччахьо.

[13] ТӀаккха ша паччахьалла до шовзткъе цхьалгӀа шо долуш, Аса-паччахь, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира.

[14] Даудан гӀалахь йолчу шена кечйинчу къубби чохь дӀавоьллира Аса. Хаза хьожа йогӀучу хӀуманех а, тайп-тайпана хьакхарех а буьзначу барамна тӀе диллинера цуьнан дакъа. Асина лерина вуно йоккха цӀе латийра.

ДӀаихначу шерашкахь хиллачух лаьцна дӀаяздина шолгӀа тептар — Chapters