[1] РахьбуӀам Шехем-гӀала дӀавахара, хӀунда аьлча берриге а исраилхой цига дӀабаханера, иза паччахь дӀахӀотторхьама.
[2] Сулим-паччахьах ведда ваххарх Мисар-махкахь Ӏаш волу НабатӀан кӀант ЯрбаӀам, иза дӀахезча, цигара цӀа вирзира.
[3] Цара, ЯрбаӀамна тӀе нах а бахийтина, цуьнга шен махка юхаверзар дийхира. ТӀаккха ЯрбаӀам а, дерриге а Исраилан халкъ а РахьбуӀам волчу дӀадахча, халкъо цуьнга элира:
[4] «Хьан дас тхан коча деза дукъ диллира. Цо тхоьга дайтина къиза гӀуллакхаш а, тхан коча диллина деза дукъ а ахь хӀинца дайдехьа. ТӀаккха оха хьуна хьалхара гӀуллакх дийр дара».
[5] РахьбуӀама цаьрга элира: «Кхо де дӀадаьлча, юхадуьйла суна тӀе». Халкъ дӀадахара.
[6] РахьбуӀам-паччахь къанойх дагавелира. Оцу къаноша цуьнан дена Сулимана хьехамчаша санна гӀуллакх дора иза дийна волчу хенахь. РахьбуӀама хаьттира цаьрга: «Аса оцу халкъе хӀун аьлча бакъахь хета шуна?» – аьлла.
[7] Къаноша цуьнга жоп делира: «Нагахь санна хьо кху халкъаца дика а хилла, ахь царна там бахь, цу халкъаца ахьа эсала къамел а дахь, уьш массо а хенахь хьуна ялхой хилла лелар бу».
[8] Амма шега къаноша бина хьехам РахьбуӀама дӀатеттира. Шеца кхиъна болчу а, шена гӀуллакх деш болчу а кегийрхойх дагавелира иза.
[9] Цо кегийрхошка хаьттира: «Аса хӀун жоп дала деза аьлла хета шуна оцу нахе? Цара соьга боху: „Хьан дас тхан коча диллина деза дукъ дайдехьа“»
[10] РахьбуӀамца цхьаьна кхиъначу кегийрхоша элира: «Хьан дас шайн коча тӀедиллина деза дукъ дайдар доьхучу оцу халкъе ахьа иштта ала: „Сан цӀазапӀелг сан ден гӀодаюкъал а стомма бу.
[11] Сан дас шун коча деза дукъ диллинера, ткъа аса и дукъ кхин а даздийр ду. Сан дас шед еттарца таӀзар дора шуна, ткъа аса, сту лоцучу гезго къовзош санна хетадолуьйтуш, таӀзар дийр ду шуна“».
[12] Паччахьо шайга аьлла ма-хиллара, ЯрбаӀам а, дерриг халкъ а кхозлагӀчу дийнахь РахьбуӀамна тӀедеара.
[13] Паччахьо халкъе дера жоп делира. Къаноша шена дина хьехар дӀа а теттина,
[14] кегийрхоша шена динчу хьехаре хьаьжжина, РахьбуӀама халкъе элира: «Сан дас шун коча деза дукъ диллинера, ткъа аса и дукъ кхин а даздийр ду. Сан дас шед еттарца таӀзар дора шуна, ткъа аса, сту лоцучу гезго къовзош санна хетадолуьйтуш, таӀзар дийр ду шуна».
[15] Иштта паччахьо ла ца дуьйгӀира халкъо шега бохучуьнга, хӀунда аьлча иза Дала нисдинера, Ша НабатӀан кӀанте ЯрбаӀаме шилунхо волчу АхьъяхӀугахула аьлларг кхочушхилийтархьама.
[16] Массо а исраилхоша, паччахьо шайга ла ца догӀар шайна гича, паччахье элира: «Вай Даудан цӀийнах схьадевлла ма дац! Юшайн кӀентан цӀийнаца доьзна ма дац вай! Цундела шайн-шайн цӀа дерза шу, исраилхой. Даудан кӀанта ша дойла шен цӀентӀехь олалла!» Иштта исраилхой шайн-шайн цӀа дӀасабахара.
[17] Ткъа РахьбуӀама ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь Ӏаш болчу исраилхошна тӀехь паччахьалла дира.
[18] Цо белхалошна тӀехь хьаькам волу Адунурам вахийтира халкъана тӀе, амма исраилхоша иза, тӀе тӀулгаш а кхиссина, вийра. Ткъа паччахь волу РахьбуӀам сихха гӀудалкха чу хиира, Ярушалайме дӀавадархьама.
[19] Иштта тахханалц а Даудан цӀенна дуьхьалбевлла Ӏаш бу исраилхой.