Skip to content
Opens in a new window

[1] Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀа а, шен паччахьан цӀа а дечу юкъана ткъа шо дӀаделира.

[2] Цул тӀаьхьа шена Хьирама елла гӀаланаш а юхаметтахӀиттийра цо. Царна чохь исраилхой баха охьаховшийра Сулима.

[3] ТӀаккха, Хьамат-Цоба а вахана, иза дӀалецира цо.

[4] Иштта яьссачу аренгахь йолу Тадмар-гӀала а, тӀаьхьалонна кечдина сурсаташ чохь латто гӀаланаш а дӀахӀиттийра Сулима Хьамат-махкахь.

[5] Лакхара Байт-Хьорон, Лахара Байт-Хьорон цӀе йолу чӀагӀйина гӀаланаш дӀахӀиттийра Сулима, гонах пенаш а, дӀакъовлуш долу кевнаш а деш.

[6] Иштта, юхаметтахӀоттийра цо БаӀалт-гӀала а, шен долахь йолу тӀаьхьалонна кечдина сурсаташ чохь латтош йолу ерриг гӀаланаш а, говраш южу гӀудалкхаш латтош йолу гӀаланаш а, дошлойн говраш чохь латтош йолу гӀаланаш а. Ерриг Ярушалайм-гӀалахь а, Ливанун-махкахь а, шен долахь мел долчу лаьтта тӀехь шена ян лиъна йолу массо а хӀума йина дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо.

[7] Исраилан халкъ доцург, кхин адамаш а дара цигахь. Уьш дара хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а,

[8] тӀаьхьенех дисина адамаш, исраилхоша хӀаллак ца деш дитина долу. Царах Сулим-паччахьо белхаш беш болу леш бинера. Уьш тахханалц леш бу.

[9] Ткъа исраилхойх Сулим-паччахьо леш ца бора, цаьрга шен белхаш байтархьама. Уьш я паччахьан тӀемалой, я тӀеман хьаькамаш, я тӀеман коьрта хьаькамаш, я гӀудалкхийн а, дошлойн а эскарш карахь долуш болу баьччанаш бара.

[10] Сулим-паччахьна белхаш беш болчарна тӀехь урхалла дан дӀахӀоттийна ши бӀе шовзткъе итт стаг хилла.

[11] Ткъа пирӀунан йоӀ, Даудан гӀалара дӀа а яьккхина, цунна ша динчу цӀа чу яьккхира Сулима. ХӀунда аьлча Сулима бохура: «Исраилхойн паччахьан Даудан цӀа чохь сан зудчун соьца Ӏан йиш яц, Везачу Элан тӀорказ чу диллина мел хилла йолу меттиг язйина йолу дела».

[12] Везачу Элан цӀенна хьалха сагӀа даккха ша дӀахӀоттийначу кхерчана тӀехь дийнаташ дагоран сагӀанаш дохура Сулима.

[13] Сулима дийнаташ дагоран сагӀанаш дохура, Муса-пайхамаран хьехамаша ма-бохху, шоьтан деношна а, бутт болалуш долчу деношна а, шеран кхаа дезачу денна а: совсазчу баьпкан дезачу денна а, ШавуӀот цӀе йолчу ялта чудерзоран дезачу денна а, кхалорийн дезачу денна а.

[14] Шен дас Дауда тӀе-ма-диллара, Сулим-паччахьо динан дай дӀахӀиттийнера шен-шен рогӀехь гӀуллакх дан. Иштта левихой а дӀахӀиттийнера цо, хастамаш барна тӀехь куьйгалла дан а, хӀора дийнан хьаште хьаьжжина, динан дайшна гӀо дан а. ХӀора кевнехь дӀахӀиттийна гӀаролхой хилла, шен-шен рожехь гӀарол деш. И весет динера Делан стаг волчу Дауда.

[15] Динан дайх а, левихойх а лаьцна паччахьо тӀедиллинчу цхьанна а хӀуманна тӀехь а, хазнашна дола дарна тӀехь а дерриг а, ма-бохху, кхочушдора цара.

[16] Сулим-паччахьан берриге а белхаш – Везачу Элан цӀийнан бух боьттичхьана дуьйна иза дина чекхдаллалц – кхочушхилира. Иштта дина чекхдаьккхира Везачу Элан цӀа.

[17] ТӀаккха Ӏецйон-ГӀебаррий, Элаттий гӀаланашка вахара Сулим. И гӀаланаш хӀордан йистерачу эдомхойн махкахь яра.

[18] Шен ялхошкахула хӀордкеманаш а, хӀордах лаьцна дерг дика хууш болу кемалелорхой а хьажийра Хьирама цига. Цара, Сулиман ялхошца цхьаьна Апар-махка а бахана, исс бӀе пунт деши а даьккхина, иза Сулим-паччахь волчу схьадеара.

ДӀаихначу шерашкахь хиллачух лаьцна дӀаяздина шолгӀа тептар — Chapters