Skip to content
Opens in a new window

[1] Ярушалайман бахархоша ЯхӀураман жимаха волу кӀант Ахьаз-ЯхӀу цуьнан метта паччахь дӀахӀоттийра. ХӀунда аьлча, уьш бехачу метте Ӏаьрбихойн ардангаш а яьхкина, Ахьаз-ЯхӀул воккхах волу массо а ваша вийнера. Иштта, яхӀудхойн паччахьан ЯхӀураман кӀант Ахьаз-ЯхӀу паччахьалла дан волавелира.

[2] Ахьаз-ЯхӀу паччахь хӀоьттинчу хенахь, цуьнан ткъе ши шо дара. Цо цхьана шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цӀе Ӏатал-ЯхӀу яра. Иза исраилхойн Ӏумари-паччахьан кӀентан йоӀ яра.

[3] Ахьаз-ЯхӀу а Ахьабан цӀийнах болчийн некъа тӀе велира, хӀунда аьлча цуьнан нанас харцахьара гӀуллакхаш дарна хьехарш дора цунна.

[4] Везачу Элан лаамехь доцу гӀуллакхаш леладора Ахьаз-ЯхӀус а, Ахьабан цӀийнах болчара лела ма-дарра, хӀунда аьлча, Ахьаз-ЯхӀун да дӀаваьлчхьана дуьйна, цуьнан хьехамчий хилира царах. Оцу бахьаненна цунна бохам хилла.

[5] Иштта, церан хьехаршка ла а доьгӀна, исраилхойн паччахь волчу Ахьабан кӀантаца Йорамца арамхойн паччахьна Хьазиална дуьхьал тӀом бан вахара Ахьаз-ЯхӀу. Иза ГалӀадерчу Рамат-гӀалахь дара. Арамхоша Йорамна чов йира.

[6] Иза тӀамера юхавирзира, Рамат-гӀалахь арамхойн паччахьца Хьазиалца тӀом бечу хенахь, шена арамхоша йинчу чевнашна ИзраӀал-гӀалахь дарбанаш леладайтархьама. Ткъа яхӀудхойн паччахь волу ЯхӀураман кӀант Ахьаз-ЯхӀу а веанера ИзраӀал-гӀала, цомгуш волу Ахьабан кӀант Йорам муьлхачу хьолехь ву хьажархьама.

[7] Йорам волчу вар Ахьаз-ЯхӀуна Делера болчу бохамца дирзира. Ша схьавеача, иза Йорамаца цхьаьна Везачу Эло Ахьабан цӀа хӀаллакдан къобалвинчу Нимшайн кӀантана ЯхӀуна дуьхьалвелира.

[8] Ша Ахьабан цӀенна кхел ечу хенахь ЯхӀуна яхӀудхойн элий а, Ахьаз-ЯхӀун вежарийн бераш а карийра цигахь. Уьш Ахьаз-ЯхӀуна хьалхара гӀуллакхаш деш бара. ЯхӀус уьш байира.

[9] ЯхӀус Ахьаз-ЯхӀу схьалахар тӀедиллира. Цара Шамран-гӀалахь къайлаваьлла лелаш волу Ахьаз-ЯхӀу, схьа а лаьцна, ЯхӀуна тӀе а валийна, вийра. Цара Ахьаз-ЯхӀу, дӀа а воьллина, дӀаверзийра, хӀунда аьлча цунах лаьцна бохура: «Иза шен дерриге а доггах Веза Эла лехначу ЯхӀушаптин кӀентан кӀант ма вара». Ткъа яхӀудхошна тӀехь паччахьалла далур долуш Ахьаз-ЯхӀун цӀийнах цхьа а стаг ца виснера.

[10] Шен кӀант велла аьлла шена хезча, Ахьаз-ЯхӀун нанас Ӏатал-ЯхӀус сацам бира, ЯхӀудан цӀийнан паччахьан тӀаьхьенах верг массо а хӀаллакван.

[11] Амма ЯхӀурам-паччахьан йоӀа ЯхӀу-ШебаӀата Ахьаз-ЯхӀун кӀант Юаш, паччахьан байа дезачу кӀенташна юкъара схьа а эцна, дӀавигира. И кӀант а, иза вакхош йолу зуда а дӀавуьжучу цӀа чу дигира цо. Цу тайпана динан ден ЯхӀу-ЯдаӀан зуда а, ЯхӀурам-паччахьан йоӀ а йолу, Ахьаз-ЯхӀун йиша а йолчу ЯхӀу-ШебаӀа Ӏатал-ЯхӀух къайлаваьккхира Юаш. Цундела цо иза ца вийра.

[12] Ялх шарахь, Ӏатал-ЯхӀус цу махкахь паччахьалла деш йолчу хенахь, оцу нахаца цхьаьна Делан цӀийнан кертахь къайлаваьккхина латтийра иза.

ДӀаихначу шерашкахь хиллачух лаьцна дӀаяздина шолгӀа тептар — Chapters